|
| 1 |
|
| Шен зуда а, берриг а бахам а эцна, Мисар-махкара НегӀаб цӀе йолчу яьссачу арахула дӀавахара Ибрам. Цуьнца цхьаьна ЛутӀа а вара. |
|
| 2 |
|
| Ибрам цу хенахь чӀогӀа хьал долуш вара, цуьнан дуккха а даьхни а, дети а, деши а дара. |
|
| 3 |
|
| КхидӀа а шен некъ беш, НегӀаб-арара дӀа а вахана, Бетал-гӀала веара иза. Бетал-гӀалина а, ГӀай-гӀалина а юккъехь ша хьалха шен доьзалца Ӏийначу метте юхавеара иза. |
|
| 4 |
|
| Цигахь хьалха ша сагӀа доккху меттиг кечйиначохь Везачу Эле кхайкхира иза. |
|
| 5 |
|
| Ибрамна юххехь волчу ЛутӀин дуккха а уьстагӀий а, бежанаш а, дӀахӀиттийна четарш а дара. |
|
| 6 |
|
| Цу шиннан даьхни дукха хиларна, уьш Ӏачу лаьтта тӀе иза тар ца лора. |
|
| 7 |
|
| Ибраман а, ЛутӀин а Ӏуй вовшашца къийса буьйлабелира. Ткъа цигахь, цул сов, цу хенахь бехаш канаӀанхой а, перезахой а бара. |
|
| 8 |
|
| ТӀаккха Ибрама элира ЛутӀе: «Товш дац вайшинна а, вайн Ӏуьнашна а вовшашца къийсадала, хӀунда аьлча вай вежарий ду. |
|
| 9 |
|
| ДӀасакъаьстар ду вай. Хьайна луъу меттиг харжа. Нагахь хьо аьрру агӀор гӀахь, со аьтту агӀор гӀур ву, нагахь хьо аьтту агӀор гӀахь, со аьрру агӀор гӀур ву». |
|
| 10 |
|
| ДӀахьаьжначу ЛутӀина Йордан-хи догӀу ерриг а меттиг гира. (Иза дара Везачу Эло Седам-гӀала а, Ӏамор-гӀала а йохаяле.) Цу хенахь Йорданан тогӀи ЦӀоӀар-гӀалина тӀекхаччалц Везачу Элан беш санна яра. Мисар-махкахь санна, дика дара цигара латта. |
|
| 11 |
|
| ЛутӀас шена Йорданан тогӀи хаьржира. И шиъ дӀасакъаьстира: ЛутӀа малхбалехьа вахара, |
|
| 12 |
|
| ткъа Ибрам КанаӀан-махкахь висира. ЛутӀа тогӀи чохь йолчу гӀаланашна юккъехь ваха хиира. Седамана тӀекхаччалц дӀа а вахана, шен четарш хӀиттийра цо. |
|
| 13 |
|
| Седаман бахархой чӀогӀа зуламе а, Везачу Элана хьалха къинош летийна а бара. |
|
| 14 |
|
| ЛутӀа дӀакъаьстинчул тӀаьхьа Везачу Эло элира Ибраме: «ДӀасахьажал гонах, къилбаседехьа а, къилбехьа а, малхбалехьа а, малхбузехьа а хьажал. |
|
| 15 |
|
| Дерриг а хьуна гуш долу хӀара латта Ас хьуна а, хьан тӀаьхьенашна а гуттаренна а дӀалур ду. |
|
| 16 |
|
| Ас алсамйоккхур ю хьан тӀаьхье, Лаьтта тӀера гӀум санна, дукха хир бу уьш. Нагахь санна гӀамаран буьртигаш дагарлург хилча, хьан тӀаьхьенаш а ягарлур яра. |
|
| 17 |
|
| ДӀавалуо, хьайн лаьтта тӀехула йохалла а, шоралла а волалуо, хӀунда аьлча хьуна дӀало Ас иза». |
|
| 18 |
|
| Шен четарш дӀа а оьзна, Мамари долахь долчу ножан дезачу дитташна уллохь, Хьеврон-гӀалина гена воцуш, ваха охьахиира Ибрам. Цигахь Везачу Элана лерина сагӀа доккху меттиг а кечйира цо. |
|
|
|
|