|
| 1 |
|
| Цора-гӀалин паччахьо Хьирама геланчаш хьажийна хилла Даудана тӀе, цаьрца баганан дечиг а дохьуьйтуш, тӀулг буттурш а, дечиган пхьераш а бохуьйтуш, цаьрга Даудана паччахьан цӀа дайтархьама. |
|
| 2 |
|
| ТӀаккха кхийтира Дауд, Везачу Эло ша исраилхойн паччахьан даржехь чӀагӀвинийла а, Цо хаьржина долчу Исраилан халкъан дуьхьа шен паччахьалла чӀогӀа айинийла а. |
|
| 3 |
|
| Ярушалаймехь волуш, Дауда шена кхин а зударий балийра. Кхин а кӀентий а, йоӀарий а хилира цуьнан. |
|
| 4 |
|
| Даудана Ярушалаймехь динчу берийн цӀераш иштта яра: ШамуӀ, Шубаб, Ната, Сулим, |
|
| 5 |
|
| Ибхьар, Эли-ШуӀа, Эли-Палати |
|
| 6 |
|
| НугӀахӀи, Непаг, ЯпияӀ, |
|
| 7 |
|
| Эли-ШамаӀ, БаӀал-ЯдаӀ, Эли-Пулат. |
|
| 8 |
|
| ПӀелаштамхошна Дауд дерриг а Исраилан халкъана тӀехь паччахь хила къобалвинийла дӀахиъча, уьш берриш а иза лаха арабевлира. Ткъа Дауд, шена и хезча, царна дуьхьалвала аравелира. |
|
| 9 |
|
| Ткъа пӀелаштамхой, схьа а баьхкина, Репайм олучу тогӀи чохь нахана тӀелетира. |
|
| 10 |
|
| ТӀаккха Дауда Деле хаьттира: «Со пӀелаштамхошна дуьхьал вала мегий? Ахьа уьш сан кара схьалур буй те?» — аьлла. Везачу Эло жоп делира: «Мега. Аса уьш хьан кара дӀалур бу», — аьлла. |
|
| 11 |
|
| Уьш БаӀал-Паруциме бахара, цигахь Дауда пӀелаштамхой эшийра. Дауда элира: «Дистина тӀедогӀучу хино санна, Везачу Эло дӀабехира сан мостагӀий сан куьйгахула». Цундела цу меттигна, БаӀал-Паруцим аьлла, цӀе тиллира (иза «хи тӀедаларан олахо» бохург ду). |
|
| 12 |
|
| ПӀелаштамхоша цигахь шайн деланаш битира, ткъа Дауда, омра а дина, уьш цӀергахь багабайтира. |
|
| 13 |
|
| Юха а пӀелаштамхой, баьхкина, тогӀи чохь болчу нахана тӀелетира. |
|
| 14 |
|
| Дауда кхин цкъа а Везачу Эле хаттар дира, ткъа Дала цунна жоп делира: «Нийсса царна дуьхьал ара ма вала. ТӀехьахула тӀе а гӀой, комарийн дитташ долчу агӀор царна тӀелата. |
|
| 15 |
|
| Хьайна, комарийн диттийн баххьашкахула цхьаъ дӀавоьдуш санна, гӀовгӀа хазахь, тӀом бан аравала. Цунах хьуна хуур ду, Дела, хьуна хьалха а ваьлла, пӀелаштамхойн эскар хӀаллакдан воьдийла». |
|
| 16 |
|
| Дауда Везачу Эло шена тӀедиллинарг кхочушдира. Цара пӀелаштамхойн эскар ГавӀон-гӀалара дуьйна ГӀазар-гӀалина тӀекхаччалц хӀаллакдира. |
|
| 17 |
|
| Иштта, массо а мехкашкахула цӀе яхара Даудан. Массо а халкъаш цунах кхоьруш дӀахӀиттийна хилла Везачу Эло. |
|
|
|
|