|
| 1 |
|
| Веза Эла юха а ИбрахӀимна дуьхьалхӀоьттира. Мамарин долахь долчу ножан дезачу дитташна уллохь вехаш вара ИбрахӀим. Де дохделлачу хенахь шен четар кӀелахь, араволучу меттехь, Ӏаш вара иза. |
|
| 2 |
|
| Хьалахьаьжначу цунна гира гена воццуш хьалха лаьтта кхо стаг. Уьш а гина, дуьхьалведда, лохха царна хьалха охьатаьӀира ИбрахӀим. |
|
| 3 |
|
| «Эла! — элира ИбрахӀима, — Хьо суна реза велахь, доьху хьоьга, хьайн ялхо волчохь жимма сацахь. |
|
| 4 |
|
| Аса шун когаш била хи а доуьйтур ду, оцу дитта кӀел садаӀа меттиг а ю шуна. |
|
| 5 |
|
| Шайн догӀмашкахь гӀора хилийта сан кхачанах кхетахьара шу, юха кхидӀа а некъ бийр бара аша, шайн ялхо волчу шу даьхкина хилча». Цара элира: «Дика ду, ахь ма-бохху дийр ду оха». |
|
| 6 |
|
| Юха сихонца четар кӀел а вахана, Сарате элира ИбрахӀима: «Сихо яй, кхо бога тоьллачу демах бод хьакхабай, совсаза долу бепиг де». |
|
| 7 |
|
| ТӀаккха, цигара араиккхина, ведда шен даьхни долчу вахара иза. Уггар тоьлла долу эса а хаьржина, ялхочуьнга и дӀа а делла, цунна сихонца урс а хьакхий, жижиг кечде, элира цо. |
|
| 8 |
|
| Кечдина жижиг а, шура а, нехча а, схьа а еана, кхаа стагана хьалха хӀоттийра ИбрахӀима, ткъа ша царна уллохь дитта кӀелахь сецира, уьш хӀума юуш болчу юкъана. |
|
| 9 |
|
| Цара хаьттира ИбрахӀиме: «Хьан зуда Сарат мичахь ю?» «Кхузахь, четар кӀелахь ю иза», — элира ИбрахӀима. |
|
| 10 |
|
| «Со бӀаьста юхавогӀур ву, — элира царах цхьаммо, — цу хенахь хьан зудчун Саратан кӀант хир ву». Царна тӀехьа лаьттачу четарна кӀелахь йолу Сарат ладугӀуш яра церан къамеле. |
|
| 11 |
|
| ИбрахӀим а, Сарат а чӀогӀа хенара дара, Сарат бер хуьлучу хенара яьллера. |
|
| 12 |
|
| Ела а йоьлуш, ша-шега бохура цо: «Со къена ю, сан майра а ву къена. Оьший-те суна и ирс?» |
|
| 13 |
|
| ТӀаккха Везачу Эло элира ИбрахӀиме: «Сарата, ела а йоьлуш, хӀунда боху, шен бер хир дуй-те, ша къена ма ю? |
|
| 14 |
|
| Везачу Элана дан хала хӀумма а дуй? ХӀан-хӀа! Айса ма-аллара, Со бӀаьста юхавогӀур ву, цу хенахь Саратан кӀант хир ву». |
|
| 15 |
|
| Сарата элира: «Со йоьлуш яцара!» Ша кхераелла дела элира цо иштта. Амма Везачу Эло элира: «ХӀан-хӀа, хьо елаелира». |
|
| 16 |
|
| ТӀаккха божарий, хьала а гӀевттина, лакхара чухьаьвсича, Седам-гӀала гун йолчу метте бахара. Уьш новкъабаха тӀаьхьавелира ИбрахӀим. |
|
| 17 |
|
| Везачу Эло элира Ша-шега: «Со дан воллург Ас ИбрахӀимах лачкъор дац. |
|
| 18 |
|
| ИбрахӀимах доккха а, нуьцкъала а халкъ схьадер ду, дуьнен чуьра дерриг а халкъаш цуьнгахула декъал а хир ду. |
|
| 19 |
|
| Аса ИбрахӀим хаьржина, цуьнга весет дайтархьама шен берашка а, тӀаьхьенашка а, Везачу Элана ма-лаъара, нийсонца а, хьанал а даха аьлла. ТӀаккха Везачу Эло Ша дийр ду аьлларг дерриг а дийр ду цунна». |
|
| 20 |
|
| Юха Везачу Эло элира: «Седаман а, Ӏаморан а бахархошна дуьхьал аьрзнаш дукха ду, уьш къинойх буьзна бу аьлла. |
|
| 21 |
|
| Суна ма-хаззара гӀуллакхаш вон дуй хьожур ву Со, цига а вахана, тӀаккха хьал ма-дарра хуур ду Суна». |
|
| 22 |
|
| Божарий Седам-гӀала йолчухьа дӀабуьйлабелира, ткъа ИбрахӀим Везачу Элана хьалха лаьтташ вара. |
|
| 23 |
|
| Везачу Элана герга а веана, цо хаьттира: «Веза Эла, Хьайн лаамехь берш а, лаамехь боцучаьрца хӀаллакбан дага-м ца деана Хьуна? |
|
| 24 |
|
| ХӀун хаьа, цу гӀалахь шовзткъе итт Хьан лаамехь стаг вуйла? ХӀетте а и гӀала йохор ю Ахьа? Шовзткъе итт Хьан лаамехь волчу стеган дуьхьа цу гӀалех къинхетам бийр бац Ахьа? |
|
| 25 |
|
| Ахь иштта-м дойла ма яц! Хьан лаамехь боцурш байархьама, гӀала а йохош, Хьан лаамехь верг хӀаллаквийр ма вац Ахьа? Нагахь иза хилча, Хьан лаамехь болчарна а, боцучарна а юкъахь башхо ма яц — уьш массо а хӀаллакьхуьлуш ма ву. Ахь иштта дийр дац! Дерриг а дуьненан Кхелахочо йийр яц нийсо?» |
|
| 26 |
|
| ТӀаккха Везачу Эло элира: «Нагахь Седам-гӀалахь Суна шовзткъе итт Сайн лаамехь волу стаг каравахь, церан дуьхьа Аса цу ерриг а гӀалех къинхетам бийр бу». |
|
| 27 |
|
| ИбрахӀима элира: «Новкъа Ӏуьллу чамхалган меха волу со Хьоьца къамел дан хӀутту, Хьалдолу Эла. |
|
| 28 |
|
| Масала, пхиъ тӀе а ца тоьъна, гӀалахь шовзткъе пхиъ бен Хьан лаамехь верг ца хилахь? И пхиъ тӀе ца тоьъна аьлла, ерриг а гӀала йохор ю Ахьа?» Хьалдолчу Эло жоп делира: «Нагахь Суна цигахь шовзткъе пхиъ Сайн лаамехь волу стаг каравахь, Аса гӀала йохор яц». |
|
| 29 |
|
| Юха а хаьттира ИбрахӀима: «Ткъа Хьайна шовзткъа Хьан лаамехь волу стаг бен ца каравахь, йохор юй Ахьа и гӀала?» «Нагахь Суна шовзткъа Сайн лаамехь волу стаг каравахь, Аса йохор яц и гӀала», — жоп делира Хьалдолчу Эло. |
|
| 30 |
|
| «Хьалдолу Эла, доьху Хьоьга суна оьгӀаз ца вахар, пурба лохьа Хьайга хатта: нагахь гӀалахь ткъе итт бен Хьан лаамехь стаг ца хилахь, йохор юй Ахьа иза?» — аьлла, хаьттира ИбрахӀима. «Нагахь Суна цигахь ткъе итт Сайн лаамехь стаг каравахь, Аса йохор яц иза», — жоп делира Хьалдолчу Эло. |
|
| 31 |
|
| ТӀаккха ИбрахӀима элира: «Волавеллачуьра кхин а хоттур дара аса, Хьалдолу Эла: нагахь гӀалахь Хьан лаамехь ткъа стаг хилахь?» Хьалдолчу Эло жоп делира: «Цу ткъа стеган дуьхьа а йохор яц». |
|
| 32 |
|
| Юха а вистхилира ИбрахӀим: «Хьалдолу Эла, оьгӀаз ма гӀахьара Хьо аса кхин цкъа а хаттарна: нагахь Хьуна итт Хьайн лаамехь волу стаг каравахь цу гӀалахь?» Хьалдолчу Эло жоп делира: «Итт стеган дуьхьа а йохор яц». |
|
| 33 |
|
| ИбрахӀимца долу къамел чекх а даьккхина, дӀавахара Веза Эла. ИбрахӀим а шен цӀа юхавирзира. |
|
|
|
|