|
| 1 |
|
| Якъубана Леас йина йоӀ Дина яхара меттигера зударий болчу. |
|
| 2 |
|
| Цу мехкан куьйгалхочун хьаьвихочун Хьамуран кӀантана Шехемна гира иза. Цо, схьа а лаьцна, хьийзийра йоӀ. |
|
| 3 |
|
| Дина даггара езаелла, цуьнца эсала къамел дира цо. |
|
| 4 |
|
| Шен дега Хьамуре элира Шехема: «И йоӀ суна ялаехьа». |
|
| 5 |
|
| Якъубана хиира шен йоӀ Дина хьийзийнийла, амма цуьнан кӀентий даьхни дажош арахь бара, цундела хӀумма а ца олуш Ӏара иза уьш цӀа бахккалц. |
|
| 6 |
|
| Шехеман да Хьамур веара Якъубца къамел дан. |
|
| 7 |
|
| Хилларг шайна хиъча, Якъубан кӀентий сихха арара цӀа баьхкира. Уьш чӀогӀа оьгӀазбахана бара, хӀунда аьлча Исраилан тӀаьхьенна юкъахь чӀогӀа эхье гӀуллакх дара Шехема динарг, Якъубан йоӀ а хьийзийна, ткъа и саннарг могуьйтийла дацара. |
|
| 8 |
|
| Хьамура элира цаьрга: «Даггара шун йоӀ езаелла сан кӀантана. Доьху шуьга, иза цуьнга маре яийтахьара аш. |
|
| 9 |
|
| Тхоьца захалонаш леладе: шайн йоӀарий тхоьга а бахкийта, тхайнаш шайна а бига. |
|
| 10 |
|
| Тхуна юккъехь даха ховша — латта шуна хьалха ду. Цу тӀехь Ӏан а Ӏе, мах а бе, хьал а гулде». |
|
| 11 |
|
| Шехема элира Динин дега а, вежаршка а: «Шу сайца дика хилийта хӀуъа а дийр дара ас, аш боххург лур а дара ас шуна. |
|
| 12 |
|
| Нускалх муьлхха а там а, совгӀаташ а деха, ас дӀалур ду шуна, аша иза сайга яийтачхьана». |
|
| 13 |
|
| Шайн йишин Динин сий дайина дела, Якъубан кӀентийн ойла хилира Шехем а, цуьнан да Хьамур а леван. |
|
| 14 |
|
| Цара элира: «И дойла яц тхан: сунтвазчу стаге тхайн йиша яхийтар эхье ду тхуна. |
|
| 15 |
|
| Тхо резахир ду, нагахь аш цхьа хӀума дахь: шаьш сунт а дина, тхо санна шу хилахь. |
|
| 16 |
|
| ТӀаккха оха шуьга тхайн йоӀарий а лур бу, шуниш а балор бу. Шуна юкъахь даха а хевшина, шуьца цхьа къам а хилла Ӏийр ду тхо. |
|
| 17 |
|
| Амма шу сунтдан реза ца хилахь, тхайн йиша схьа а эцна, тхо дӀагӀур ду». |
|
| 18 |
|
| Цу къамелана резахилира Хьамур а, цуьнан кӀант Шехем а. |
|
| 19 |
|
| Жимачу стага кхин хан ца йолуьйтуш кхочушдира цара аьлларг, хӀунда аьлча Якъубан йоӀ долаяккха лаьара цунна, ткъа Шехем шен ден хӀусамехь уггар лоруш верг вара. |
|
| 20 |
|
| Хьамур а, цуьнан кӀант Шехем а, адам гуллучу метте, шайн гӀалин кевне а веана, нахе вистхилира. |
|
| 21 |
|
| «И нах вайца дика бу, — элира цара. — Вайн лаьтта тӀехь Ӏойла уьш, мах а беш — кху лаьтта тӀехь царна тоъал меттиг ю. Вай церан йоӀарий балор бу, ткъа цара вайнаш буьгур бу. |
|
| 22 |
|
| Цхьа халкъ а хилла, вайца Ӏан реза бу уьш, цхьа хӀума дича: нагахь вайн божарий, церанаш санна, сунтбина хилахь. |
|
| 23 |
|
| Церан жаш а, бахам а, дерриг а даьхни а вайн хир дац тӀаккха? Резахила деза вай, тӀаккха уьш вайна юкъахь баха ховшур бу». |
|
| 24 |
|
| ГӀалин кевне гулбелларш Хьамура а, цуьнан кӀанта Шехема а бохучунна резахилира. ГӀалин кевнах арабевлла берриг а божарий сунтбира. |
|
| 25 |
|
| КхозлагӀчу дийнахь, уьш массо а лазаро хьийзош Ӏохкучу хенахь, гӀалара нах шаьш кхерамехь бац моьттуш бара. Ткъа Якъубан ши кӀант — ШимӀа а, Леви а, Динин вежарий, тарраш а эцна, гӀалина тӀелетира. Цара массо а божарий хӀаллакбира. |
|
| 26 |
|
| Тур тоьхна Хьамур а, цуьнан кӀант Шехем а вийна, церан цӀа чуьра Дина схьа а эцна, дӀабахара уьш. |
|
| 27 |
|
| Байина нах болчу чу а оьхуш, Якъубан кӀенташа гӀали чуьра хӀума дӀадаьхьира, шайн йиша цигахь хьийзийна дела. |
|
| 28 |
|
| Цара жаш а, бажа а, варраш а дӀадигира, гӀалахь а, арахь а дерг дӀадаьхьира. |
|
| 29 |
|
| ГӀалин бахархойн хьал а, бераш а, зударий а, цӀенош чохь дерг а схьаийцира Якъубан кӀенташа. |
|
| 30 |
|
| ТӀаккха Якъуба элира ШимӀе а, Левига а: «Аш суна тӀе бохам баийтина, кху лаьтта тӀехь Ӏаш болчу канаӀанхошна а, перезахошна а со бӀаьрга ван везар вац. Вай дукха дац, нагахь уьш, вовшах а кхетта, суна тӀелатахь, цара со а, вай массо а хӀаллаквийр ву». |
|
| 31 |
|
| Амма цара жоп делира: «Цу стагана, нахаца лела зуда санна, хета мегар ду ткъа тхан йиша?» |
|
|
|
|