|
| 1 |
|
| Шо даьлча, паччахьаш тӀамана арабовлучу хенахь, Дауда Исраилан халкъан эскар а, шен эскархой а Йоабаца арабовлийтира. Цара, Ӏамминхой эша а бина, церан Рабба олучу гӀалина го бира. Ткъа Дауд Ярушалаймехь сецира. |
|
| 2 |
|
| Цхьана дийнахь вижначуьра гӀаьттина волу Дауд паччахьан цӀийнан шерачу тхов тӀехула волавелла лелаш вара. Цигара дӀахьаьжча, цунна хи чохь луьйчуш йолу цхьа зуда гира. Иза чӀогӀа хаза яра. |
|
| 3 |
|
| Цо, и зуда мила ю хьажа, ялхо вахийтира. Ялхочо Дауде элира: «Иза ЭлиӀаман йоӀ Бат-ШабаӀ ю, хьетахо волчу УръяхӀун зуда а ю». |
|
| 4 |
|
| Ткъа Дауда и зуда ша волчу схьаяло геланчаш бахийтира. Иза Дауд волчу схьаялийра, Дауд цунах кхийтира. (Ткъа шен беттан цӀанъялар цу зудчо хӀинца чекхдаьккхинера.) ТӀаккха иза шен цӀа яхара. |
|
| 5 |
|
| Иза берах хилира. Цо Дауде, ша берах ю аьлла, хабар дахьийтира. |
|
| 6 |
|
| Дауда Йоабе хабар дахьийтира: «Схьахьажаве со волчу хьетахо волу УръяхӀу», — аьлла. Йоаба УръяхӀу Дауд волчу дӀавахийтира. |
|
| 7 |
|
| УръяхӀу Дауд волчу веара. Паччахьо цуьнга Йоабах лаьцна а, эскарх лаьцна а, тӀамах лаьцна а хеттарш дира. |
|
| 8 |
|
| Цул тӀаьхьа Дауда УръяхӀуга элира: «ЦӀа а гӀой, хьайн ши ког била». УръяхӀу паччахьан цӀа чуьра аравелира. Цунна тӀаьхьа совгӀатна паччахьо даар-малар дахьийтира. |
|
| 9 |
|
| Амма УръяхӀу шен цӀа ца вахара. Шен олахочун массо а ялхочуьнца паччахьан цӀийнан ков долчу дӀавижира иза. |
|
| 10 |
|
| Дауде, УръяхӀу шен цӀа ца вахана аьлла, хаам кхаьчначул тӀаьхьа, паччахьо цуьнга хаьттира: «Бехачу новкъара юхавирзина ма ву хьо, хьайн цӀа хӀунда ца вахара хьо?» |
|
| 11 |
|
| УръяхӀус Дауде элира: «Делан тӀорказ а, Исраилан халкъ а, ЯхӀудан халкъ а четарш кӀелахь ду. Сан эла волу Йоаб а, цуьнан массо а эскархо а аренгахь шайн меттамотт лаьттачохь бу. Муха Ӏийр вара со, сайн цӀа а вахана, дууш-молуш, сайн зудчуьнца дӀа а вуьжуш? Хьан дахарх а, хьан синах а дуй боу аса, и санна дерг дийр ма дацара аса аьлла». |
|
| 12 |
|
| ТӀаккха Дауда УръяхӀуга элира: «Кхин цхьа де а даккха кхузахь, кхана аса дӀавохуьйтур ву хьо». Кханалера де тӀекхаччалц, УръяхӀу Ярушалаймехь сецира. |
|
| 13 |
|
| Дауда УръяхӀу ша волчу дӀакхайкхира. И шиъ дууш, молуш Ӏийра. Дауда цунна малийра. Амма УръяхӀу юха а, шен цӀа а ца воьдуш, шен паччахь волчу элан ялхошца цхьаьна дӀавижа вахара. |
|
| 14 |
|
| ШолгӀачу Ӏуьйранна Дауда, Йоабе кехат а яздина, иза УръяхӀуца дӀадахьийтира. |
|
| 15 |
|
| Кехата тӀехь Дауда яздира: «УръяхӀу тӀамехь хьалхахь лаьтташ болчу тӀемалошца дӀахӀоттаве, уггар чӀогӀа тӀом бечу меттехь. Цул тӀаьхьа, цунна уллора дӀа а довлий, иза вейта». |
|
| 16 |
|
| Леррина гӀала дӀахьаьжча, Йоабана хаьара, уггар майра Ӏамминхой мичахь лаьтташ бу. Цу метте УръяхӀу дӀавахийтира цо. |
|
| 17 |
|
| ГӀалара нах, ара а бевлла, Йоабан эскарца тӀом бан хӀиттича, Даудан эскарна юкъара масех стаг вийра. Хьетахо волу УръяхӀу а вара царах цхьаъ. |
|
| 18 |
|
| Йоаба тӀамехь мел хилларг Дауде дӀадийца стаг вахийтира. |
|
| 19 |
|
| Ша вохуьйтуш волчу геланчина тӀедиллира Йоаба: «Хьо тӀамах лаьцна паччахьна дӀадийцина ваьлча, |
|
| 20 |
|
| хьайна иза оьгӀазвахана гахь, цо резавоцуш хьоьга: „Шу стенна дахнера гӀалина улло? Шуна ца хаьара, шайна гӀалин пенаш тӀера пхерчий кхуьссур дуйла? |
|
| 21 |
|
| Хьан вийна Яруб-Бошатан кӀант Абу-Малик? Зудчо ца кхоьссина цунна тӀе кохьаран дакъа, иза Табацахь вала а леш? Стенна дахнера шу цу гӀалин гонахарчу пенна сел улло?“ — ала мега. Цо иза аьллачул тӀаьхьа, ахьа хаам бе: „Хьан лай волу хьетахо УръяхӀу а вийна“ — алий». |
|
| 22 |
|
| Геланчо, дӀа а вахана, Дауде, Йоаба шена ма-хьеххара, тӀамах лаьцна шадерг а дӀадийцира. |
|
| 23 |
|
| Цо шен къамелехь кхин а тӀетуьйхира: «Эрначу арахь и нах тхуна тӀелетира. Оха цаьрца тӀом болийра, цул тӀаьхьа, лаьхкина, уьш гӀалин кевнна тӀе кхаччалц дӀа а бигира. |
|
| 24 |
|
| Цул тӀаьхьа хьан эскархой болчийн агӀор гӀалин пенаш тӀера пхерчий кхисса долийра. Цхьаболу хьан леш байина. Царна юкъахь ву хьетахо волу УръяхӀу а». |
|
| 25 |
|
| ТӀаккха Дауда геланчехула Йоабе хабар дахьийтира, цуьнан дог иракарахӀотторхьама: «И хӀума бахьана долуш хьо юьхьӀаьржачу ма хӀотта. ТӀамехь тур цкъа цхьанна кхета, тӀаккха вукхунна кхета. ТӀом чӀагӀ а бе, и гӀала хӀаллак а е». |
|
| 26 |
|
| Шега УръяхӀу велла аьлла хаам бича, Бат-ШабаӀ шен майрачунна тийжира. |
|
| 27 |
|
| Тийжаран зама чекхъяьлча, Дауда и йолчу стаг вахийтира Бат-ШабаӀ шен цӀа схьаялаяйта. Иза цуьнан зуда хилла дӀахӀоьттира, цо Даудана кӀант а вира. Амма Везачу Элана и хӀума ца дезаделира. |
|
|
|
|