|
| 1 |
|
| Кхаа шарахь Араман халкъана а, Исраилан халкъана а юкъахь тӀом бацара. |
|
| 2 |
|
| КхоалгӀачу шарахь яхӀудхойн паччахь ЯхӀушапти исраилхойн паччахьна тӀевахара. |
|
| 3 |
|
| Исраилхойн паччахьо шен ялхошка элира: «Шуна хаьий ГалӀад-махкахь йолу Рамат-гӀала вайн юйла? Ткъа вай дуккха а хенахь дуьйна, дист а ца хуьлуш, арамхойн паччахьан карара иза схьа а ца йоккхуш, Ӏаш ду». |
|
| 4 |
|
| Ахьаба ЯхӀушаптига элира: «Хьо вогӀур варий соьца ГалӀадерачу Рамат-гӀалина тӀелата?» ЯхӀушаптис исраилхойн паччахье Ахьабе жоп делира: «Дера вогӀур ву! Вай гергара ма ду. Сан халкъ а хьан халкъ ма ду, сан дой а хьан дой ма ду». |
|
| 5 |
|
| ЯхӀушаптис кхидӀа исраилхойн паччахье элира: «Амма цкъа хьалха Везачу Эло хӀун боху хаттийтахьа». |
|
| 6 |
|
| Исраилхойн паччахьо, виъ бӀе хиллал пайхамар схьа а гулвина, цаьрга хаьттира: «ГалӀадерачу Рамат-гӀала тӀамца ваха везий те со, я ваха ца веза те?» Цара жоп делира: «Ваха веза. Везачу Эло хьан кара схьалур ю иза». |
|
| 7 |
|
| ТӀаккха ЯхӀушаптис хаьттира: «Кхин цхьа а вуй те кхузахь Везачу Элан пайхамар? Цуьнгахула а Везачу Эле хаттар дийр дара вай». |
|
| 8 |
|
| Исраилхойн паччахьо ЯхӀушаптига элира: «Кхин а цхьа пайхамар ву, шегахула Везачу Эле хаттар дан мегар долуш. Амма суна иза ца веза, хӀунда аьлча цо цкъа а сох лаьцна Делера дика хаам ца бо, вониг бен. Иза Йимлаан кӀант Мика-ЯхӀу ву». «Паччахь, ма алахьа иштта», — элира ЯхӀушаптис. |
|
| 9 |
|
| ТӀаккха, паччахьан кертара цхьа ялхо схьа а кхайкхина, исраилхойн паччахьо цуьнга элира: «Вало, сихха Йимлаан кӀант Мика-ЯхӀу схьавалош вола». |
|
| 10 |
|
| Исраилхойн паччахь Ахьаб а, яхӀудхойн паччахь ЯхӀушапти а, шаьшшинна тӀе паччахьан духарш а дуьйхина, хӀорра а шен паччахьан гӀанта тӀе охьахиъна вара. Уьш Шамран-гӀалин кевнехьа йолчу хьаьттарехь бара. Берриге а пайхамарш бара, пайхамаралла а деш, царна хьалха дӀахӀиттина. |
|
| 11 |
|
| КинаӀанан кӀанта ЦӀадукъ-ЯхӀус, шена тӀе аьчка маӀаш а ехкина, элира: «Иштта боху Везачу Эло: „Арамхой хӀаллакбина охьабахккалц хӀара маӀаш Ӏуьттур ю ахьа царна“». |
|
| 12 |
|
| Массо а пайхамаро а, цхьатерра хаам а беш, бохура: «ГалӀадерачу Рамат-гӀалина тӀелата, дерриг а кхиамца чекхдер ду. Везачу Эло паччахьан кара схьалур ю иза». |
|
| 13 |
|
| Мика-ЯхӀуга схьакхайкха ваханчу стага цуьнга элира: «Пайхамарша, шаьш хиндолчух хаамаш бечу хенахь, массара а цхьатерра паччахьна диканиг олу. Хьан дош а хилахьара цара хӀораммо а бохучух терра. Ахьа а диканиг алахьа». |
|
| 14 |
|
| Мика-ЯхӀус цуьнга элира: «Дийна волчу Везачу Элах чӀагӀо йо аса, сайга Везачу Эло боххург айса дӀаэриг хилар». |
|
| 15 |
|
| Пайхамар паччахьна тӀевеара. Паччахьо Мика-ЯхӀу-пайхамаре хаьттира: «Мика-ЯхӀу! Ваха везий те со тӀамца ГалӀадерачу Рамат-гӀала я ца веза?» Мика-ЯхӀу-пайхамаро паччахье элира: «ДӀагӀо хьо. Кхиам хир бу хьан. Везачу Эло хьан кара схьалур ю хьуна иза». |
|
| 16 |
|
| ТӀаккха паччахьо цуьнга элира: «Мосазза чӀагӀо яйта еза те аса хьоьга, Везачу Элан дуьхьа билггал бакъдерг бен соьга хӀумма а ма алахьара аьлла?» |
|
| 17 |
|
| ТӀаккха Мика-ЯхӀу-пайхамаро элира: «Суна хьалха Делера сурт хӀоьтти, массо а исраилхой, шайна тӀехь Ӏу воцу уьстагӀий санна, лаьмнашкахула дӀасабаьржина. ТӀаккха Везачу Эло элира: „Вац царна тӀехь хьаькам, уьш хӀорра а шен цӀа маьрша вухавоьрзийла“». |
|
| 18 |
|
| Исраилхойн паччахьо ЯхӀушаптига элира: «Аса элирий хьоьга, цо цкъа а сох лаьцна Делера дика хаам ца бо, вониг бен!» |
|
| 19 |
|
| ТӀаккха Мика-ЯхӀу-пайхамаро элира: «Ткъа хӀинца Везачу Эло бохучуьнга ладогӀа! Суна гира, Веза Эла Шен Ӏаршана тӀе охьахиъна Ӏаш, ткъа стигаларчу гуламан массо а декъашхой Цунна уллохь лаьттара — Цуьнан аьтту а, аьрру а агӀор. |
|
| 20 |
|
| Везачу Эло элира: „Шух хьан тӀеерзор яра Ахьабан ойла, иза тӀамца ГалӀадерачу Рамат-гӀала а вахана, цигахь хӀаллакьхилийтархьама?“ Цхьаммо цхьаъ олура, вукхо важа олура. |
|
| 21 |
|
| ТӀаккха стигаларчу гуламан цхьана декъашхочо, Везачу Элана хьалха дӀа а хӀоьттина, элира: „Аса дийр ду“. Везачу Эло хаьттира: „Муха?“ |
|
| 22 |
|
| Стигалара гуламан оцу декъашхочо жоп делира: „Аса, вахана, цуьнан мел болчу пайхамаршка харцдерг олуьйтур ду“. Везачу Эло элира: „Ахьа иза берта а валаве, хьо ларор ву иза дан. Ваха а гӀой, иштта де ахьа“. |
|
| 23 |
|
| Иштта, Везачу Эло оцу хьан массо а пайхамаршка хьоьга харцдерг алийтира. Везачу Эло хьуна тӀе бохам баийта сацам ма бира!» |
|
| 24 |
|
| ТӀаккха КинаӀанан кӀанта ЦӀадукъ-ЯхӀус, Мика-ЯхӀу-пайхамаран бесни тӀе тӀара а тоьхна, элира: «И бохург хӀун ду? Везачу Элан Са хьоьгахула хаам бархьама, сох дӀакъаьстина ткъа?» |
|
| 25 |
|
| Мика-ЯхӀус элира: «Хьажал, хьо къайлавалархьама чухуларчу цхьана чоьнна чу ваханчу дийнахь иза хуур ду хьуна». |
|
| 26 |
|
| Исраилхойн паччахьо элира: «Мика-ЯхӀу-пайхамар схьа а лаций, гӀалин хьаькамна Аминна тӀе а, паччахьан кӀантана Юашина тӀе а вига. |
|
| 27 |
|
| Аша цаьрга дӀаала: „Иштта боху паччахьо: ‘ХӀара стаг набахти чу волла. Со маьрша цӀа верззалц, кӀеззиг бепиг а, хи а бен, хӀумма а ма ло цунна’“». |
|
| 28 |
|
| Мика-ЯхӀу-пайхамаро элира: «Нагахь хьо маьрша вухаверзахь, соьгахула хаам бинарг Веза Эла ца хилла». Кхин а цо элира: «Дерриг а халкъо ладогӀа аса аьллачуьнга!» |
|
| 29 |
|
| Исраилхойн паччахь а, яхӀудхойн паччахь ЯхӀушапти а ГалӀадерачу Рамат-гӀалина тӀелетира. |
|
| 30 |
|
| Ахьаб-паччахьо ЯхӀушапти-паччахье элира: «Аса, со мила ву къайладаккхархьама, сайна тӀера духар а хийцина, тӀом дӀаболор бу. Ткъа ахьа хьайн паччахьан духар тӀедуха». Иштта, ша мила ву къайладаккхархьама, шена тӀе хийцина хӀума а юьйхина, тӀом дӀаболийра исраилхойн паччахьо. |
|
| 31 |
|
| Арамхойн паччахьо шен ткъе шийтта тӀеман гӀудалкхийн хьаькаме омра динера: «Царах я жимачуьнца а, я воккхачуьнца а тӀом ма бе, веккъа цхьана исраилхойн паччахь воцучуьнца», — аьлла. |
|
| 32 |
|
| ЯхӀушапти шайна гича, гӀудалкхийн хьаькамашна иза билггал исраилхойн паччахь ву моьттира. Арамхой цунна тӀебуьйлабелира, тӀелата дагахь. ЯхӀушаптис мохь хьаькхча, |
|
| 33 |
|
| иза исраилхойн паччахь воций а хиъна, гӀудалкхийн хьаькамаш цунна тӀаьхьабевллачуьра севцира. |
|
| 34 |
|
| Цу хенахь цхьана стага ларамаза пха кхоьссира. И пха исраилхойн паччахьна тӀехь долчу гӀаьгӀнан дакъошна юккъе кхийтира, цо паччахьна чов йира. Шен гӀудалкх лелош волчуьнга Ахьаб-паччахьо элира: «Юха а верзий, тӀом бечу меттера дӀаваккха со — суна чов йина». |
|
| 35 |
|
| Амма цу дийнахь тӀом чӀагӀбелира, ткъа Ахьаб-паччахь арамхошна дуьхьал лаьттачу шен гӀудалкха чохь лоттуьйтура. Паччахьан цӀий гӀудалкхан буха охьаоьхура, ткъа суьйранна иза велира. |
|
| 36 |
|
| Малх дӀабузучу хенахь эскаран дакъошкахула дӀахьедар дӀасадаьржира: «ХӀора а шен-шен гӀала, шен-шен махка дӀагӀо!» — аьлла. |
|
| 37 |
|
| Иштта велира Ахьаб-паччахь. Цуьнан дакъа Шамран-гӀала деара, цигахь иза дӀавоьллира. |
|
| 38 |
|
| Паччахьан гӀудалкх Шамранан Ӏома чохь йилира (цигахь сийсаза лела зударий а луьйчура). Ткъа цуьнан цӀийна тӀе жӀаьлеша мотт хьаькхира, Везачу Эло ма-аллара. |
|
| 39 |
|
| Ахьаб-паччахьан кхидолчу гӀуллакхех лаьцна — цо мел динчух а, цо дӀахӀоттийначу пийлан кӀомсарех долчу цӀийнах а, цо яйтинчу массо а гӀаланех а лаьцна — яздина ду Исраилхойн паччахьийн тептар тӀехь. |
|
| 40 |
|
| Иштта, Ахьаб-паччахь, дӀа а кхелхина, шен дайх дӀакхийтира. Цуьнан метта паччахь хилла дӀахӀоьттира цуьнан кӀант Ахьаз-ЯхӀу. |
|
| 41 |
|
| Асин кӀант ЯхӀушапти яхӀудхойн паччахь дӀахӀоьттира, исраилхойн паччахьо Ахьаба паччахьалла до доьалгӀа шо долуш. |
|
| 42 |
|
| ЯхӀушапти паччахь дӀахӀуттуш, цуьнан ткъе пхийтта шо дара. Цо ткъе пхеа шарахь паччахьалла дира Ярушалаймехь. Цуьнан ненан цӀе Ӏазубат яра. Иза Шилхьайн йоӀ яра. |
|
| 43 |
|
| Массо а гӀуллакхашкахь ЯхӀушапти шен ден Асин новкъахула лелаш вара. Иза цу некъа тӀера дӀа а ца велира, Везачу Элан лаамехь а лийлира. Делахь а, тӀехь сагӀа доккху гунаш цо дӀадахаза дисина дара, ткъа наха кхидӀа а оцу гунаш тӀехь сагӀа а доккхура, хаза хьожа йогӀу хӀума а ягайора. |
|
| 44 |
|
| ЯхӀушаптис исраилхойн паччахьца машар латтийтира. |
|
| 45 |
|
| ЯхӀушаптин кхидолчу гӀуллакхех лаьцна — цуьнан майрачу гӀуллакхех а, цо бинчу тӀамах а лаьцна — яздина ду ЯхӀудхойн паччахьийн тептар тӀехь. |
|
| 46 |
|
| Шен дас Асас паччахьалла дечу хенахь дуьйна бисина болу, цӀуйн дуьхьа сийсаза лелаш болу «базбина» божарий а, хӀаллакбина, дӀабехира цо махкара. |
|
| 47 |
|
| Оцу хенахь Эдом-махкахь паччахь вацара. Цигахь олалла деш яхӀудхойн паччахьан мехкада вара. |
|
| 48 |
|
| ЯхӀушаптис хӀордкеманаш дайтира, Апар-махкара деши схьадархьама. Амма уьш цига дӀа ца кхечира. Новкъахь Ӏецйон-ГӀебаре дӀакхочуш хӀордкеманаш, доха а доьхна, хӀаллакьхилира. |
|
| 49 |
|
| ТӀаккха Ахьабан кӀанта Ахьаз-ЯхӀус ЯхӀушаптига элира: «Сан ялхой хьан ялхошца цхьаьна бахийта вай хӀордкеманаш тӀехь?» Амма ЯхӀушапти реза ца хилира иза дан. |
|
| 50 |
|
| ЯхӀушапти, дӀа а кхелхина, шен дайх дӀакхийтира. Иза царна уллохь, Даудан гӀалахь, дӀавоьллира. ЯхӀушаптин метта паччахь хилира цуьнан кӀант ЯхӀурам. |
|
| 51 |
|
| ЯхӀудхойн паччахьо ЯхӀушаптис олалла до вуьрхӀитталгӀа шо долуш, Ахьабан кӀант Ахьаз-ЯхӀу исраилхойн паччахь хилира. Шамран-гӀалахь Ӏаш а волуш, Ахьаз-ЯхӀус исраилхошна тӀехь шина шарахь олалла дира. |
|
| 52 |
|
| Шен ден а, ненан а новкъахула а лелаш, иштта Исраилан халкъе къинош летадайтина волчу НабатӀан кӀентан ЯрбаӀаман новкъахула а лелаш, цо Везачу Элана зуламе хеташ долу гӀуллакхаш лелийра. |
|
| 53 |
|
| Шен дас лелийна доллу гӀуллакхаш а лелош, БаӀална Ӏибадат а деш, цунна гӀуллакх дарна, Исраилан халкъан Веза Дела оьгӀазвахийтира Ахьаз-ЯхӀус. |
|
|
|
|