|
| 1 |
|
| ХӀара ду Адаман тӀаьхьенах хиллачун тептар. Дала адам Шен вастехь кхоьллинера. |
|
| 2 |
|
| Стаггий, зудий кхоьллинера Цо. Уьш декъал а бина, Ша уьш кхоьллинчу дийнахь царех «адамаш» элира Дала. |
|
| 3 |
|
| Адаман цхьа бӀе ткъе итт шо кхаьчнера, цуьнан кхин а цхьа кӀант хилча. Иза веккъа цуьнан аматехь а, вастехь а вара. Шен кӀантана ШатӀа аьлла цӀе тиллира Адама. |
|
| 4 |
|
| ШатӀа хиллачул тӀаьхьа кхин бархӀ бӀе шарахь вехира Адам. Оцу заман чохь цуьнан кхин а кӀентий а, йоӀарий а хилира. |
|
| 5 |
|
| Адам, исс бӀе ткъе итт шарахь ваьхна, дӀакхелхира. |
|
| 6 |
|
| ШатӀа цхьа бӀе пхеа шарахь ваьхча, цуьнан хилира кӀант Энош. |
|
| 7 |
|
| Энош хиллачул тӀаьхьа кхин бархӀ бӀе ворхӀ шарахь вехира ШатӀа. Оцу заман чохь цуьнан кхин кӀентий а, йоӀарий а хилира. |
|
| 8 |
|
| ШатӀа, исс бӀе шийтта шарахь а ваьхна, дӀакхелхира. |
|
| 9 |
|
| Энош дезткъе итт шарахь ваьхча, цуьнан хилира кӀант Къаим. |
|
| 10 |
|
| Къаим хиллачул тӀаьхьа кхин бархӀ бӀе пхийтта шарахь вехира Энош. Оцу заман чохь цуьнан кхин кӀентий а, йоӀарий а хилира. |
|
| 11 |
|
| Энош, исс бӀе пхеа шарахь а ваьхна, дӀакхелхира. |
|
| 12 |
|
| Къаим кхузткъе итт шарахь ваьхча, цуьнан хилира кӀант Махьаллал. |
|
| 13 |
|
| Махьаллал хиллачул тӀаьхьа кхин бархӀ бӀе шовзткъа шарахь вехира Къаим. Оцу заман чохь цуьнан кхин кӀентий а, йоӀарий а хилира. |
|
| 14 |
|
| Къаим, исс бӀе итт шарахь а ваьхна, дӀакхелхира. |
|
| 15 |
|
| Махьаллал кхузткъе пхеа шарахь ваьхча, цуьнан хилира кӀант Ярад. |
|
| 16 |
|
| Ярад хиллачул тӀаьхьа кхин бархӀ бӀе ткъе итт шарахь вехира Махьаллал. Оцу заман чохь цуьнан кхин кӀентий а, йоӀарий а хилира. |
|
| 17 |
|
| Махьаллал, бархӀ бӀе дезткъе пхийтта шарахь а ваьхна, дӀакхелхира. |
|
| 18 |
|
| Ярад цхьа бӀе кхузткъе шина шарахь ваьхча, цуьнан хилира кӀант ХӀанох. |
|
| 19 |
|
| ХӀанох хиллачул тӀаьхьа кхин бархӀ бӀе шарахь вехира Ярад. Оцу заман чохь цуьнан кхин кӀентий а, йоӀарий а хилира. |
|
| 20 |
|
| Ярад, исс бӀе кхузткъе шина шарахь а ваьхна, дӀакхелхира. |
|
| 21 |
|
| ХӀанох кхузткъе пхеа шарахь ваьхча, цуьнан хилира кӀант Матушалахь. |
|
| 22 |
|
| Матушалахь хиллачул тӀаьхьа кхин кхаа бӀе шарахь, Дела даг чохь а волуш, вехира ХӀанох. Оцу заман чохь цуьнан кхин кӀентий а, йоӀарий а хилира. |
|
| 23 |
|
| ХӀанох кхаа бӀе кхузткъе пхеа шарахь вехира. |
|
| 24 |
|
| ХӀанох, Дела даг чохь а волуш, лелаш вара. Цхьана дийнахь иза къайлавелира, Дала иза дӀавигна дела. |
|
| 25 |
|
| Матушалахь цхьа бӀе дезткъе ворхӀ шарахь ваьхча, цуьнан хилира кӀант ЛемакӀ. |
|
| 26 |
|
| ЛемакӀ хиллачул тӀаьхьа кхин ворхӀ бӀе дезткъе шина шарахь вехира Матушалахь. Оцу заман чохь цуьнан кхин кӀентий а, йоӀарий а хилира. |
|
| 27 |
|
| Матушалахь, исс бӀе кхузткъе исс шарахь а ваьхна, дӀакхелхира. |
|
| 28 |
|
| ЛемакӀ цхьа бӀе дезткъе шина шарахь ваьхча, цуьнан кӀант хилира. |
|
| 29 |
|
| ЛемакӀа шен кӀантана Нохьа аьлла цӀе тиллира (иза ду Ӏебархойн маттахь «синтем» бохург). ЛемакӀа элира: «Вай дукха къахьоьгуш ду, Везачу Эло неӀалт кхайкхийначу лаьтта тӀехь. Ткъа Нохьас синтем бохьур бу вайна». |
|
| 30 |
|
| Нохьа хиллачул тӀаьхьа кхин пхи бӀе дезткъе пхийтта шарахь вехира ЛемакӀ. Оцу заман чохь цуьнан кхин кӀентий а, йоӀарий а хилира. |
|
| 31 |
|
| ЛемакӀ, ворхӀ бӀе кхузткъе вуьрхӀитта шарахь а ваьхна, дӀакхелхира. |
|
| 32 |
|
| Нохьа пхеа бӀе шарахь ваьхча, цуьнан хилира кӀентий Шима, Хьама, Япат. |
|
|
|
|