|
| 1 |
|
| Цу хенахь шен вежарий болчуьра дӀа а вахана, Ӏадулам олучу меттера волу Хьира цӀе йолу стаг волчохь Ӏаш вара ЯхӀуд. |
|
| 2 |
|
| Цигахь ЯхӀудана ШуӀа цӀе йолчу канаӀанхочун йоӀ евзира. Яла а йина, цунах кхийтира иза. |
|
| 3 |
|
| Зудчо кӀант вича, цуьнан цӀе Ӏаьр тиллира. |
|
| 4 |
|
| Юха а доьзалхочух а хилла, кӀант вира ЯхӀудан зудчо. КӀентан цӀе Онан тиллира цо. |
|
| 5 |
|
| Кезаб олучу меттехь шена кхин цхьа кӀант а вича, цуьнан цӀе Шейла тиллира цо. |
|
| 6 |
|
| Шен дуьххьарлерачу кӀантана Ӏаьрана Тамара цӀе йолуш зуда ялийра ЯхӀуда. |
|
| 7 |
|
| Амма Шена хьалха Ӏаьр къиношца Ӏарна, Везачу Эло са ийцира цуьнан. |
|
| 8 |
|
| ТӀаккха ЯхӀуда элира Онане: «Хьайн вешех йисинчуьнца дӀа а вижна, марвешин декхар кхочушдан деза ахь вешин тӀаьхье хилийта». |
|
| 9 |
|
| Амма Онанна хаьара оцу тӀаьхьенан да ша хир воций, цундела хӀоразза а вешин зудчуьнца дӀавижча, бер ца хуьлу агӀо лелайора цо. |
|
| 10 |
|
| Везачу Элана хьалха къилахь дара Онана лелош дерг, цундела Цо цуьнан а са дӀаийцира. |
|
| 11 |
|
| ТӀаккха оцу шинна хилларг жимаха волчу кӀантана Шейлана хиларна кхоьруш, ЯхӀуда элира шен несе Тамаре: «Сан кӀант Шейла воккха хиллалц, хьайн да волчу дӀа а гӀой, йисина Ӏаш йолу зуда Ӏа ма-еззара Ӏе». Тамара шен ден цӀа дӀаяхара. |
|
| 12 |
|
| Дикка хан яьлча, ЯхӀудан зуда, ШуӀин йоӀ, елира. Шен са тийначул тӀаьхьа ЯхӀуд шен уьстагӀий лоргуш болу нах болчу Тамне вахара. Ӏадулам-гӀалара цуьнан доттагӀа Хьира а вахара цуьнца. |
|
| 13 |
|
| Тамаре элира: «Хьан марда Тамне уьстагӀий ларга воьдуш ву». |
|
| 14 |
|
| Йисина Ӏачу зудчун духар дӀа а даьккхина, юьхь къайлайоккхуш тӀе хӀума а кхоьллина, Тамне боьдучу новкъахь йолчу Ӏенаим-гӀалех чувулучу меттехь охьахиира иза. Цунна гора, Шейла воккха хиллехь а, ша цуьнга маре дӀа ца ялар. |
|
| 15 |
|
| Тамара шена гича, цуьнан юьхь дӀакъевлина хиларна цунах нахаца лела зуда таръелира ЯхӀудана. |
|
| 16 |
|
| Зудчунна тӀе а вахана, цо элира: «Ялохьа, хьайца дӀавижийтахьа со». Цунна ца хаьара иза шен нус юйла. Зудчо хаьттира: «Ахь хӀун лур ю суна хьо сайца дӀавуьжуьйтург?» |
|
| 17 |
|
| ЯхӀуда жоп делира: «Ас сайн жена юкъара буьхьиг йоуьйтур ю хьуна». Зудчо юха а хаьттира: «Закъалтана хӀума лур юй ахь, буьхьиг схьаяийтталц?» |
|
| 18 |
|
| ЯхӀуда хаьттира: «ХӀун закъалт ло хьуна?» Зудчо жоп делира: «Хьан мухӀар а, цу тӀера тӀийриг а, хьан карара Ӏаса а оьшу суна». Цо йоьхург дӀа а елла, цуьнца дӀавижира ЯхӀуд. Тамара доьзалхочух хилира цунах. |
|
| 19 |
|
| Цигара дӀа а яхана, ша тӀеоьхкина хӀуманаш дӀа а яьхна, йисина Ӏачу зудчун духар тӀедуьйхира цо. |
|
| 20 |
|
| Цу хенахь ЯхӀуда шен доттагӀа Ӏадуламхо Хьира вахийтира, буьхьиг а эцна, ша закъалтана елла хӀуманаш цу зудчуьнгара схьаэца. Амма доттагӀчунна и зуда ца карийра. |
|
| 21 |
|
| Цо хаьттира цигарчу нахе: «Ӏенаим уллохула болучу некъан йистехь Ӏийна, цӀуйн дуьхьа нахаца лелаш йолу еза зуда мичахь ю?» — аьлла. Цара жоп делира: «Кхузахь-м ца хилла цхьа а цӀуйн дуьхьа нахаца лела еза зуда». |
|
| 22 |
|
| ЯхӀуд волчу юха а веана, Хьирас элира: «Суна иза ца карий, цигарчу наха: „Кхузахь-м яц цхьа а цӀуйн дуьхьа нахаца лела еза зуда“, — боху». |
|
| 23 |
|
| ЯхӀуда элира: «Делахь шегахь йисинарг шена юьтур цо, вайх нах белийта ца лаьа суна. Ас цунна буьхьиг яхьийтира, амма хьуна и зуда ца карийна». |
|
| 24 |
|
| Кхо бутт баьлча, ЯхӀуде элира: «Нахаца а лелла, доьзалхочух хилла хьан нус Тамара!» ЯхӀуда элира: «Ара а яккхий, ягае иза!» |
|
| 25 |
|
| Амма ша дӀаюьгучу хенахь мардена тӀе стаг вахийтира Тамарас: «ХӀара хӀуманаш йолчу стагах доьзалхочух ю со. ДӀахьажал, хьенан ду хаьий хьуна хӀара мухӀар а, тӀийриг а, Ӏаса а», — аьлла. |
|
| 26 |
|
| ЯхӀудана евзира и хӀуманаш, цо элира: «Сан болчул а бехк бац цуьнан, хӀунда аьлча ас сайн кӀанте Шейле иза дӀа ца елира». Кхин цуьнца дӀа ца вижира ЯхӀуд. |
|
| 27 |
|
| Доьзалхо хуьлу хан тӀекхаьчча, Тамарин кийрахь шала бераш дуйла хиира. |
|
| 28 |
|
| Бер хуьлучу хенахь хьалхарчу доьзалхочун куьг гучудаьлча, бер схьаоьцучу зудчо, цуьнан куьйгах цӀен тай а дихкина, элира: «ХӀара хьалхара ву». |
|
| 29 |
|
| Амма кӀанта куьг юха а даьккхина, хьалха цуьнан ваша велира дуьнен чу. Бер схьаоьцучу зудчо элира: «Хьо муха чекхвели, Парас?!» Цу кӀентан цӀе Парас тиллира (иза «чекхвалар» бохург ду). |
|
| 30 |
|
| Юха куьйга тӀехь цӀен тай дерг а велира гучу. Цуьнан цӀе Зерахь тиллира (иза «сатасар» бохучух тера ду). |
|
|
|
|