|
| 1 |
|
| Цул тӀаьхьа, ИбрахӀиман Шех тешар зен а лиъна, Дала элира: «ИбрахӀим!» ИбрахӀима жоп делира: «Со ладугӀуш ву». |
|
| 2 |
|
| ТӀаккха Дала элира: «Хьайн цхьаъ бен воцу, хьайна дукхавезаш волу кӀант Исхьакх, Мори-махка дӀа а вигий, Ас гойтун болчу лома тӀехь, вен а вей, сагӀина вагаве». |
|
| 3 |
|
| Ӏуьйранна хьалххе хьала а гӀаьттина, шен вираца, Исхьакх а, ши ялхо а эцна, сагӀа деш даго дечиг а даьккхина, Дала шега гӀо аьллачу метте дӀавахара ИбрахӀим. |
|
| 4 |
|
| КхозлагӀчу дийнахь, корта хьала а айина, дӀахьаьжначу ИбрахӀимна геннахь шаьш доьлху меттиг гира. |
|
| 5 |
|
| ИбрахӀима элира шен ялхошка: «Вираца кхузахь совца, ткъа со а, кӀант а, цига дӀа а вахана, Далла лерина гӀуллакх а дина, юхавогӀур ву». |
|
| 6 |
|
| СагӀа доккхуш даго кечдина дечиг Исхьакхан белш тӀе а диллина, урс а, цӀе а схьаийцира ИбрахӀима. Цхьаьний дӀаволавелира и шиъ. |
|
| 7 |
|
| Шен дега ИбрахӀиме элира Исхьакха: «Дада!» «ХӀун боху ахь, сан кӀант?» — хаьттира ИбрахӀима. «Суна дечиг а, цӀе а го, — элира Исхьакха, — ткъа сагӀа доккхуш вай багор болу Ӏахар мичахь бу?» |
|
| 8 |
|
| «Дала Ша боуьйтур бу сагӀа даккха Ӏахар, сан кӀант», — элира ИбрахӀима. КхидӀа а цхьаьний дӀавахара и шиъ. |
|
| 9 |
|
| Дала билгалъяьккхинчу метте схьакхечира уьш. ИбрахӀима сагӀа даккха меттиг кечйира, тӀулгаш а дехкина. Царна тӀе дечиг а диллина, вехка а вихкина, цу дечигна тӀе шен кӀант Исхьакх охьавиллира цо. |
|
| 10 |
|
| Урс схьа а эцна, шен кӀантана иза хьакха кечвелира иза. |
|
| 11 |
|
| Амма Везачу Элан Малико сацийра ИбрахӀим, стигалара охьа а кхайкхина: «Ва ИбрахӀим!» «Со кхузахь ву», — аьлла, жоп делира ИбрахӀима. |
|
| 12 |
|
| Малико элира: «Ма велахь кӀант, цунна зе ма делахь. ХӀинца го Суна, хьо Дела лоруш а, Цунна муьтӀахь а вуйла. Суна го, хьайн цхьаъ бен воцу кӀант Сан дуьхьа ахь ца кхоор». |
|
| 13 |
|
| ДӀахьаьжначу ИбрахӀимна гира, коьллех маӀаш а тийсалуш, лаьтта ка. ТӀевахана, схьа а лаьцна, шен кӀентан метта Далла леринчу сагӀина и ка бийра цо. |
|
| 14 |
|
| Цу меттигна ИбрахӀима «Везачу Эло оьшург ло» аьлла, цӀе тиллира. Тахана а олу наха: «Кху лома тӀехь Везачу Эло оьшург ло», — олий. |
|
| 15 |
|
| Юха а ИбрахӀиме стигалара кхайкхира Везачу Элан Малик: |
|
| 16 |
|
| «Сайх дуй буу Ас, — боху Везачу Эло, — Сан дуьхьа хьайн цхьаъ бен воцу кӀант ца кхоош, ахь иза дина, |
|
| 17 |
|
| цундела Ас хьо декъалвийр ву. Стигалахь долу седарчий санна, хӀордан берда тӀехь йолу гӀум санна, дукха тӀаьхье лур ю Ас хьуна. Цара шайн мостагӀийн гӀаланаш схьайохур ю. |
|
| 18 |
|
| Хьан тӀаьхьенехула дуьнен чуьра дерриг а халкъаш декъала хир ду. И дерриг а хьо Суна муьтӀахь хиларна дийр ду Ас хьуна». |
|
| 19 |
|
| ИбрахӀим шен ялхой болчу юхавеара. Уьш цхьаьний Беар-ШабаӀе схьабаьхкира. ИбрахӀим вехаш кхин а Ӏийра цигахь. |
|
| 20 |
|
| И дерриг а хиллачул тӀаьхьа ИбрахӀиме хаам кхечира: «Хьан вешин Нахьиран а, цуьнан зудчун Малкин а хӀинца бераш ду. |
|
| 21 |
|
| Дуьххьарлера кӀант ӀуцӀа ву, шолгӀа кӀант Буз ву, кхозлагӀа кӀант — Къамуал, Араман да ву. |
|
| 22 |
|
| Кхин а Хашад а, Хьоза а, Пилдаш а, Идалп а, Бетаал а ву». |
|
| 23 |
|
| Бетаал Ребикхин да ву. Малка оцу бархӀ кӀентан нана ю, ткъа ИбрахӀиман ваша Нахьир церан да ву. |
|
| 24 |
|
| Нахьиран кхин виъ кӀант ву, цуьнан гӀарбаша Реумис вина — Тебахь а, Гахьам а, Тахьаш а, МаӀха а. |
|
|
|
|