|
| 1 |
|
| Цхьа хан яьлча, Ӏамминхойн паччахь велира. Цуьнан метта паччахь дӀахӀоьттира цуьнан кӀант Хьануни. |
|
| 2 |
|
| Дауда элира: «Нахьаш соьца дика хилла дела, со а цуьнан кӀантаца дика хир ву». Цо шен ялхой бахийтира Хьанунига кадам бан. Даудан ялхой Ӏамминхойн махка бахара. |
|
| 3 |
|
| Амма Ӏамминхойн элаша шайн олахочуьнга элира: «Хьуна баккъалла-м ца моьтту, Дауда хьан дега шен хилла болу ларам бахьана долуш бахкийтина хьуна тӀе догъоьцурш? Дауда шен ялхой бахкийтина, хьан гӀалахь дерг дикка талла а теллина, цул тӀаьхьа иза йохо дагахь». |
|
| 4 |
|
| Хьанунис, Даудан ялхой схьа а лаьцна, хӀораннан а ах маж дӀаешира, цул тӀаьхьа, царна тӀера бедарш вареш тӀе кхаччалц дӀа а хедийна, уьш дӀахийцира. |
|
| 5 |
|
| Иза шена дӀахезча, Дауда шен ялхошна дуьхьал нах бахийтира, уьш чӀогӀа юьхьӀаьржачу хӀиттийна хилла дела. Паччахьо цаьрга хабар дахьийтира: «Шайн мажош яхъяллалц, Ерихонехь совца. Цул тӀаьхьа цӀа догӀур ду шу», — аьлла. |
|
| 6 |
|
| Даудана шаьш, лаьхьанна тоьхна гӀаж санна, боьха хетийла хиъча, Ӏамминхоша Байт-Рахьубера а, Цобера а ткъа эзар гӀашло волу арамхо лецира. МаӀхин паччахь волчуьра — цхьа эзар стаг, ткъа ТӀобера шийтта эзар стаг лецира. |
|
| 7 |
|
| Шена иза хиъча, Дауда Йоаб вахийтира цига, цуьнца доьналла долу берриг а тӀемалой а болуш. |
|
| 8 |
|
| Ӏамминхой, гӀалин кертара ара а бевлла, тӀамана кечбелла дӀахӀиттира. Ткъа Цобера а, Байт-Рахьубера а арамхой, иштта ТӀобера а, МаӀхера а нах шерачу аренгахь юьстахбевлла лаьтташ бара. |
|
| 9 |
|
| МостагӀчун эскарийн могӀарш шена тӀехьа а, хьалха а дӀахӀиттина гича, Йоаба исраилхошна юкъара уггар тоьлла болу тӀемалой арамхошна дуьхьалбехира. |
|
| 10 |
|
| Кхиболу эскархой цо шен вешига Абушайга дӀабелира Ӏамминхошна дуьхьалбаха. |
|
| 11 |
|
| Йоаба Абушайга элира: «Арамхоша со эшочу далахь, ахьа суна гӀо дийр ду, нагахь санна Ӏамминхоша хьо эшош хилахь, аса хьоьгахьа гӀо доккхур ду. |
|
| 12 |
|
| Доьналла долуш хила. Майра лаьттар ду вай, Исраилан халкъ а, вайн Делан гӀаланаш а ларъеш. Ткъа Везачу Эло Шен лаам берг дийр ду». |
|
| 13 |
|
| Йоаб шен эскарца арамхошна тӀелетира, ткъа вуьш цунах бевдда дӀабахара. |
|
| 14 |
|
| Ӏамминхой, шайна арамхой уьдуш гича, Абушайна дуьхьал бевллачуьра бевдда гӀала дӀабахара. Ӏамминхой болчуьра юха а вирзина, Йоаб Ярушалайме схьавеара. |
|
| 15 |
|
| Арамхоша, шаьш исраилхоша эшийна хилар гича, цхьаьна а кхетта, юха а эскар дӀахӀоттийра. |
|
| 16 |
|
| ХӀадад-Ӏезар-паччахьо Эпрат-хил дехьа Ӏаш болчу арамхошка схьакхайкхира. Уьш, ХӀадад-Ӏезаран тӀеман хьаькам волчу Шобаха, куьйгалла а деш, Хьайламе схьагулбелира. |
|
| 17 |
|
| И хаам шега кхаьчча, Дауд, массо а исраилхо вовшах а тоьхна, Йордан-хил дехьа а ваьлла, Хьайламана тӀе боьдучу новкъа велира. Цигахь арамхой Даудана дуьхьал дӀахӀиттира. Уьш вовшех летира. |
|
| 18 |
|
| Амма арамхой исраилхойх бевдда дӀабахара. Церан гӀудалкхех Дауда ворхӀ бӀе хӀаллакйира, ткъа дошлойх шовзткъа эзар стаг а вийра. Дауда иштта арамхойн тӀеман хьаькам волу Шобах а, чов а йина, лазийра, иза циггахь велира. |
|
| 19 |
|
| ХӀадад-Ӏезаран куьйга кӀел хилла болчу паччахьаша, шаьш исраилхоша эшош хилар гича, Даудаца барт бира, уьш цунна къера а хилира. Ткъа арамхой Ӏамминхошна гӀо дан кхин ца хӀуттура. |
|
|
|
|