|
| 1 |
|
| Цу тайпана, берриг а Исраил-махкана тӀехь паччахь хилира Сулимах. |
|
| 2 |
|
| Сулим-паччахьан го иштта бара: динан да волчу ЦӀадукъин кӀант Ӏазар-ЯхӀу; |
|
| 3 |
|
| Шайшаан кӀентий Элихьорап а, АхьъяхӀу а — уьш бара кехаташ яздархой; Ахьлудан кӀант ЯхӀушапти, пачхьалкхан гӀуллакхех лаьцна яздархо; |
|
| 4 |
|
| ЯхӀу-ЯдаӀан кӀант БенъяхӀу, эскаран хьаькам волу; динан дай болу ЦӀадукъа а, Абу-ЯтӀари а; |
|
| 5 |
|
| Натин кӀант Ӏазар-ЯхӀу — иза мехкадайн куьйгалхо вара; Натин кӀант Зубади — иза динан да а, паччахьан юххера хьехамча а вара; |
|
| 6 |
|
| Ахьишар — иза паччахьан цӀентӀехь хьаькам вара; Ӏабдин кӀант Адунурам, беза белхаш бойтучу нахана тӀехь куьйгалхо волу. |
|
| 7 |
|
| Берриг а Исраил-махкана тӀехь Сулим-паччахьо дӀахӀоттийна шийтта мехкада вара. Цара сурсаташ дӀакхачадора паччахьна а, цуьнан цӀенна а. Царах хӀораммо а шеран цхьана баттана догӀу сурсаташ латто дезара. |
|
| 8 |
|
| Церан цӀераш иштта яра: лаьмнашкахь болчу Эпрайм-махкахь мехкада волу Бен-Хьур. |
|
| 9 |
|
| Бен-Декъар вара Макхац, ШаӀалбан, Байт-Шамаш, Эйлон, Байт-Хьанан цӀераш йолу гӀаланаш юкъайогӀучу мехкан мехкада. |
|
| 10 |
|
| Бен-Хьесад вара Арубат олучу а, Соха а гӀаланийн а, Хьепар олучу берриг а мехкан мехкада. |
|
| 11 |
|
| Бен-Абунадиб вара берриг Напат-Дор олучу мехкан мехкада. Ткъа Сулим-паччахьан йоӀ ТӀапат цуьнан зуда яра. |
|
| 12 |
|
| Ахьлудан кӀант БаӀана вара ТаӀнак а, МагӀидда а олучу гӀаланийн а, берриг Байт-Шеан цӀе йолчу мехкан а (иза бара ИзраӀал-гӀалина лахахь йолчу ЦӀартан-гӀалина юххехь), Байт-Шеан-махкара дуьйна болалуш Абел-Мехьал а, ЯкхмаӀам а олучу гӀаланашна тӀекхаччалц болчу мехкийн да. |
|
| 13 |
|
| Бен-ГӀебар вара ГалӀадан Рамат-гӀалин гонах болчу мехкийн мехкада. Оцу мехкашна юкъайогӀура ГалӀад-махкахь йолу Маннашан кӀентан Яиран ярташ. Иштта АргӀаб цӀе йолу Башан-махкахь йолу меттиг а, цӀестан гӀораш долуш, лекха керташ йолу кхузткъа йоккха гӀала а яра цу юкъайогӀуш. |
|
| 14 |
|
| Ӏиддин кӀант Ахьинадаб Махьанайм цӀе йолчу мехкан да вара. |
|
| 15 |
|
| Наптал-махкахь мехкада вара АхьимаӀац. Цо Сулим-паччахьан йоӀ Басамат йигнера шена. |
|
| 16 |
|
| Хьушайн кӀант БаӀана вара Ашар-мехкан а, БеӀалт-юьртан а мехкада. |
|
| 17 |
|
| Иссархан-мехкан да вара Парухьан кӀант ЯхӀушапти. |
|
| 18 |
|
| Элан кӀант ШамаӀи Бен-Яман-мехкан мехкада вара. |
|
| 19 |
|
| Эмархойн паччахьан Сихьонан а, Башан-мехкан паччахьан ӀовгӀин а хиллачу ГалӀад-мехкан мехкада вара Урин кӀант ГӀебар. ЯхӀуд-махка тӀехь а цхьа мехкада хӀоттийнера. |
|
| 20 |
|
| ЯхӀуд-махкахь а, Исраил-махкахь а, хӀордан йистера гӀум санна, алсамдаьлла дебнера халкъ. И адамаш юуш, молуш, самукъадолуш дара. |
|
| 21 |
|
| Эпрат-хин тӀера дӀадоладелла пӀелаштамхойн махкана тӀекхаччалц а, Мисар-мехкан дозане кхаччалц а йолчу меттигашкарчу массо а паччахьна тӀехь олалла дора Сулим-паччахьо. Оцу пачхьалкхаша Сулим-паччахь дӀакхалхалц массо а тайпана сурсаташ а, кхин долу хьал а латтадора, гӀуллакх а дора цунна. |
|
| 22 |
|
| Сулим-паччахьна а, паччахьан цӀентӀехь цунна гӀуллакх деш болчарна а, хӀора дийнахь юучунна оьшуш йолу хӀума иштта яра: бӀе шовзткъе итт гали кӀен дама а, кхо бӀе гали кхин тайпана долу дама а, |
|
| 23 |
|
| итт бустийна сту а, жа тӀера цхьа бӀе уьстагӀ а. Уьш доцург кхин а сеш, масарш, лунаш, дустийна зӀакардаьхни а дара. |
|
| 24 |
|
| Сулим-паччахьан олаллехь дара Эпрат-хина малхбузехьара агӀор болчу Тапсахь-гӀалара дуьйна Ӏази-гӀала кхаччалц долу мехкаш. Оцу Эпрат-хина сехьа агӀор долчу мехкашкара паччахьашна а тӀехь олалла деш вара Сулим-паччахь. Гонах долчу кхечу дерриг а мехкашца а машарехь Ӏаш вара Сулим-паччахь. |
|
| 25 |
|
| Иштта, ЯхӀуд-мехкан а, Исраил-мехкан а адамаш Дан-гӀалара дуьйна Беар-ШабаӀ-гӀала кхаччалц хӀора а шайн-шайн кемсийн а, инжир-диттийн а ӀиндагӀашкахь тийна-маьрша Ӏаш бара, Сулим-паччахь дийна мел ву. |
|
| 26 |
|
| Йиъ эзар гӀудалкх южу дойн керт а, шийтта эзар дин а бара Сулим-паччахьан. |
|
| 27 |
|
| Цуьнан шийтта мехкадас шеран шийтта беттан хӀора баттахь цхьаццаммо Сулим-паччахьна а, цуьнца цхьаьна шуьне охьаховшуш болчарна а оьшшург латтадора. Иштта, цара цхьа а хӀума ца оьшуьйтура цунна. |
|
| 28 |
|
| Говрашна а, кхин долу мохь тӀе буьллу дийнаташна а оьшуш йолу йол а, мукх а хӀораммо шайн-шайн рогӀехь тӀебахьара паччахьна ян езачу меттиге. |
|
| 29 |
|
| ХӀордан йистера гӀум йолччул боккха кхетам а, шортта хьекъалалла а деллера Дала Сулим-паччахьна. |
|
| 30 |
|
| Малхбалехьарчу дерриг а халкъийн а, берриг а Мисар-мехкан халкъан а хьекъалал а сов дара Сулим-паччахьан хьекъалалла. |
|
| 31 |
|
| Иза массо адамал а хьекъалдолуш вара. Сулим-паччахьан хьекъалалла Ӏезарахьахо волчу Этанан а, Махьалан кӀентий болчу ХӀайманан а, Калкалан а, ДардаӀан а хьекъалаллел а сов дара. Сулим-паччахьан цӀеран сийлалла хьалаяьллера гонах долчу дерриг а халкъашна юкъахь. |
|
| 32 |
|
| Сулим-паччахьо кхо эзар кица а, цхьа эзар пхи илли а аьллера. |
|
| 33 |
|
| Цо дуьйцура диттех лаьцна хаза хӀуманаш, Ливанун-махкахь долуш долчу баганан диттах лаьцна дӀаволавелла, поппарца боьттинчу пенах схьаюьйлучу бецех лаьцна а олуш. Сулим-паччахьо дуьйцура дийнатех а, олхазарех а, текхаргех а, чӀерех а лаьцна долу хӀуманаш. |
|
| 34 |
|
| Сулим-паччахьан хьекъалаллех лаьцна хезначу дуьнен чуьра массо а паччахьаша хьажийна болу, массо а къаьмнех болу нах оьхура Сулим-паччахье ладогӀа. |
|
|
|
|