|
| 1 |
|
| Цул тӀаьхьа Дауда, пӀелаштамхошна тӀехь толам а баьккхина, уьш муьтӀахь бира. Иштта, Гати-гӀала а, цунна гонах йолу меттигаш а цо пӀелаштамхойн карара схьаехира. |
|
| 2 |
|
| Иштта, муабахой а эшийра Дауда, ткъа уьш Даудан лай хилла дӀахӀиттира, кхунна ял а луш. |
|
| 3 |
|
| Цоба-мехкан паччахь волу ХӀадад-Ӏезар Эпрат-хина йистехула Ӏохкуш долчу латтанаш тӀехь шен паччахьалла дӀахӀотто воьдучу хенахь, Хьамат-гӀалахь Дауда эшийра. |
|
| 4 |
|
| Цуьнгара цхьа эзар гӀудалкх а, ворхӀ эзар бере а, ткъа эзар гӀашло а схьаваьккхира цо. Шен гӀудалкхашна хьалха дӀайожа бӀе говр бен ца юьтуш, массо а говрийн когийн хьорзамаш хедийра цо. |
|
| 5 |
|
| Цоба-мехкан паччахь волчу ХӀадад-Ӏезарна гӀоьнна Дамасакхера арамхой баьхкира, амма Дауда ткъе шиъ эзар арамхо хӀаллаквира. |
|
| 6 |
|
| Дауда арамхой Ӏаш болчу Дамасакхехь шен эскаран цхьайолу тобанаш дӀахӀиттийра. Иштта, арамхой а Даудан лай хилла дӀахӀиттира, цунна ял а луш. Везачу Эло араволучу массо а меттера толамца цӀа воьрзуьйтура Дауд. |
|
| 7 |
|
| ХӀадад-Ӏезаран баьччанех дисина долу дашо турсаш схьа а эцна, Ярушалайме схьадеара Дауда. |
|
| 8 |
|
| ХӀадад-Ӏезаран олаллехь хиллачу ТӀивхьат-гӀалара а, Кун-гӀалара а цо дукха ез схьадаьккхира. (ТӀаьхьо цунах Сулим-паччахьо боккха цӀестан яй а, бӀогӀамаш а, пхьегӀаш а Делан цӀенна яйтира.) |
|
| 9 |
|
| Хьамат-гӀалахь паччахь волчу ТоӀина хезира, цобахойн паччахьан ХӀадад-Ӏезаран эскар Дауда эшийна аьлла. |
|
| 10 |
|
| ТӀаккха ТоӀас шен кӀант ХӀайдарам вахийтира Даудан сий дан а, цунна ХӀадад-Ӏезар эшаварна баркалла ала а, ХӀадад-Ӏезар шеца кест-кеста тӀом беш схьавеана дела. Ша Дауд волчу вогӀуш, ХӀайдарама дашо а, дато а, цӀестан а пхьегӀаш еара. |
|
| 11 |
|
| Уьш а Дауд-паччахьо Везачу Элана лерина дечу гӀуллакхна йитира, ша эшийначу къаьмнашкара — эдомхошкара а, муабахошкара а, Ӏамминхошкара а, пӀелаштамхошкара а, Ӏамалекхахошкара а — схьа мел даьккхина долу дети а, деши а санна. |
|
| 12 |
|
| Дуьра тогӀи олучу меттигехь Царуятан кӀанта Абушайс берхӀитта эзар эдомхо эшийра. |
|
| 13 |
|
| Дауда Эдомехь шен эскаран тобанаш дӀахӀиттийра, ткъа массо а эдомхо цуьнан лай хилла дӀахӀоьттира. Везачу Эло Дауд араволучу массо а меттигера толамца цӀа воьрзуьйтура иза. |
|
| 14 |
|
| Дерриг а Исраилан халкъана тӀехь паччахьалла а деш, шен халкъаца бакъо а, нийсо а лелош вара Дауд. |
|
| 15 |
|
| Царуятан кӀант Йоаб цуьнан эскаран хьаькам вара, ткъа Ахьлудан кӀант ЯхӀушапти пачхьалкхан гӀуллакхаш дӀаяздеш верг вара. |
|
| 16 |
|
| Ахьтубин кӀант ЦӀадукъа а, Абу-ЯтӀарин кӀант Ахьи-Малик а динан дай бара, ткъа Шавша йозанчин болх беш вара. |
|
| 17 |
|
| ЯхӀу-ЯдаӀан кӀант БенъяхӀу кератхошний, палетхошний тӀехь хьаькам вара, ткъа Даудан кӀентий паччахьан хьехамчийн хьалхарнаш бара. |
|
|
|
|