1
Везачу Эло Сарат декъалйира, цуьнга Ша аьлларг кхочуш а дина.
2
ИбрахӀим къена воллушехь, Сарата, доьзалхочух а хилла, цунна кӀант вира. Дерриг а Дала аьллачу хенахь хилира.
3
Сарата винчу кӀентан цӀе Исхьакх (иза Ӏебархойн маттахь «диэлар» бохург ду) тиллира ИбрахӀима.
4
Исхьакхан бархӀ де кхаьчча, ИбрахӀима иза сунтвира, Дала шена тӀе ма-диллара.
5
ИбрахӀиман бӀе шо дара, цунна Исхьакх вича.
6
Сарата элира: «Дала суна елар делла, хӀора а, кхунах лаьцна хезнарг, соьца воьлуш хир ву».
7
Кхин а цо элира: «Хьан эр дара ИбрахӀиме: „Сарата бер дакхор ду“, — аьлла? Амма ас ИбрахӀимна, иза къена воллушехь, кӀант вина».
8
Исхьакх воккха хуьлуш вара. Иза вакхочуьра дӀавоккху хан тӀекхаьчча, ИбрахӀима доккха той хӀоттийра.
9
Саратна арахь, ца вешаш, воьлуш ИсмаьӀал гира. Иза гӀарбаш йолчу мисархочо ХӀажара ИбрахӀимна вина кӀант вара.
10
Сарата элира ИбрахӀиме: «Эккхае и гӀарбаш а, цуьнан кӀант а, хӀунда аьлча гӀарбашо винчу кӀанта сан кӀантаца Исхьакхаца тӀаьхьадисинарг доькъур дац!»
11
ИбрахӀим дог доьхна вара, шен кӀантана ИсмаьӀална сагатдеш.
12
Амма Дала элира цуьнга: «Са ма гатде хьайн кӀантана а, гӀарбашна а! Саратна мел луъург де! Хьан тӀаьхье Исхьакхах схьабевллачарах лерина хир ю,
13
амма Ас оцу гӀарбашан кӀантах а халкъ схьадолуьйтур ду, иза хьан кӀант волу дела».
14
Ӏуьйранна гӀаьттинчу ИбрахӀима, бепиг а, пӀаьлдиг чохь хи а делла, кӀантаца ХӀажар дӀахьажийра. ДӀайоьдуш, Беар-ШабаӀ цӀе йолчу яьссачу арахь тилаелира иза.
15
Кестта хи кхачийра. Цхьана кулла кӀел кӀант охьахаийра ХӀажара.
16
Ӏодан чӀу кхуссучул гена а яьлла, сецна, охьахиира иза. Хи а доцуш висина шен кӀант леш ган ца лаьара цунна, цундела, охьа а хиина, йоьлхуш Ӏара иза.
17
Далла хезира кӀант ша Ӏуьллучохь воьлхуш. Делан малико стигалара элира ХӀажаре: «ХӀун хилла, ХӀажар! Ма кхера! Везачу Элана хезна кӀант воьлхуш.
18
Яха а гӀой, куьг а лаций, дӀавига иза. Ас доккхачу халкъан да вийр ву цунах».
19
Дала ХӀажаран бӀаьргаш схьадиллира, тӀаккха цунна чохь хи долу гӀу гира. Цо, тӀеяхана, пӀаьлдиг хьала а буьзна, кӀантана хи делира.
20
КӀант воккха хуьлуш вара, цуьнца Дела вара. Яьссачу арахь Ӏаш волу ИсмаьӀал, говза Ӏад лелош волу таллархо хилира.
21
Нанас цунна Мисар-махкара зуда ялийра. Паран цӀе йолчу яьссачу арахь Ӏаш бара уьш.
22
Абу-Малика а, цуьнан тӀеман хьаькам волчу Пихала а элира ИбрахӀиме: «Ахь дечу массо а хӀуманна тӀехь хьоьца Дела ву.
23
Далла хьалха суна чӀагӀо е, хьо соьца а, сан берашца а, сан тӀаьхьенца а ямартло лелош хир вац алий. Со хьайца ма-хиллара, хьо соьца а, хӀокху хьо тӀевеанчу махкаца а къинхетаме хир ву алий».
24
ИбрахӀима жоп делира: «ЧӀагӀо йо ас».
25
ТӀаккха ИбрахӀима Абу-Малике бехк баьккхира, цуьнан ялхоша хи чохь долу гӀу дӀалаьцна аьлла.
26
Абу-Малика элира: «Ахь соьга иза ца аьлла, ткъа таханлера де тӀекхаччалц суна и ца хезна!»
27
ТӀаккха ИбрахӀима, уьстагӀий а, бежанаш а далийна, Абу-Маликана делира. Иштта ИбрахӀима а, Абу-Малика а барт бира.
28
Кхин ворхӀ жий жа юкъара дӀакъастийра цо.
29
«ВорхӀ жий дӀакъасторан хӀун маьӀна ду хьан?» — аьлла, хаьттира Абу-Малика.
30
ИбрахӀима жоп делира: «Нагахь ахь хӀара ворхӀ уьстагӀ дӀаэцахь, ас и гӀу яккхаран тоьшалла хир ду иза».
31
Цундела тиллина цу гӀунан цӀе Беар-ШабаӀ («чӀагӀонан гӀу» бохург ду иза) аьлла, цу шиммо оцу меттехь шайна юкъахь чӀагӀо йина дела.
32
Беар-ШабаӀна уллохь барт бина чул тӀаьхьа, Абу-Малик а, цуьнан тӀеман хьаькам Пихал а ПӀелаштам-махка юхавеара.
33
Беар-ШабаӀна гена доццуш тамариск цӀе йолу дитт а доьгӀна, цу меттигана уллохь Везачу Эле, гуттар а волчу Деле кхайкхира ИбрахӀима.
34
ПӀелаштам-махкахь, тӀевеана стаг а хилла, дуккха а йолчу хенахь Ӏийра иза.
Chechen Bible 2012
Институт перевода Библии, 2012