|
| 1 |
|
| ХӀара ду Нохьин кӀентийн Шимин а, Хьамин а, Япатан а тӀаьхьенах хилларг. Лаьттахь хи тӀедалар хиллачул тӀаьхьа церан иштта тӀаьхье хилира. |
|
| 2 |
|
| Япатан кӀентий бара: Гомар, МагӀогӀ, Мадай, Яван, Тубал, Машах, Тирас. |
|
| 3 |
|
| Гомаран кӀентий бара: Ашкиназ, РипӀат, ТогӀарма. |
|
| 4 |
|
| Яванан кӀентий бара: Элша, Таршаш, Хитам, Доданам. |
|
| 5 |
|
| ГӀайренаш тӀехь баха охьахевшинарш массо а Япатан кӀентийн тӀаьхьенах бара. ХӀора кӀентан а шен долахь латта а дара. ХӀора доьзал а алсамболуш, тайп-тайпана къаьмнаш кхолладелира, шен-шен буьйцу мотт а болуш, дӀахӀиттира уьш. |
|
| 6 |
|
| Хьамин кӀентий бара Хуша, Мисар, ПӀатӀа, КанаӀан. |
|
| 7 |
|
| Хушин кӀентий бара Себа, Хьавил, СабтӀа, РуӀман, Сабтехьа. РуӀманан кӀентий бара Шеба а, Даддан а. |
|
| 8 |
|
| Ткъа Хушин вара Намрад цӀе йолуш кӀант, иза чӀогӀа ницкъ болуш кӀант а вара. |
|
| 9 |
|
| Иза Везачу Элана гергахь воккха таллархо вара, цундела цуьнца дустуш адамашна олуш ду: «Иза, Намрад санна, Везачу Элана гергахь воккха таллархо ву». |
|
| 10 |
|
| Намрад-пачхьалкхана юкъайогӀуш хилла юьхьенца Бавел, Эрахь, Аккад. Уьш ерриш ШанӀар-аренна тӀехь яра. |
|
| 11 |
|
| Иштта цу махкара ваьлла Ашур. Цо хӀиттийна Нунав-гӀала а, Рехьабат-гӀала а, Калахь а, |
|
| 12 |
|
| Расан а цӀераш йолу гӀаланаш а. Нунав-гӀалина а, йоккха йолчу Калахь-гӀалина а юккъехь яра Расан-гӀала. |
|
| 13 |
|
| Мисарх бевлла лудамхой, Ӏанамхой, лахӀабхой, наптухьхой, |
|
| 14 |
|
| патӀрусхой, шех пӀелаштамхой схьабевлла волу каслахӀамхой, каптӀархой. |
|
| 15 |
|
| КанаӀанан кӀентий хӀорш бара: дуьххьарлера доьзалхо волу ЦӀадан, цул тӀаьхьа хилла волу Хьета. |
|
| 16 |
|
| Иштта КанаӀанах схьабевлла: явсайхой, эмархой, гӀиргӀашахой, |
|
| 17 |
|
| хьаьвихой, Ӏаьркхахой, синахой, |
|
| 18 |
|
| арвадихой, цӀемархой, хьаматхой. Цул тӀаьхьа КанаӀанан тӀаьхье дӀасаяьржира. |
|
| 19 |
|
| КанаӀанхойн мохк баьржина бара къилбаседехьа йолчу ЦӀадан-гӀалара дуьйна къилбехьа йолчу ГӀарар-гӀала тӀекхаччалц, ткъа кхузара малхбалехьара Ӏази-гӀалара дуьйна малхбузера Седам а, Ӏамор а гӀаланашна тӀекхаччалц, иштта Удам а, ЦӀабайма а гӀаланашкара дуьйна ЛашаӀ-гӀала тӀекхаччалц. |
|
| 20 |
|
| Иштта яра Хьамин тӀаьхье шайн доьзалшца а, буьйцучу меттанашца а, бехачу мехкашца а, къаьмнийн декъадаларца а. |
|
| 21 |
|
| Шима Япатан воккхаха волу ваша вара. Шимин тӀаьхьенах цхьаъ вара Ӏебар. Иза дерриге а Ӏебархойн тайпа долийнарг вара. |
|
| 22 |
|
| Шимин кӀентий бара Ӏейлам, Ашур, Арпахшад, Луда, Арам. |
|
| 23 |
|
| Араман кӀентий ӀуцӀа, Хьула, ГӀетӀар, Маша а бара. |
|
| 24 |
|
| Арпахшадан кӀант вара Селахь, ткъа Селахьан кӀант вара Ӏебар. |
|
| 25 |
|
| Ӏебаран ши кӀант вара: цхьана кӀентан цӀе ПалагӀ яра, хӀунда аьлча иза вехачу хенахь лаьтта тӀехь адам декъадалар а, дӀасадаржар а хилла. ПалагӀан вешин цӀе Якхтан яра. |
|
| 26 |
|
| Якхтанан а хилира кӀентий: Алмадад, ШалапӀ, Хьацармават, Ярахь, |
|
| 27 |
|
| ХӀайдарам, Узал, Дикхалла, |
|
| 28 |
|
| Ӏобал, Абумаил, Шеба, |
|
| 29 |
|
| Апар, Хьавил, Ябаб. Уьш берриш Якхтанан кӀентий бара. |
|
| 30 |
|
| Церан Ӏар дара Мешаъ-махкана а, малхбалехь долчу лаьмнашна а юккъехь долчу лаьтта тӀехь. Ткъа Мешаъ-мохк Сепар-мехкан лаьмнашца бозалуш бара. |
|
| 31 |
|
| Иштта яра Шимин тӀаьхье шайн доьзалшца а, буьйцучу меттанашца а, бехачу мехкашца а, къаьмнийн декъадаларца а. |
|
| 32 |
|
| Иштта яра Нохьин кӀентийн доьзалийн тӀаьхье шен тайп-тайпанана къаьмнашна декъадаларца. Царех даьлла массо а лаьтта тӀехь дӀасадаьржина къаьмнаш, Дала дерриге а латта хьулдеш даийтинчу хил тӀаьхьа кхолладелла долу. |
|
|
|
|