|
| 1 |
|
| Адам шен зудчух Хьавах кхийтира. Цо, доьзалхочух а хилла, кӀант вира. Хьавас элира: «Везачу Элан гӀоьнца бер дина ас». Цундела берах цо «Кхаим» элира (Ӏебархойн маттахь иза «дийриг» бохург ду). |
|
| 2 |
|
| Цул тӀаьхьа Кхаиман ваша Хьабул вира Хьавас. Хьабулах жаӀу хилира, ткъа Кхаимах — латталелорхо. |
|
| 3 |
|
| Цхьа хан яьлча, Кхаима шена лаьтто деллачу ялтанах дакъа Везачу Элана хьалха деара. |
|
| 4 |
|
| Ткъа Хьабула шен жена юкъара уггар тоьлла долу дуьххьарлера Ӏахарий деара. Веза Эла резахиларца хьаьжира Хьабуле а, цо деанчуьнга а. |
|
| 5 |
|
| Ткъа Кхаиме а, цо деанчуьнга а реза воцуш хьаьжира Веза Эла. ЧӀогӀа оьгӀазвахана, хьаьжа юккъе шад хӀоттийра Кхаима. |
|
| 6 |
|
| ТӀаккха Везачу Эло элира Кхаиме: «Хьо ма оллавелла ву? Хьо ма оьгӀазе ву! |
|
| 7 |
|
| Ахь диканиг деш хилча, ларамца тӀеоьцу хьо. Ахь диканиг деш ца хилча, хьан неӀарехь къа лаьтта. И хьо Ӏехо гӀерташ ду, хьо цул тола веза». |
|
| 8 |
|
| ТӀаккха, цхьана дийнахь, Кхаима Хьабуле элира: «Аренга гӀой вайшиъ?» Уьш аренга баьхкича, Кхаима, шен вешина Хьабулина чу а гӀоьртина, иза вийра. |
|
| 9 |
|
| ТӀаккха Везачу Эло Кхаиме хаьттира: «Мичахь ву хьан ваша Хьабул?» Кхаима элира: «Суна хӀун хаьа? Со гӀарол-м вац сан вешина?!» |
|
| 10 |
|
| ТӀаккха Везачу Эло элира: «Ахь хӀун дина? Хьан вешин цӀийн аз кхойкхуш хеза Суна лаьттара. |
|
| 11 |
|
| ХӀинцачул тӀаьхьа неӀалт кхайкхадо Ас хьуна, хьан карах валар хилла хьан вешин цӀий дӀаоьцучу лаьтта тӀехь. |
|
| 12 |
|
| Ахь латта лелош, цо кхин лур дац, хӀинццалц санна, рицкъа. Ткъа кху лаьттахь, меттиг ца карош, лелар ву хьо». |
|
| 13 |
|
| ТӀаккха Кхаима элира Везачу Эле: «И таӀзар лан ницкъ кхочур бац сан. |
|
| 14 |
|
| Ахьа хӀинца со кху лаьттара а, Хьайн юьхь-дуьхьалара а эккхаварна, со волавелла лела везар ву. Суна дуьхьал мел кхетар волчун со вен таро хир ю». |
|
| 15 |
|
| Везачу Эло элира Кхаиме: «Нагахь санна хьо цхьаммо вехь, цунна ворхӀазза бекхам бийр бу Ас». ТӀаккха Везачу Эло Кхаимна тӀехь тамашийна билгало йира, и билгало хилар бахьана долуш, иза дуьхьал кхетча, цхьаьнгге а ца вейтархьама. |
|
| 16 |
|
| Иштта Кхаим, Везачу Элана хьалхара дӀа а ваьлла, Ӏедан-бешана малхбалехьарчу, Нада цӀе йолчу меттиге ваха охьахиира. |
|
| 17 |
|
| Кхаим шен зудчух а кхетта, церан кӀант хилира. Цунна ХӀанох аьлла цӀе тиллира. Цигахь Кхаима, гӀала а хӀоттийна, шен кӀентан цӀарах ХӀанох элира цунах. |
|
| 18 |
|
| ХӀанохан хилира кӀант Ӏийрад, ткъа Ӏийрадан хилира Махьуяал. Махьуяалан хилира кӀант Матушаал, Матушаалан а хилира кӀант ЛемакӀ. |
|
| 19 |
|
| ЛемакӀа ши зуда ялийра: цхьаннан цӀе Ӏада яра, вукхуьнан — Цилла. |
|
| 20 |
|
| Ӏадас вира кӀант Явал. Четарш чохь Ӏаш а, даьхни лелош а болчеран да хилира цунах. |
|
| 21 |
|
| Ӏадин кхин а цхьа кӀант хилира Ювал, Явалан ваша. Цунах массо зурма а, дечиг-пондар а локхучеран да хилира. |
|
| 22 |
|
| Циллас а вира кӀант, Тубал-Кхаим. Цунах массо тайпана йоьзах а, эчигах а герз деш болчу пхьерийн да хилира. Тубал-Кхаиман йиша яра НаӀмат. |
|
| 23 |
|
| Шен зударшка ЛемакӀа элира: «Ӏада а, Цилла а! ЛемакӀан зударий! ЛадогӀа соьга леррина! Тидам бе сан дешнийн. Сайна чов йича, стаг вийна ас. Цу къонахчо сайна тоьхча, иза вийна ас. |
|
| 24 |
|
| Кхаим вийначунна ворхӀазза бекхам хуьлуш хилча, со вийначунна кхузткъе вуьрхӀиттазза а бекхам хир бара». |
|
| 25 |
|
| Адам шен зудчух Хьавах а кхетта, церан кхин а цхьа кӀант хилира. Цунна ШатӀа аьлла цӀе тиллира (иза Ӏебархойн маттахь «схьавелларг» бохург ду). «Дала кхин цхьа кӀант схьавелла суна. Кхаима Хьабул вийра, ткъа хӀинца сан ШатӀа а ву», — элира Хьавас. |
|
| 26 |
|
| ШатӀин а хилира кӀант, цо цунах Энош элира. Цу хенахь адамаш Везачу Элан цӀе йоккхуш, Цуьнга кхайкха буьйлабелира. |
|
|
|
|