Хьо миччахьа вахча а, Со массо а хенахь хьоьца хилла. Массо а хьан мостагӀий Аса хӀаллакбина. Аса дуьнен тӀехь сийлахь болчарна юкъахь а къаьсттина хьан сий хьаладоккхур ду.
мехкан куьйгалхой Сан къомана тӀехь Аса къобалбинчу хенахь дуьйна иза ма-хиллара. Аса хьан массо а мостагӀий кӀелбуьтур бу. Аса хаам бо хьоьга, Веза Эла волчу Айса хьуна хьан тӀаьхьенах цӀа дийр ду аьлла.
Со цуьнан да хир ву, иза Сан кӀант хир ву. Амма Сайн цуьнга болу безам Аса дӀабоккхур бац, хьол хьалха хиллачуьнга Сайн хилла безам Аса дӀабаьккхинехь а.
ТӀаккха Дауд-паччахьо, ваха а вахана, Везачу Элана хьалха дӀа а хӀоьттина, элира: «Со а мила вара, ва Веза Дела, сан цӀа а хӀун яра, Ахьа цу тайпана со даржехь лакхаваккхал?
Хьуна-м иза а кӀезиг хетта, ва Дела! Ахьа Хьайн лай волчун цӀийнах хиндерг а схьадийци. Со цхьа сийлахь-доккха адам долуш санна хьоьжу Хьо соьга, Веза Дела!
иза билггал хилийтархьама а, массо а тӀейогӀун йолчу ханна Хьан цӀе язъяйтархьама а. ТӀаккха наха эр ду: „Массо а ницкъийн Веза Эла, Исраилан халкъана тӀехь волу Дела — Иза Исраилан халкъехьа волу Дела ву!“ Иштта Хьан лай волчу Даудан цӀа Хьуна хьалха чӀагӀделла лаьттар ду!
Хьан лай волчун тӀаьхье декъалъехьа, иза массо а ханна а Хьайна хьалха хилийтархьама. Веза Эла волчу Ахьа сан цӀа декъал ма дина, цундела иза массо а хенахь декъал хир ду».