|
| 1 |
|
| Цул тӀаьхьа Якъуба кхидӀа а бира шен некъ малхбалехьарчу къаьмнийн махка. |
|
| 2 |
|
| Цунна шера аре гира. Цу арахь гӀу яра. ГӀуна гонах Ӏуьллуш кхо жа дара. Цу гӀуна чуьра дара царна малош долу хи. ГӀунан го дӀакъевлина Ӏуьллуш боккха тӀулг бара. |
|
| 3 |
|
| Дерриг а жаш гулделча, Ӏуша тӀулг дӀа а карчабой, уьстагӀашна хи маладора. Юха и тӀулг ша хиллачу метте буьллура. |
|
| 4 |
|
| Якъуба хаьттира цу Ӏушка: «Вежарий, шу мичара ду?» «ХӀаранера ду», — элира цара. |
|
| 5 |
|
| «Нахьиран кӀант Лабан вевзий шуна?» — аьлла, хаьттира Якъуба. «Вевза», — жоп делира Ӏуша. |
|
| 6 |
|
| «Муха Ӏаш ву иза?» — хаьттира Якъуба. «Дика Ӏаш ву, — жоп делира Ӏуша. — Хьуьлла йогӀуш ю цуьнан йоӀ Рахьал, уьстагӀий а далош». |
|
| 7 |
|
| Якъуба элира: «ХӀинца а де дехха ду, уьстагӀий гулдан а хьалхе ду, хи а маладай, дӀа а дигий, дажаде уьш». |
|
| 8 |
|
| Амма Ӏуша элира: «Дерриг а жаш гулдаллалц собар дан деза тхан. ТӀаккха, гӀунан гона тӀера тӀулг дӀа а харцийна, уьстагӀашна хи малор ду оха». |
|
| 9 |
|
| Якъуба цаьрца къамел дечу юкъана, ша дажош долу шен ден уьстагӀий а далош, Ӏу йолу Рахьал еара уьш болчу. |
|
| 10 |
|
| Шен ненавешин Лабанан йоӀ Рахьал а, Лабанан уьстагӀаш а гина, тӀевахана, гӀуна тӀера тӀулг дӀа а карчийна, уьстагӀашна хи малийра Якъуба. |
|
| 11 |
|
| Юха, Рахьална барт а баьккхина, вилхира иза. |
|
| 12 |
|
| Цо дийцира Рахьална, ша цуьнан ден доьзалера хилар а, ша Ребикхин кӀант хилар а. Рахьала, едда цӀа а яхана, дега дийцира цунах лаьцна. |
|
| 13 |
|
| Шен йишин кӀантах и кхаъ беача, Якъубана дуьхьалвеана, иза мара а воьллина, барт а баьккхина, шен цӀа чу вигира Лабана. Якъуба дийцира Лабанна хиллачух лаьцна дерриг а. |
|
| 14 |
|
| «Мел дика ду хьо сан цӀийх а, синах а волуш!» — элира Лабана Якъубе. Лабан волчохь дийнна баттахь Ӏийра Якъуб. |
|
| 15 |
|
| Цкъа Лабана элира Якъубе: «Маьхза ахь суна болх беш нийса дац, хьо сан гергара стаг велахь а. Алахьа, хӀун ло ас хьуна?» |
|
| 16 |
|
| Лабанан ши йоӀ яра: йоккхаха йолу Леа а, жимаха йолу Рахьал а. |
|
| 17 |
|
| Леа бӀаьрса ледара долуш яра, ткъа Рахьал юьхь хаза йолуш а, дегӀ куьцехь долуш а яра. |
|
| 18 |
|
| Якъубана Рахьал езаеллера, цундела цо элира Лабане: «Ас ворхӀ шарахь болх бийр бу хьуна, ахь соьга хьайн йоӀ Рахьал яийтахь». |
|
| 19 |
|
| «Кхечуьнга лучул, хьоьга иза ялар гӀолехь хир ду. Со волчохь Ӏе хьо», — элира Лабана. |
|
| 20 |
|
| Якъуба ворхӀ шарахь болх бира Лабанна. Амма и хан масех де долуш санна бен ца хийтира цунна, хӀунда аьлча Рахьале болу безам чӀогӀа бара цуьнан. |
|
| 21 |
|
| ВорхӀ шо хан чекхъяьлча, Якъуба элира Лабане: «Сан зуда схьало, болх бан тоьхна хан чекхъяьлла сан». |
|
| 22 |
|
| Цигахь Ӏаш болу нах схьа а кхайкхина, той хӀоттийра Лабана. |
|
| 23 |
|
| Цу буссехь Якъуб волчу шен йоӀ Леа йигира цо. Якъуб Леица дӀавижира. |
|
| 24 |
|
| Лабана шен ялхо Залпаъ елира Леина оьшу гӀуллакх дайта. |
|
| 25 |
|
| Ӏуьйранна Якъубана гира шеца ерг Леа хилар. Цо элира Лабане: «ХӀара хӀун ду ахьа суна динарг? Ас хьуна дуккха а болх ма бинера Рахьал сайга йоуьйтург. Со ле хӀунда ви ахьа?» |
|
| 26 |
|
| Лабана элира: «Тхо долчу махкахь жимаха йолчу йоьӀан бакъо яц йоккхаха йолчул хьалха маре яха. |
|
| 27 |
|
| Амма ловзаран кӀира ахьа чекхдаккхахь, аса Рахьал а дӀалур ю хьуна. Иза долайоккхург кхин а ворхӀ шарахь суна болх бан беза ахьа». |
|
| 28 |
|
| Якъуба цо ма-аллара дира: ловзаран Ӏадат кхочушдира, ткъа Лабана шен йоӀ Рахьал дӀаелира цунна. |
|
| 29 |
|
| Шен ялхо Балхьат елира Лабана Рахьална гӀуллакх дан. |
|
| 30 |
|
| Якъуб Рахьалах кхийтира, иза Леэл чӀогӀа езаелира цунна. Кхин а ворхӀ шарахь а Лабанна болх бира цо. |
|
| 31 |
|
| Везачу Элана гора Якъубана Рахьал Леэл чӀогӀа езаш хилар, цундела Цо Леин бераш хилийтира, ткъа Рахьалан ца хилийтира. |
|
| 32 |
|
| Леас кӀант вира, цуьнан цӀе цо Раабан тиллира (иза «сан бала гина Цунна» бохучух тера ду), хӀунда аьлча цо бохура: «Везачу Элана гина аса хьоьгу бала: хӀинца мукъана а со езаяла мега сан майрачунна». |
|
| 33 |
|
| Леа юха а доьзалхочух хилира, кхин цхьа кӀант вира цо. Цуьнан цӀе цо ШимӀа тиллира (иза «хезна» бохучух терра ду). Леас бохура: «Везачу Элана хезна, со майрачунна ца еза аьлла, цундела Цо суна кӀант велла». |
|
| 34 |
|
| Кхин цкъа а доьзалхочух а хилла, кӀант вира Леас. Цо цуьнан цӀе Леви тиллира (иза «цхьаьнакхета» бохург ду). Леас бохура: «ХӀинца сан майра суна уллохь хир ву, ас кхо кӀант ма вина цунна». |
|
| 35 |
|
| Юха а доьзалхочух а хилла, кхин цхьа кӀант вира Леас. Цуьнан цӀе ЯхӀуд тиллира (иза «хастам» бохург ду). Цо бохура: «ХӀинца ас Везачу Элана хастам бийр бу». Цул тӀаьхьа кхин бер ца хуьлуш сецира иза. |
|
|
|
|