Хьо тӀевеана лелаш волу КанаӀан-мохк берриг а хьуна дӀалур бу Аса. И мохк хьуна а, хьан тӀаьхьенашна а гуттаренна а дӀа а лур бу, церан Дела а хир ву Со».
Хьан цӀа чохь винарг а, ахь дети а делла эцнарг а сунтвина хила веза билггала. Шун догӀмаш тӀехь йолчу оцу билгалоно гойтуш болу Соьца бина барт тӀейогӀучу хенахь гуттара а хир бу.
Дала элира: «Билггала хьан зудчо Сарата вийр ву хьуна кӀант, ахьа цуьнан цӀе Исхьакх туьллур ю. Аса цуьнца Сайн барт бийр бу, цуьнан ерриг а тӀаьхьенашна гуттаренна а болу барт хир бу иза.
Суна хезира ахьа ИсмаьӀалан цӀе йоккхуш. Аса иза декъалвийр ву, цуьнан дукха тӀаьхьенаш хир ю. Шийтта сийлахьчу элан да хир ву иза, цунах схьадер ду доккха халкъ.
ИсмаьӀал а, шен хӀусамехь бина болу а, ахча делла эцна болу а леш а, берриг а божарий а, кӀентий а схьа а балийна, уьш сунтбира ИбрахӀима. Дала иза шега аьллачу дийнахь уьш сунтбира цо.