|
| 1 |
|
| ИбрахӀима шолгӀа а зуда ялийра. Цу зудчун цӀе Къитурат яра. |
|
| 2 |
|
| Къитурата винера Зимран а, Якхешан а, Медан а, Мадани а, Ишбакх а, Шуахь а. |
|
| 3 |
|
| Якхешан Шебин а, Дадданан а да вара. Дадданах схьабевллера ашурхой а, летушхой а, леумхой а. |
|
| 4 |
|
| Ӏейпа, Ӏайпар, Хьанах, АвидаӀ, ЭлдаӀа цӀераш а йолуш, кӀентий бара Маданин. И берриге а кӀентий ИбрахӀимах а, Къитуратах а схьабевлла бара. |
|
| 5 |
|
| Шен долахь дерг дерриге а ИбрахӀима Исхьакхана дитира. |
|
| 6 |
|
| Ткъа шен гӀарбашаша бинчу кӀенташна совгӀаташ а делла, Исхьакхах уьш дӀа а къастийна, малхбалехьа дӀахьовсийра ИбрахӀима. |
|
| 7 |
|
| ИбрахӀим бӀе кхузткъе пхийтта шарахь вехира. |
|
| 8 |
|
| Эххар а иза кхелхира. Дуьнен чохь дуккха а хан яьккхина, дика а ваьхна, кхелхинчул тӀаьхьа шен дайх дӀакхийтира иза. |
|
| 9 |
|
| КӀенташа Исхьакха а, ИсмаьӀала а Мамари олучу меттигна уллохь, Махпела цӀе йолчу хьеха чохь, ЦӀохьаран кӀентан, хьетахо волчу Ӏепронан, лаьтта тӀехь дӀавоьллира иза. |
|
| 10 |
|
| ИбрахӀима хьетахошкара эцна латта а, хьех а яра иза. Шен зудчунна Саратна уллохь дӀавоьллира ИбрахӀим. |
|
| 11 |
|
| ИбрахӀим кхелхинчул тӀаьхьа Дала Исхьакх декъалвира. Беар-лахьай-рои цӀе йолчу меттехь Ӏаш вара Исхьакх. |
|
| 12 |
|
| Саратан ялхочо, мисархочо ХӀажара ИбрахӀимна винчу кӀентан ИсмаьӀалан тӀаьхье хӀара ю. |
|
| 13 |
|
| Иштта ю церан цӀераш: дуьххьара винарг Набуяти, цул тӀаьхьа Къедар, Адбаал, Мибасам, |
|
| 14 |
|
| МишмаӀ, Дума, Маси, |
|
| 15 |
|
| Хьадид, Тейма, Етар, Напуши, Къедима. |
|
| 16 |
|
| Уьш ИсмаьӀалан кӀентийн цӀераш ю. Шийтта тайпанан баьччанийн а, уьш баьхначу меттигийн а цӀераш а ю уьш. |
|
| 17 |
|
| Цхьа бӀе ткъе вуьрхӀитта шарахь а ваьхна, кхелхина ИсмаьӀал шен дайх дӀакхийтира. |
|
| 18 |
|
| Цуьнан тӀаьхьенаш Хьавил-лаьтта тӀера Шур-гӀалина тӀекхаччалц ехаш яра. Мисар-мехкан дозанца йолу Шур-гӀала Ашур-махка боьдучу новкъахь лаьттара. Шайн вежаршца бертахь а боцуш, бехаш бара уьш. |
|
| 19 |
|
| ХӀара ду Исхьакхан тӀаьхьенах хилларг. ИбрахӀиман кӀант вара Исхьакх. |
|
| 20 |
|
| Исхьакхан шовзткъа шо кхаьчча, цо Падан-Арама цӀе йолчу меттера Ребикха ялийра. Иза арамхо волчу Бетаалан йоӀ а, арамхочун Лабанан йиша а яра. |
|
| 21 |
|
| Исхьакхан зуда бер ца хуьлуш яра. Амма Исхьакха Везачу Эле шен зудчух лаьцна дехча, Везачу Эло цуьнан доӀина жоп а делла, Ребикха доьзалхочух хилира. |
|
| 22 |
|
| Цуьнан кийрара бераш кест-кеста тохалора. Везачу Эле, доӀа а дина, хаьттира Ребикхас: «ХӀара хӀун ду соьца хуьлуш дерг?» — аьлла. |
|
| 23 |
|
| Везачу Эло жоп делира цунна: «Ши тукхам ду хьан кийрахь, ши халкъ схьадер ду хьох, амма и шиъ декъалур ду. Цхьаъ вукхул онда хир ду, воккхаха верг жимаха волчунна гӀуллакх деш хир ву». |
|
| 24 |
|
| Хан тӀекхаьчча, Ребикхас шала ши кӀант вира. |
|
| 25 |
|
| Дуьххьарлераниг цӀиэн вара, дерриг а дегӀа тӀехь чоьш а долуш. Цуьнан цӀе Ӏесав тиллира (иза «чоьшдерг» бохучух тера ду). |
|
| 26 |
|
| ШолгӀаниг дуьнен чу волуш, Ӏесаван кӀажа а лаьцна схьавелира. Цундела цуьнан цӀе Якъуб тиллира (и ду «КӀажалоцург» бохург). И шиъ винчу хенахь Исхьакхан кхузткъа шо дара. |
|
| 27 |
|
| КӀентий баккхий хилира. Говза таллархо волчу Ӏесаван аренашкахь хан йоккхуш самукъадолура. Якъуб тийна, таьӀна стаг вара, дукхаха йолу хан шен четара кӀелахь йоккхура цо. |
|
| 28 |
|
| Исхьакхана Ӏесав дукха везара, хӀунда аьлча Ӏесава дахьаш долу экханан жижиг тайнера цунна. Ткъа Ребикхина Якъуб дукхавезара. |
|
| 29 |
|
| Цкъа кӀадвелла, мацалла гӀора а доцуш, талла ваханчуьра цӀа веара Ӏесав. Якъуб цу хенахь кхоьш кхехкош вара. |
|
| 30 |
|
| Ӏесава элира Якъубе: «Со мацалла гӀелвелла ву, и цӀен кхоьш лохьа суна». (Цундела аьлла Ӏесавах «Эдом», ткъа иза «цӀениг» бохург ду.) |
|
| 31 |
|
| Амма Якъуба элира: «Делахь, суна дуьххьара дуьнен чу ваьллачун бакъо схьало». |
|
| 32 |
|
| «Со мацалла леш ву, нагахь со лахь, ас хӀун до сайн хьалха дуьнен чу ваьллачун бакъонах?», — элира Ӏесава. |
|
| 33 |
|
| Якъуба элира: «Цкъа хьалха дуй баа». Якъубана дуй а биъна, шен хьалха дуьнен чу ваьллачун бакъо йоьхкира Ӏесава. |
|
| 34 |
|
| ТӀаккха Якъуба Ӏесавана кхоьх йина яа хӀума а, бепиг а делира. Ӏесав, яа а йиъна, мала а мелла, дӀавахара. Иштта атта шен хьалха дуьнен чу ваьллачун бакъо дӀаелира цо. |
|
|
|
|