Делан Йозанаш 2012
|
| 1 |
| Цхьа шо даьлча, паччахьаш тӀамана арабовлучу хенахь, Йоаба эскар арадаьккхира. Ӏамминхойн мохк боха а бина, схьа а веана, Рабба-гӀалина го бира цо. Ткъа Дауд Ярушалаймехь сецира. Йоаба Рабба-гӀала, схьа а яьккхина, йохийра. |
| 2 |
| Дауда церан паччахьан коьртара деших дина, дезачу жовхӀарех кхелина долу таж схьаийцира. И таж дешин шина пуьнтах динера. Иза Даудан коьрта тӀе диллира. Цо дуккха а хӀонс араяьккхира цу гӀалара. |
| 3 |
| Рабба-гӀалахь мел болу бахархой ара а баьхна, уьш херхашца, аьчка отургашца, дагаршца болх бан дӀахӀиттийра цо. Дауда массо а Ӏамминхойн гӀаланашкахь цу тайпана белхаш дӀаболийра. Цул тӀаьхьа Дауд а, дерриг а цуьнан эскар а Ярушалайме юхадирзира. |
| 4 |
| Цул тӀаьхьа ГӀазар-гӀалахь пӀелаштамхошца тӀом дӀаболабелира. Цигахь хьушатхо волчу Субахис турпалш болчу репахойн тӀаьхьенах волу Сипай вийра. ТӀаккха уьш муьтӀахь хилира исраилхошна. |
| 5 |
| ТӀаьхьо кхин а цхьа тӀом хилира пӀелаштамхошца. Цигахь ЯӀиран кӀанта Элхьанана гатихо волчу ГӀолиатан ваша Лахьми вийра. Цуьнан гоьмукъа тӀера гӀаж кӀадидархочо болх бечу хенахь лелош йолу еха гӀаж санна яра. |
| 6 |
| Гати-гӀалахь кхин а хилира тӀом. Цигахь цхьа инзаре лекха стаг вара. Цуьнан куьйгийн а, когийн а ялх-ялх пӀелг бара. Уьш берриш а ткъе биъ пӀелг бара. И стаг а турпалш болчу репахойх схьаваьлла вара. |
| 7 |
| Иза, исраилхойх лаьцна вон бага етташ, луьйш вара. И репахо Даудан вешин ШимӀин кӀанта ЯхӀунатас вийра. |
| 8 |
| И кхо стаг Гати-гӀаларчу турпалш болчу репахойн гаранах схьаваьлла вара. Уьш Даудан а, цуьнан эскархойн а карах белира. |
| Сохранить Заметки |
https://beblia.bible:81/BibleAudio/chechen/1chronicles/020.mp3
29
20