|
| 1 |
|
| Дауда хаьттира: «Шаулан цӀийнах цхьа а дийна висний те? Аса цунна дика гӀуллакх дийр дара ЯхӀунатин дуьхьа». |
|
| 2 |
|
| Шаулан цӀа чохь цхьа ялхо хиллера, Цуба цӀе а йолуш. Иза Дауд волчу кхайкхина схьавалийра. Дауда цуьнга хаьттира: «Хьо вуй Цуба?» Цо жоп делира: «Ву, хьан лай волу со». |
|
| 3 |
|
| Паччахьо элира: «Шаулан цӀийнах волу кхин цхьа а вуй дийна висна? Аса цунна дика гӀуллакх дийр дара, Далла хьалха айса чӀагӀо ма-ярра». Цубас паччахье элира: «ЯхӀунатин кӀант ву, когашна астагӀа а волуш». |
|
| 4 |
|
| Паччахьо хаьттира: «Мичахь ву иза?» Цубас паччахьна жоп делира: «Ладебарахь, Ӏамиалан кӀант волчу Макиран цӀа чохь ву». |
|
| 5 |
|
| Дауда, Ладебаре шен нах а бахийтина, Ӏамиалан кӀант Макир волчуьра иза схьавалавайтира. |
|
| 6 |
|
| Шаулан кӀентан ЯхӀунатин кӀант волчу Мапи-Бошата, Дауд волчу схьа а веана, цунна хьалха лаьтта кхаччалц шен корта охьатаӀийра. Дауда цуьнга элира: «Мапи-Бошат!» Вукхо элира: «Кхузахь ву хьан лай». |
|
| 7 |
|
| Дауда цуьнга элира: «Кхера ма лолахь. Хьан ден ЯхӀунатин дуьхьа аса дика гӀуллакх дийр ду хьуна: Хьан деден Шаулан тӀаьхьенан массо а латтанаш хьуна юхадерзор ду, ткъа хьо массо а хенахь сан шуьн чуьра кхача баа йиш йолуш а хир ву». |
|
| 8 |
|
| Мапи-Бошата, корта а тухуш, элира: «Хьан лай волу со, деллачу жӀаьлел а оьшуш велахь а, ахьа хьайна тӀеуьйзи». |
|
| 9 |
|
| Шаулан ялхо хилла волу Цуба шена тӀе а кхайкхина, Дауда элира: «Шаулан а, цуьнан массо а цӀийнан а долахь хилла долу хӀума аса хьан элан кӀентан кӀантана дӀало. |
|
| 10 |
|
| Ахьа а, хьан бераша а, хьан ялхоша а цуьнан латта лело деза, цу лаьтта тӀера схьадаьлла долу напха иза волчу схьадан а деза, цуьнан кертахь массо а хенахь яа а, мала а хӀума хилийта. Ткъа хьан элан кӀентан кӀант Мапи-Бошат со волчохь яа хӀума юуш хир ву». (Цубин пхийтта кӀант а, ткъа ялхо а вара.) |
|
| 11 |
|
| Цубас паччахье элира: «Хьан лай волчо шен паччахьо мел аьлларг кхочушдийр ду». Ткъа Мапи-Бошат Даудан цӀахь яа хӀума юуш вара, ша цуьнан кӀант волуш санна. |
|
| 12 |
|
| Мапи-Бошатан жима кӀант хилла, Мика цӀе а йолуш. Цубин цӀахь Ӏаш мел верг Мапи-Бошатан лай хилла. |
|
| 13 |
|
| Мапи-Бошат Ярушалаймехь Ӏаш хилла, хӀунда аьлча иза массо а хенахь паччахь волчохь яа хӀума юуш хилла. Иза шинна а когана астагӀа хилла. |
|
|
|
|