|
| 1 |
|
| Делан тӀорказ, схьа а деана, Дауда цунна кечдинчу четар чохь охьадиллира. ТӀаккха Далла хьалха дийнаташ дагоран а, бертан а сагӀанаш дехира цара. |
|
| 2 |
|
| Ша дийнаташ дагоран а, бертан а сагӀанаш даьхна ваьллачул тӀаьхьа, Дауда Везачу Элан цӀарах халкъ декъалдира. |
|
| 3 |
|
| Массо а исраилхочунна, божаршна санна, зударшна а, цо цхьацца бепиг а, Ӏаьвдинчу хурманийн цхьацца курс а, Ӏаьвдинчу кишмашийн цхьацца курс а кховдийра. |
|
| 4 |
|
| ТӀаккха цхьаболу левихой Везачу Элан тӀорказна хьалха гӀуллакх дан дӀахӀиттийра цо, цаьрга Исраилан халкъан Везачу Далла доӀанаш дайтархьама а, баркалла алийтархьама а, хастам байтархьама а. |
|
| 5 |
|
| Царах коьртаниг Асайп вара, шолгӀаниг вара Закри-ЯхӀу, цул тӀаьхьа бара ЯӀиал, Шамирамути, Яхьиал, Маттит-ЯхӀу, Элиаб, БенъяхӀу, Ӏабади-Эдом, ЯӀиал. Уьш мерз-пондарш а, дечиг-пондарш а карахь долуш дӀахӀиттийра. Асайп дӀахӀоттийнера цӀастанан жима негӀарш вовшехдетта. |
|
| 6 |
|
| Динан дай болу БенъяхӀу а, Яхьазиал а дӀахӀиттийнера Делаца бинчу бертан тӀорказна хьалха, цаьрга массо а хенахь турба лакхийтархьама. |
|
| 7 |
|
| Цу дийнахь Дауда дуьххьара делира Асайпан а, цуьнан гергарчеран а кара Везачу Элана баркаллин дешнаш алар. |
|
| 8 |
|
| Баркалла ала Везачу Элана! Цуьнан цӀарна хастамаш бе! Довзийта халкъашна Цуьнан гӀуллакхаш. |
|
| 9 |
|
| Иллеш ала Цунна, пондарш лакха Цунна. Дерриг а Цуьнан тамашийначу гӀуллакхех лаций дӀадийца. |
|
| 10 |
|
| Дозалла де Цуьнан езачу цӀарах! Веза Эла лоьхучийн дегнаш самукъадолуш хуьлийла! |
|
| 11 |
|
| Веза Эла а, Цуьнан ницкъ а лаха, гуттар Цунна уллохь хила гӀерта. |
|
| 12 |
|
| Дагахь латтаде Цо дина тамашийна гӀуллакхаш а, Цо гайтина билгалонаш а, Цо йина кхелаш а, |
|
| 13 |
|
| ва Цуьнан ялхо хиллачу ИбрахӀиман хӀух дерш, Цо хаьржина хиллачу Якъубан тӀаьхьенах дерш! |
|
| 14 |
|
| Веза Эла волу Иза вайн Дела ву. Цуьнан кхелаш массо а лаьттахула ю. |
|
| 15 |
|
| Цо даим дагахь латтор бу Шен барт, эзаран барамехь йолчу тӀаьхьенашна Ша делла дош, |
|
| 16 |
|
| ИбрахӀимца Ша бина болу барт, Исхьакхана, чӀагӀо а еш, Ша дина ваӀда. |
|
| 17 |
|
| Цо Якъубана иза чӀагӀдира парз санна, Исраилана — гуттаренна а болу барт санна. |
|
| 18 |
|
| Цо аьллера: «Хьуна лур ду Аса канаӀанхойн латта, и дакъа хьуна шерет санна кхочур ду». |
|
| 19 |
|
| Церан терахь цу хенахь дуккха а ца хилла, кӀезиг а болуш, уьш махкахь тӀебаьхкина Ӏаш хилла. |
|
| 20 |
|
| Уьш дӀаоьхура цхьа къам долчуьра важа къам долчу, цхьана пачхьалкхера кхечу халкъан пачхьалкх йолчу. |
|
| 21 |
|
| Дала цхьанна а бакъо ца лора уьш бацо, церан дуьхьа Цо паччахьашка дӀахьедар дора: |
|
| 22 |
|
| «Ас къобалбинчарах дӀа ма хьакхалолаш, Сан пайхамаршна зулам а ма делаш». |
|
| 23 |
|
| Лакха эшарш Везачу Элана массо а дуьнено. Де дийне мел дели Цуьнан кӀелхьардахар кхайкхаде. |
|
| 24 |
|
| Къаьмнашна юкъахь Цуьнан сийлалла дӀакхайкхае, массо а халкъашка Цуьнан тамашийна гӀуллакхаш дӀадийца. |
|
| 25 |
|
| Сийлахь ву Веза Эла, Цунна хастамаш бан хьакъ а ду. Массо а деланел а Шега болчу ларамах бузуьйтуш ву Иза. |
|
| 26 |
|
| Кхечу къаьмнийн массо а деланаш — цӀуш бу, ткъа Везачу Эло стигалш кхоьллина. |
|
| 27 |
|
| Цунна гонах паччахьан сий а, исбаьхьалла а ю. Цуьнан деза цӀа ницкъах а, хазахетарх а дуьзна ду. |
|
| 28 |
|
| Къаьмнийн доьзалш, Везачу Элана хастамаш бейша! Везачу Элан сийлалла а, ницкъ а кхайкхадейша! |
|
| 29 |
|
| Везачу Элан цӀеран сийлаллина лерина кхайкхамаш бейша! СагӀанаш а дахьаш, Цуьнан цӀийнан керта чу дуьйлийша! Цо Шен возалла гойтучу хенахь Везачу Элана суждане гӀойша. |
|
| 30 |
|
| Дерриг а дуьне, дегаде Цунна хьалха! Латта чӀогӀа лаьтташ ду, ткъа иза меттахдер а дац! |
|
| 31 |
|
| Стигалш сакъералойша, латта даккхийде! ДӀаала халкъашка: «Веза Эла паччахьалла деш ву!» |
|
| 32 |
|
| ХӀордо а, цунна чохь мел долчу хӀумано а гӀовгӀа е! Кхаш а, царна тӀехь мел дерг а даккхийдеш хила. |
|
| 33 |
|
| Хьуьнхахь мел долу дитташ а даккхийдеш хир ду, Везачу Элана хьалха, хӀунда аьлча Иза вогӀуш ву, дуьненна тӀехь куьйгалла дархьама. |
|
| 34 |
|
| Баркалла ала Везачу Элана, Иза дика хиларна, Цуьнан хедар боцу безам абаденналц бу. |
|
| 35 |
|
| Алийша: «КӀелхьардахахьа тхо, КӀелхьардохург волу тхан Дела, схьа а гулдехьа, кӀелхьар а дахахьа тхо кхечу къаьмнашна юкъара, тхоьга Хьан цӀе хастаяйта а, Хьуна хастам барх тхоьга дозалла дайта а. |
|
| 36 |
|
| Хастам бу Исраилан халкъан Везачу Далла, азалехь дуьйна абаденналц!» Дерриге а халкъо элира: «Амин! Хастам бу Везачу Элана!» |
|
| 37 |
|
| Асайп а, цуьнан гергарнаш а Везачу Элаца бинчу бертан тӀорказна хьалха дӀахӀиттийна битира Дауда, цаьрга массо а хенахь, хӀора а дийнан эшаре хьаьжжина, гӀуллакх дайтархьама. |
|
| 38 |
|
| Цаьрца цхьаьна цо витира Ӏабади-Эдом а, цуьнан гергарчарах волу кхузткъе ворхӀ стаг а. Ткъа Ядутунан кӀант Ӏабади-Эдом а, иштта Хьоса а кевнехь гӀарол дийраш бара. |
|
| 39 |
|
| Ткъа динан да волу ЦӀадукъа а, динан дай болу цуьнан вежарий а Дауда битира ГавӀонан гу тӀехь долчу Везачу Элан цӀа чохь. |
|
| 40 |
|
| Уьш хӀиттийнера, цаьрга дагоран сагӀа доккхучу кхерчана тӀехь массо а хенахь, Ӏуьйранна а, суьйранна а Везачу Элана дагоран сагӀанаш дахийтархьама, Везачу Эло Исраилан халкъана дӀабеллачу товрат-хьехам тӀехь яздинчу массо а хӀумане хьаьжжина. |
|
| 41 |
|
| Цаьрца цхьаьна, Везачу Элана хастамаш байтархьама, цигахь битинера ХӀайман, Ядутун, кхиболу, хӀораннан а цӀе а йоккхуш, схьахаьржина болу нах а, хӀунда аьлча Цуьнан хедар боцу безам абаденналц бу. |
|
| 42 |
|
| ХӀайман а, Ядутун а хӀоттийнера турбанашца а, цӀастанан негӀаршца а, Далла иллеш аларна лерина болчу кхечу зурманийн гӀирсашца а мукъам балорна тӀехь. Ткъа Ядутунан кӀентий кевнехь дӀахӀиттийна бара. |
|
| 43 |
|
| Дерриге а халкъ шен-шен цӀа дирзира. Дауд а юхавирзира, шен цӀа декъалдархьама. |
|
|
|
|