1
Дукха хан ялале Мисаран паччахьан ши ялхо, чагӀардуттург а, бепигдоттург а, шайн элана, Мисар-мехкан паччахьна хьалха бехке хиллера.
2
ПирӀун оьгӀазвахнера шен коьртачу чагӀардуттучунна а, коьртачу бепигдоттучунна а.
3
Цо и шиъ Юсуп чувоьллина волчу, цуьнан элан Патипаран цӀенца йолчу набахти чу воллийтира.
4
Набахтин коьртачу хьаькамо уьш Юсупе дӀабелира. Юсуп церан гӀуллакхе хьожуш вара. Чувоьллинчул тӀаьхьа жимма хан яьлча, цу шина ялхочунна
5
цхьана буса гӀан гира. ХӀора гӀенан шен маьӀна дара.
6
ШолгӀачу Ӏуьйранна уьш болчу веача, Юсупна гира и шиъ гӀайгӀане воьжна.
7
Шеца шен хӀусамден цӀа чохь чубоьхкинчу пирӀунна уллорчу элашка хаьттира цо: «Тахана сел гӀайгӀане хӀунда ву шуьшиъ?»
8
«Тхойшинне а гӀан гина, — жоп делира цара, — ткъа цунах дерг кхето стаг вац». Юсупа элира цаьрга: «Кхетор Делера дац ткъа? Дийцал суна шайн гӀенаш».
9
Коьртачу чагӀардуттучо дийцира Юсупна шен гӀан: «Суна гӀенах кемсийн таьлланг гира.
10
Цу тӀехь кхо га дара. Таьлланго заза даьккхира, юха зазанах цу сохьта кемсийн хорханаш хилира.
11
Сан карахь пирӀунан кад бара. Ас, кемсаш а яьхна, кеда чу мутт а даьккхина, пирӀуне кад дӀабелира».
12
«Цуьнан маьӀна иштта ду, — элира цуьнга Юсупа. — Кхо га — иза кхо де ду.
13
Кхо де даьлча, пирӀуно хьо лаккха айина, хьалха хиллачу метте дӀахӀоттор ву. Ахьа, хьалха ма-баллара, пирӀуне кад дӀалур бу.
14
Амма ас доьху хьоьга, хьайна дика хан тӀееача, со дага а ваийтий, суна дика болх хилийтархьама пирӀуне со хьахавелахь, набахти чуьра араваккха алий.
15
Ӏебархойн махкара нуьцкъах схьавалийна со, кхузахь а набахти чуволлал хӀума а ца даьлла соьгара».
16
Юсупа динчу маьӀнина реза а хилла, коьртачу бепигдоттучо элира цуьнга: «Суна а гира гӀан: ас коьрта тӀехь латтош кхо тускар дара, чохь бепиг а долуш.
17
Лакхарчу тускар чохь пирӀунна деттина бепиг дара, амма иза олхазарша, зӀакарш а етташ, дууш дара».
18
«Цуьнан маьӀна иштта ду, — элира Юсупа. Кхо тускар — иза кхо де ду.
19
Кхо де даьлча, хьо а пирӀуно лаккха хьалаойур ву — хьокханна тӀе а хаийна, ткъа олхазарша хьан дегӀах зӀакарш еттар ю».
20
Кхо де даьлча, пирӀунан вина де дара. Цо той хӀоттийра шена уллорчарна. Уьш гонах а болуш, пирӀуно лаккха хьалаайира коьрта чагӀардуттург а, коьрта бепигдоттург а.
21
Коьрта чагӀардуттург шен хьалхалерчу метте дӀахӀоттийра цо, вукхо юха а пирӀунан кара кад белира.
22
Ткъа коьрта бепигдоттург хьалаоьллира, Юсупа маьӀна деш ма-аллара.
23
Амма коьртачу чагӀардуттучунна Юсуп дага ца веара, цунна иза вицвеллера.
Chechen Bible 2012
Институт перевода Библии, 2012