|
| 1 |
|
| Якъуб шена тӀе а кхайкхина, иза декъалвинчул тӀаьхьа цунна тӀедожийра Исхьакха: «КанаӀанхойн зуда хьайна ма ялаелахь. |
|
| 2 |
|
| Кхузара дӀа а гӀой, Падан-Арам олучу метте гӀо, хьайн ненада Бетаал ваьхначу цӀийне. Цигахь Ӏаш хьан ненан ваша Лабан ву. Цуьнан цхьа йоӀ ялае. |
|
| 3 |
|
| Аса нуьцкъалчу Деле доьху, Цо хьо декъал а вина, хьан дуккха а бераш хилийта бохуш. Ас доьху, хьо дуккха а халкъийн да хилийта бохуш. |
|
| 4 |
|
| Дала хьо а, хьан бераш а декъалдойла, ИбрахӀим ша декъала ма-варра. Дала ИбрахӀимна делла, хьо хӀинца тӀевеана стаг а хилла Ӏаш волу латта хьан дола долийла». |
|
| 5 |
|
| Исхьакха Падан-Араме дӀахьажийра Якъуб. Иза Ребикхин ваша, арамхо Лабан волчу вахара. Лабанан а, Ребикхин а да Бетаал вара, ткъа Ребикха Якъубан а, Ӏесаван а нана яра. |
|
| 6 |
|
| Ӏесавана хиира, шен дас Исхьакха декъал а вина, Якъуб Падан-Араме шена зуда лаха хьажийнийла а, дас Якъубана, канаӀанхо ма ялае аьлла, тӀедожинийла а. |
|
| 7 |
|
| Дас-нанас бохург а дина, Якъуб Падан-Араме дӀаваханийла а хиира Ӏесавана. |
|
| 8 |
|
| ТӀаккха кхийтира Ӏесав, шайн дена канаӀанхойн зударий ца безийла. |
|
| 9 |
|
| Ӏесаван ши зуда яра, амма ИбрахӀиман кӀант ИсмаьӀал волчу а вахана, цуьнан йоӀ, Набуятин йиша, Махьалат ялийра цо шена. |
|
| 10 |
|
| Якъуб, Беар-ШабаӀера ара а ваьлла, ХӀаран-гӀала вахара. |
|
| 11 |
|
| Новкъа воьдуш, суьйре тӀе а еана, цхьана меттехь буьйса йоккхуш сецира иза. Цхьа тӀулг а карийна, цу тӀе корта а биллина, дӀавижира иза. |
|
| 12 |
|
| ГӀенах Лаьттара стигала хьалакхаччалц болу лами а, цу тӀехула хьала-охьа лелаш долу Делан маликаш а гира цунна. |
|
| 13 |
|
| Стигалахь, цу лами тӀехула лаьттачу Везачу Эло цуьнга элира: «Со Веза Эла ву, хьан деден ИбрахӀиман а, ден Исхьакхан а Дела. ХӀинца хьо тӀехь Ӏуьллу латта хьуна а, хьан тӀаьхьенна а лур ду Ас. |
|
| 14 |
|
| Лаьттара ченан буьртигаш санна, дукха тӀаьхьенаш хир ю хьан, уьш дӀасаяьржар ю малхбалехьа а, малхбузехьа а, къилбаседехьа а, къилбехьа а. Дуьнен чуьра массо а халкъаш хьоьгахула а, хьан тӀаьхьенехула а декъал хир ду. |
|
| 15 |
|
| Со хьоьца ву, Ас Ӏалашвийр ву хьо, миччанхьа вахача а. ХӀокху лаьтта тӀе хьо юха схьа а валийна, Айса хьоьга аьлларг кхочушдаллалц, Ас хьо дӀатесна вуьтур вац». |
|
| 16 |
|
| Сама а ваьлла, Якъуба элира: «ХӀокху меттехь Веза Эла билггал ву, амма суна ца хаьара Иза кхузахь вуйла». |
|
| 17 |
|
| Якъуб кхеравелира. «Ма сийлахь меттиг ю хӀара! — элира цо, — ХӀара Делан цӀа ду, стигалан ков ду». |
|
| 18 |
|
| Ӏуьйранна хьалххе хьалагӀаьттина, ша дӀавуьжуш коьрта кӀел биллина тӀулг ирхберзийна дӀахӀоттийра цо. Цу тӀе даьтта а доьттина, и тӀулг Далла лерина битира Якъуба. |
|
| 19 |
|
| Цу меттигах Луз олура, амма Якъуба цуьнан цӀе Бетал тиллира (иза «Делан цӀа» бохург ду). |
|
| 20 |
|
| Цо дуй биира: «Нагахь Дела соьца хир велахь, со дӀа а, схьа а вогӀучу новкъахь Ӏалаш а веш, нагахь Цо суна даар а, духар а лахь, |
|
| 21 |
|
| нагахь со могуш-маьрша сайн ден цӀа юха а верзахь, Веза Эла сан Дела хир ву. |
|
| 22 |
|
| Ас кхузахь хӀара тӀулг хӀоттийна, цо хӀара меттиг, кхузахь Дела волуш, сийлахь юйла хоуьйтур ду. Ахь сайна деллачух уьтталгӀа дакъа Цунна юха а лур ду ас». |
|
|
|
|