|
| 1 |
|
| Дала элира Якъубе: «Бетал цӀе йолчу меттиге хьала а валий, хьайн вешех Ӏесавах хьо ведда вогӀучу хенахь хьуна Ша гайтина волчу Далла лерина сагӀа доккху меттиг кечъе цигахь». |
|
| 2 |
|
| Шен доьзале а, шеца болчаьрга а Якъуба элира: «ДӀакхийса шайгахь болу хийра цӀуш, цӀан а лой, тӀера бедар а хийца. |
|
| 3 |
|
| Цул тӀаьхьа новкъа довла кечло, вай Бетала гӀур ду. Халачу дийнахь сан доӀина жоп а делла, со миччанхьа а вахача, соьца хилла волчу Далла лерина сагӀа доккху меттиг кечйийр ю ас цигахь». |
|
| 4 |
|
| Шайгахь болу хийра цӀуш а, лергара чӀагарш а Якъубе дӀаелира цара. Цо уьш Шехем-гӀали уллохь ножан дитта кӀел лаьттах дӀайоьхкира. |
|
| 5 |
|
| Юха уьш новкъа бевлира. Дала кхерам тесира царна гонах йолчу гӀаланашкарчу нахана тӀе, цундела зуламна Якъубан берашна тӀаьхьа цхьа а ца велира. |
|
| 6 |
|
| Якъуб а, цуьнца берш а КанаӀан-махкахь йолчу Луз цӀе йолчу меттиге (хӀинца Бетал) баьхкира. |
|
| 7 |
|
| Цигахь цо Беталахь волчу Далла лерина сагӀа доккху меттиг кечйира, хӀунда аьлча кхузахь Дала Ша вовзийтира цунна, хӀара шен вешех ведда воьдучу хенахь. |
|
| 8 |
|
| Ребикха кхаьбна йолу Дебира елча, иза Бетална лахо лаьттачу ножана кӀел дӀайоьллира. Цундела тиллина цу меттиган цӀе Ӏалун Бахут (иза «делхаран наж» бохург ду). |
|
| 9 |
|
| Якъуб Падан-Арамера юхавеача, Дала, кхин цкъа а Ша гайтина, декъалвира иза. |
|
| 10 |
|
| Дала элира цуьнга: «Хьан цӀе Якъуб ю, амма хӀинца дуьйна хьох кхин Якъуб эр дац: хьан цӀе Исраил хир ю». Иштта Дала цуьнан цӀе Исраил тиллира. |
|
| 11 |
|
| Дала элира: «Со Нуьцкъала Дела ву. Алссам доьзалхой а хуьлуш, деба. Халкъ а, халкъийн доьзал а, паччахьаш а схьабевр бу хьох. |
|
| 12 |
|
| ИбрахӀимна а, Исхьакхана а делла латта хьуна дӀало Ас, хьан тӀаьхьенна а дӀалур ду Ас иза». |
|
| 13 |
|
| ТӀаккха цуьнца къамел дечу меттера дӀавахара Дела. |
|
| 14 |
|
| Якъуба Дала шеца къамел динчу метте боккха тӀулг хӀоттийра. Цу тӀе Далла лерина чагӀар а, даьтта а доьттира цо. |
|
| 15 |
|
| Дала шеца къамел динчу меттиган цӀе юха а Бетал тиллира Якъуба. |
|
| 16 |
|
| Беталара дӀа а бахана, Эпрати-гӀалина уьш гена боцучу хенахь Рахьал беро хьовзийра. |
|
| 17 |
|
| ЧӀогӀа холчохь йолуш, бала хьоьгура цо. Бер схьаоьцуш йолчу зудчо элира: «Кхера ма кхера, хьан кхин цхьа кӀант хир ву». |
|
| 18 |
|
| Шен са дӀадалале Рахьала кӀентан цӀе Бен-Они тиллира (иза «сан баланийн кӀант» бохург ду), амма дас Бен-Яман элира цунах (иза «сан аьтто куьйган кӀант» бохург ду). |
|
| 19 |
|
| Рахьал кхелхира. Эпрати-гӀала (я Байтлахам) боьдучу новкъахь дӀайоьллира иза. |
|
| 20 |
|
| Цуьнан коша тӀехь чуртана тӀулг хӀоттийра Якъуба. И тӀулг хӀинца а Рахьалан коша тӀехь лаьтташ бу. |
|
| 21 |
|
| Шен некъ кхидӀа а бина, Мигдал Ӏедар олучу меттехь четар хӀоттийра Исраила. |
|
| 22 |
|
| Исраил цу меттехь Ӏаш волуш, Раабан шен ден ялхочуьнца Балхьатца дӀавижира. Исраилна хиира иза. Якъубан шийтта кӀант вара. |
|
| 23 |
|
| Леас бина кӀентий: Якъубан дуьххьарлераниг — Раабан, юха ШимӀа, Леви, ЯхӀуд, Иссархан, Забул. |
|
| 24 |
|
| Рахьала бина кӀентий: Юсуп а, Бен-Яман а. |
|
| 25 |
|
| Рахьалан ялхочо Балхьата бина кӀентий: Дан а, Наптал а. |
|
| 26 |
|
| Леин ялхочо Залпаа бина кӀентий: Гада а, Ашар а. Уьш Якъубана Падан-Арамехь бина кӀентий бара. |
|
| 27 |
|
| Кхиръят-АрбаӀ (хӀинца Хьеврон) уллохь йолу Мамари цӀе йолчу меттехь Ӏачу шен дена Исхьакхана тӀевахара Якъуб. Цигахь цхьана хенахь тӀевеана Ӏийнера ИбрахӀим а, Исхьакх а. |
|
| 28 |
|
| Исхьакхан бӀе дезткъа шо дара. |
|
| 29 |
|
| Дуьнен чохь дуккха а хан яьккхина, кхелхича, шен дайх дӀакхийтира Исхьакх. Цуьнан кӀенташа Ӏесава а, Якъуба а дӀавоьллира иза. |
|
|
|
|