|
| 1 |
|
| РахьбуӀам Шехем-гӀала дӀавахара, хӀунда аьлча берриге а исраилхой цига дӀабаханера, иза паччахь дӀахӀотторхьама. |
|
| 2 |
|
| Шена иза дӀахезча, НабатӀан кӀант ЯрбаӀам Мисар-махкахь висира. Цигахь иза Сулим-паччахьах ведда ваххарх Ӏаш вара. |
|
| 3 |
|
| Амма цара, ЯрбаӀамна тӀе нах а бахийтина, цуьнга юхаверзар дийхира. ТӀаккха ЯрбаӀам а, массо исраилхой а РахьбуӀам волчу дӀабахча, халкъо цуьнга элира: |
|
| 4 |
|
| «Хьан дас тхан коча деза дукъ диллира. Цо тхоьга дайтина къиза гӀуллакхаш а, тхан коча диллина деза дукъ а ахь хӀинца дайдехьа. ТӀаккха оха хьуна хьалхара гӀуллакх дийр дара». |
|
| 5 |
|
| РахьбуӀама элира: «Кхо де даьлча юхадуьйла суна тӀе, аса жоп лур ду шуна». Халкъ дӀадахара. |
|
| 6 |
|
| РахьбуӀам-паччахь къанойх дагавелира. Оцу къаноша цуьнан дена Сулимна хьехамчаша санна гӀуллакх дора иза дийна волчу хенахь. РахьбуӀама хаьттира цаьрга: «Аса оцу халкъе хӀун аьлча бакъахь хета шуна?» — аьлла. |
|
| 7 |
|
| Къаноша цуьнга жоп делира: «Нагахь, таханлерчу дийнахь хьо оцу халкъана ялхо а хилла, ахьа царна гӀуллакх а дахь, цаьрца ахьа эсала къамел а дахь, уьш массо а хенахь хьуна ялхой хилла лелар бу». |
|
| 8 |
|
| Амма шега къаноша бина хьехам РахьбуӀама дӀатеттира. Шеца кхиъна болчу а, шена гӀуллакх деш болчу а кегийрхойх дагавелира иза. |
|
| 9 |
|
| Цо кегийрхошка хаьттира: «Аса хӀун жоп дала деза аьлла хета шуна оцу нахе? Цара соьга боху: „Хьан дас тхан коча диллина деза дукъ дайдехьа“». |
|
| 10 |
|
| РахьбуӀамца цхьаьна кхиъначу кегийрхоша элира: «Хьан дас шайн коча диллина деза дукъ дайдар доьхучу оцу халкъе ахьа иштта ала: „Сан цӀазапӀелг сан ден гӀодаюкъал а стомма бу. |
|
| 11 |
|
| Сан дас шун коча деза дукъ диллинера, ткъа аса и дукъ кхин а даздийр ду. Сан дас шед еттарца таӀзар дора шуна, ткъа аса, сту лоцучу гезго къовзош санна хетадолуьйтуш, таӀзар дийр ду шуна“». |
|
| 12 |
|
| Паччахьо шайга аьлла ма-хиллара, ЯрбаӀам а, дерриг халкъ а кхозлагӀчу дийнахь РахьбуӀамна тӀедеара. |
|
| 13 |
|
| Паччахьо халкъе дера жоп делира. Къаноша шена дина хьехар дӀа а теттина, |
|
| 14 |
|
| кегийрхоша шена динчу хьехаре хьаьжжина, РахьбуӀама халкъе элира: «Сан дас шун коча деза дукъ диллинера, ткъа аса и дукъ кхин а даздийр ду. Сан дас шед еттарца таӀзар дора шуна, ткъа аса, сту лоцучу гезго къовзош санна хетадолуьйтуш, таӀзар дийр ду шуна». |
|
| 15 |
|
| Иштта паччахьо ла ца дуьйгӀира халкъо шега бохучуьнга, хӀунда аьлча иза Везачу Эло нисдинера, Ша НабатӀан кӀанте ЯрбаӀаме шилунхо волчу АхьъяхӀугахула аьлларг кхочушхилийтархьама. |
|
| 16 |
|
| Массо а исраилхоша, паччахьо шайга ла ца дугӀийла гича, паччахье элира: «Вай Даудан цӀийнах схьадевлла ма дац! Юшайн кӀентан цӀийнаца доьзна ма дац вай! Цундела шайн-шайн цӀа дерза шу, исраилхой. Даудан кӀанта ша дойла шен цӀентӀехь олалла!» Иштта исраилхой шайн-шайн цӀа дӀасабахара. |
|
| 17 |
|
| Ткъа РахьбуӀама ЯхӀуд-мехкан гӀаланашкахь Ӏаш болчу исраилхошна тӀехь паччахьалла дира. |
|
| 18 |
|
| Цо белхалошна тӀехь хьаькам волу Адунурам вахийтира халкъана тӀе, амма исраилхоша иза, тӀе тӀулгаш кхиссина, вийра. Ткъа паччахь волу РахьбуӀам сихха гӀудалкха чу хиира, Ярушалайме дӀавадархьама. |
|
| 19 |
|
| Иштта тахханалц а Даудан цӀенна дуьхьалбевлла Ӏаш бу исраилхой. |
|
| 20 |
|
| ЯрбаӀам цӀа вирзина аьлла шайна хезча, исраилхоша, цунна тӀаьхьа нах а бахийтина, иза, гуламе схьа а кхайкхина, дерриг а Исраилан халкъана тӀехь паччахь вина дӀахӀоттийра. ЯхӀудан тайпанах берш бен ца хӀиттира Даудан цӀийнах болчарна тӀаьхьа. |
|
| 21 |
|
| РахьбуӀама, Ярушалайме схьа а веана, дерриге а ЯхӀудан цӀийнах а, Бен-Яманан тӀаьхьенах а волу цхьа бӀе везткъа эзар тоьлла тӀемало схьагулвира. Исраилан цӀийнах болчаьрца тӀом а бина, Сулим-паччахьан кӀентан РахьбуӀаман кара паччахьалла юхадерзорхьама дира цо иза. |
|
| 22 |
|
| ШамӀа-ЯхӀу цӀе йолчу Делан стаге Дала элира: |
|
| 23 |
|
| «Сулиман кӀант волчу яхӀудхойн паччахье РахьбуӀаме а, ЯхӀудан, Бен-Яманан тӀаьхьенах болчу массаьрга а, кхидолчу халкъе а дӀаала: |
|
| 24 |
|
| „Иштта боху Везачу Эло: ‘Шайн вежарий болчу исраилхошца тӀом бан ма гӀолаш. ХӀорра а шен-шен цӀа юхаверза, хӀунда аьлча и хилларг дерриг а Соьгара дара’“». Везачу Эло бохучуьнга ла а доьгӀна, уьш Цо ма-бохху юхабирзира. |
|
| 25 |
|
| ЯрбаӀама Эпрайм-лам тӀехь йолу Шехем-гӀала чӀагӀйира. Иза цу чохь ваха охьахиира. Эццара дӀа Пенуал-гӀала а вахана, иза чӀагӀйира цо. |
|
| 26 |
|
| Шен дагахь ЯрбаӀама бохура: «Паччахьалла дар юха а Даудан тӀаьхьенан карадерза там бу. |
|
| 27 |
|
| Нагахь халкъо, Ярушалайме а оьхуш, Везачу Элан цӀийнан кертахь сагӀа даккха доладахь, адамийн дегнаш юха а яхӀудхойн паччахь волчу РахьбуӀамна тӀедоьрзур ду. ТӀаккха цара со вуьйр ву». |
|
| 28 |
|
| ЯрбаӀама, ойла а йина, деших ши эса а доттийтина, халкъе элира: «ТӀех дукха ихира шу Ярушалайме. Ва Исраилан халкъ, хьо Мисар-махкара арадаьккхина хьан деланаш хӀорш бу». |
|
| 29 |
|
| Цхьа дашо эса Бетал-гӀалахь, важа — Дан-гӀалахь дӀахӀоттийра цо. |
|
| 30 |
|
| Цу гӀуллакхо халкъе къинош летадойтура. Ур-атталла Дан-гӀала а оьхура нах оцу шаьш динчу эсашна Ӏибадат дан. |
|
| 31 |
|
| Иштта гунаш тӀехь Везачу Элан а, харцделанийн а цӀенош догӀийтира ЯрбаӀама. Массо а халкъана юкъарчу нахах динан дай бина дӀахӀиттийра цо, уьш Левин тӀаьхьенах боццушехь. |
|
| 32 |
|
| Шеран борхӀалгӀачу беттан пхуьйтталгӀачу дийнахь ЯхӀуд-махкахь даздеш хиллачу кепара деза де билгалдаьккхира цо. Оцу дезачу дийнахь сагӀа доккхучу кхерчана тӀехь сагӀанаш дохура цо. Изза дира цо Бетал-гӀалахь а, деших ша динчу эсашна сагӀанаш а дохуш. Бетал-гӀалахь ша динчу сагӀа доккхучу гунаш тӀехь гӀуллакх деш динан дай дӀахӀиттийра цо. |
|
| 33 |
|
| Шеран борхӀалгӀачу беттан пхуьйтталгӀачу дийнахь, ша билгалбаьккхинчу баттахь, исраилхошна ша хӀоттийначу дезачу дийнахь, ша дӀахӀоттийначу сагӀа доккхучу кхерчана тӀе вахара иза, цигахь дийнаташ дагоран сагӀанаш дахархьама. |
|
|
|
|