×

Делан Йозанаш 2012

1 Шерашкахь 1

1
Адамах схьабевлла: ШатӀа, Энош,
2
Къаим, Махьаллал, Ярад,
3
ХӀанох, Матушалахь, ЛемакӀ,
4
Нохьа. Ткъа Нохьин кӀентий бара: Шима, Хьама, Япат.
5
Япатан кӀентий бара: Гомар, МагӀогӀ, Мадай, Яван, Тубал, Машах, Тирас.
6
Гомаран кӀентий бара: Ашкиназ, РипӀат, ТогӀарма.
7
Яванан кӀентий бара: Элша, Таршаш, Хитам, Роданам.
8
Хьамин кӀентий бара: Хуша, Мисар, ПӀатӀа, КанаӀан.
9
Хушин кӀентий бара: Себа, Хьавил, СабтӀа, РуӀман, Сабтехьа. РуӀманан кӀентий бара: Шеба, Даддан.
10
Ткъа Хушин вара Намрад цӀе йолуш кӀант, иза чӀогӀа ницкъ болуш кӀант вара.
11
Мисарх схьабевлла: лудамхой, Ӏанамхой, лахӀабхой, наптухьхой,
12
патӀрусхой, шайх пӀелаштамхой схьабевлла болу каслахӀамхой, каптӀархой.
13
КанаӀанан кӀентий хӀорш бара: дуьххьарлера доьзалхо волу ЦӀадан, цул тӀаьхьа хилла волу Хьета.
14
Иштта КанаӀанах схьабевлла: явсайхой, эмархой, гӀиргӀашахой,
15
хьаьвихой, Ӏаьркхахой, синахой,
16
арвадихой, цӀемархой, хьаматхой.
17
Шимин кӀентий бара: Ӏейлам, Ашур, Арпахшад, Луда, Арам. Араман кӀентий бара: ӀуцӀа, Хьула, ГӀетӀар, Машах.
18
Арпахшадан кӀант вара Селахь, ткъа Селахьан кӀант вара Ӏебар.
19
Ӏебаран ши кӀант вара: цхьана кӀентан цӀе ПалагӀ яра, хӀунда аьлча иза вехачу хенахь лаьтта тӀехь адам декъадалар а, дӀасадаржар а хилира. ПалагӀан вешин цӀе Якхтан яра.
20
Якхтанан кӀентий бара: Алмадад, ШалапӀ, Хьацармават, Ярахь,
21
ХӀайдарам, Узал, Дикхалла,
22
Ӏейбал, Абумаил, Шеба,
23
Апар, Хьавил, Ябаб. Уьш берриш а Якхтанан кӀентий бара.
24
Ткъа Шимин кӀентий хилла: Арпахшад, Селахь,
25
Ӏебар, ПалагӀ, Рахьу,
26
СерагӀ, Нахьир, ТӀахьир,
27
Ибрам, цуьнан кхин цӀе ИбрахӀим ю.
28
ИбрахӀиман кӀентий бара: Исхьакх а, ИсмаьӀал а.
29
Церан тӀаьхье иштта яра: ИсмаьӀалан дуьххьарлера кӀант вара Набуяти, цул тӀаьхьа хилира Къедар, Адбаал, Мибасам,
30
МишмаӀ, Дума, Маси, Хьадид, Тейма,
31
Етар, Напуши, Къедима. Уьш бара ИсмаьӀалан кӀентий.
32
ИбрахӀиман гӀарбаш-зудчо Къитурата бина кӀентий бара: Зимран, Якхешан, Медан, Мадани, Ишбакх, Шуахь. Якхешанан кӀентий бара: Шеба, Даддан.
33
Маданин кӀентий бара: Ӏейпа, Ӏайпар, Хьанах, АвидаӀ, ЭлдаӀа. Уьш берриш а Къитуратан кӀентий бара.
34
ИбрахӀиман кӀант волчу Исхьакхан кӀентий бара: Ӏесав, Исраил.
35
Ӏесаван кӀентий бара: Элипаз, РаӀал, ЕӀуш, ЯӀлам, Кхорахь.
36
Элипазан кӀентий бара: Теман, Омар, Цепа, ГаӀтам, Кхеназ. Ткъа ТамнаӀа цунна Ӏамалекх винера.
37
РаӀалан кӀентий бара: Нахьати, Зерахь, Шама, Миза.
38
СеӀиран кӀентий бара: Лутани, Шубали, ЦӀибӀон, Ӏана, Дишон, Эцар, Дишан.
39
Лутанин кӀентий бара: Хьори, ХӀейма. ТамнаӀ Лутанин йиша яра.
40
Шубалин кӀентий бара: Ӏалиян, Манахьат, Ӏейбал, Шапи, Онам. ЦӀибӀонан кӀентий бара: АяхӀу, Ӏана.
41
Ӏанин кӀант вара: Дишон. Дишонан кӀентий бара: Хьамран, Эшбан, Итран, Керан.
42
Эцаран кӀентий бара: БилхӀан, ЗаӀван, ЯӀакхан. Дишанан кӀентий бара: ӀуцӀа, Арани.
43
Исраилан махкахь паччахьаш хилале, Эдомехь хӀара паччахьаш хиллера: БеӀаран кӀант БулаӀ. Цуьнан гӀалин цӀе ДинхӀаба яра.
44
БулаӀ велча, цуьнан метта паччахь хилира Бацар-гӀаларчу Зерахьан кӀант Ябаб.
45
Ябаб велча, цуьнан метта паччахь хилира теманхойн махкара Хьушам.
46
Хьушам велча, цуьнан метта паччахь хилира Бедадан кӀант ХӀадад. Муаби-махкахь маданхошна тӀехь толам баьккхинера цо. Цуьнан гӀалин цӀе Ӏавит яра.
47
ХӀадад велча, цуьнан метта паччахь хилира Масрекха-гӀалара Самла.
48
Самла велча, цуьнан метта паччахь хилира хин йистехь йолчу Рехьабат-гӀалара Шаул.
49
Шаул велча, цуьнан метта паччахь хилира Ӏахбаран кӀант БаӀал-Хьанан.
50
БаӀал-Хьанан велча, цуьнан метта паччахь хилира ХӀадад. Цуьнан гӀалин цӀе ПаӀу яра. ХӀададан зудчун цӀе яра Ма-ХӀайтӀабал. Иза МезахӀабан йоӀан Матарадан йоӀ яра.
51
ХӀадад а велла. Эдом-махкахь хӀара баьччанаш а хилла: ТамнаӀ, Ӏаьлви, Етат,
52
АхӀлибам, Эла, Пинан,
53
Кхеназ, Теман, Мубацар,
54
Магдаал, Ӏирам. Уьш эдомхойн баьччанаш хилла.
Chechen Bible 2012
Институт перевода Библии, 2012
:
Сохранить Заметки