|
| 1 |
|
| Доьзалийн баьччанаш а, тӀеман коьрта хьаькамаш а, тӀеман хьаькамаш а, церан ялхой а чубогӀучу исраилхойн тобанийн куьйгалхойн цӀераш иштта яра. Шеран хӀора баттахь эскаран цхьацца тобано паччахьна гӀуллакх дора, цуьнца доьзна долу массо а тайпа хӀуманаш кхочуш а деш. ХӀора тобанна чувогӀура ткъе виъ эзар стаг. |
|
| 2 |
|
| Дуьххьарлерчу баттахь хьалхарчу тобанна тӀехь куьйгалла дора Забдиалан кӀанта ЯшбаӀама. Цуьнан тобанехь ткъе виъ эзар стаг вара. |
|
| 3 |
|
| ЯшбаӀам Парасан тӀаьхьенах вара. Шеран хьалхарчу баттахь иза вара эскаран массо а хьаькамашна тӀехь коьртаниг. |
|
| 4 |
|
| ШолгӀачу баттахь гӀуллакх деш йолчу тобанна тӀехь куьйгалла дора ахьохьахо волчу Додис. Микхлута цунна гӀо дора. Додин тобанехь ткъе виъ эзар стаг вара. |
|
| 5 |
|
| КхоалгӀачу баттахь эскаран кхоалгӀа хьаькам вара динан да волчу ЯхӀу-ЯдаӀан кӀант БенъяхӀу. Цуьнан тобанехь ткъе виъ эзар стаг вара, ткъа иза коьртаниг вара. |
|
| 6 |
|
| Иза вара майрачу ткъе итт тӀемалочунна юкъара схьакъастийна волу, царна тӀехь дӀахӀоттийна хьаькам. БенъяхӀун тобанна тӀехь куьйгалла дора цуьнан кӀанта Ӏами-Завада. |
|
| 7 |
|
| БоьалгӀачу баттахь — воьалгӀаниг вара Йоабан кӀант Ӏасаал. Цуьнан кӀанта Забди-ЯхӀус цул тӀаьхьа куьйгалла дира. ӀасахӀалан тобанехь ткъе виъ эзар стаг вара. |
|
| 8 |
|
| ПхоьалгӀачу баттахь — пхоьалгӀаниг вара израхьахо волу хьаькам ШамхӀути. Цуьнан тобанехь ткъе виъ эзар стаг вара. |
|
| 9 |
|
| ЙолхалгӀачу баттахь — йолхалгӀаниг вара такхоӀхо волчу Ӏакхешан кӀант Ӏира. Цуьнан тобанехь ткъе виъ эзар стаг вара. |
|
| 10 |
|
| ВорхӀалгӀачу баттахь — ворхӀалгӀаниг вара Эпрайман тӀаьхьенах волу пеланхо Хьелац. Цуьнан тобанехь ткъе виъ эзар стаг вара. |
|
| 11 |
|
| БорхӀалгӀачу баттахь — борхӀалгӀаниг вара Зерахьан тӀаьхьенах волу хьушатхо Субахи. Цуьнан тобанехь ткъе виъ эзар стаг вара. |
|
| 12 |
|
| УьссалгӀачу баттахь — уьссалгӀаниг вара Бен-Яманан тӀаьхьенах волу Ӏанатотхо Абу-Ӏезар. Цуьнан тобанехь ткъе виъ эзар стаг вара. |
|
| 13 |
|
| УьтталгӀачу баттахь — уьтталгӀаниг вара Зерахьан тӀаьхьенах волу натӀупатхо Махьран. Цуьнан тобанехь ткъе виъ эзар стаг вара. |
|
| 14 |
|
| ЦхьайтталгӀачу баттахь — цхьайтталгӀаниг вара Эпрайман тӀаьхьенах волу пӀарӀатунхо БенъяхӀу. Цуьнан тобанехь ткъе виъ эзар стаг вара. |
|
| 15 |
|
| ШуьйтталгӀачу баттахь шуьйтталгӀа хьаькам вара Ӏотниалан тӀаьхьенах волу натӀупатхо Хьелдай. Цуьнан тобанехь ткъе виъ эзар стаг вара. |
|
| 16 |
|
| Исраилхойн тайпанашна тӀехь болу хьаькамаш хӀорш бара: Раабанан тайпанан коьрта хьаькам вара Зикрин кӀант ЭлиӀазар; ШимӀин коьрта хьаькам вара МаӀхин кӀант Шапат-ЯхӀу; |
|
| 17 |
|
| Левин тайпанан — Къамуалан кӀант Хьашби-ЯхӀу; АхӀаронан тайпанан коьрта хьаькам вара ЦӀадукъа; |
|
| 18 |
|
| ЯхӀудан тайпанан — Даудан вежарех волу ЭлихӀу; Иссарханан тайпанан — Микаалан кӀант Ӏумари вара; |
|
| 19 |
|
| Забулан тайпанан — Ӏабди-ЯхӀун кӀант ИшмаӀ-ЯхӀу; Напталан тайпанан — Ӏазриалан кӀант Еримати вара; |
|
| 20 |
|
| Эпрайман тайпанан коьрта хьаькам Азаз-ЯхӀун кӀант ХӀушаӀ вара; Маннашан ахтайпанан — Пади-ЯхӀун кӀант Юал; |
|
| 21 |
|
| ГалӀад-махкахь долчу Маннашан ахтайпанан — Закри-ЯхӀун кӀант Ида вара; Бен-Яманан тайпанан — Абунаран кӀант ЯӀсаал; |
|
| 22 |
|
| Данан тайпанан — Ярохьаман кӀант Ӏазариал. Уьш исраилхойн тайпанийн баьччанаш бара. |
|
| 23 |
|
| Ткъа шо а, ткъа шарал лахара а хан ерш Дауда дӀа ца язбира, хӀунда аьлча Везачу Эло Ша, стигалара седарчий санна, Исраилан халкъ алсамдоккхур ду аьлла, ваӀда динера. |
|
| 24 |
|
| Царуятан кӀанта Йоаба долийра халкъ дагардан, амма цо иза чекх ца даьккхира. И гӀуллакх дарна Дела оьгӀазваханера Исраилан халкъана, цундела цӀерийн терахь Дауд-паччахьан паччахьаллин гӀуллакхийн тептаран юкъа ца дахара. |
|
| 25 |
|
| Паччахьан чӀоьнан цӀеношна тӀехь а урхалла дора Ӏадиалан кӀанта Ӏазмавата. Ткъа кхашна тӀехь а, гӀаланашкахь а, ярташкахь а, бӀаьвнашкахь а тӀаьхьалонна дӀадиллинчу сурсаташна тӀехь а урхалла дора Ӏузи-ЯхӀун кӀанта ЯхӀунатас. |
|
| 26 |
|
| Латта лелош болчу аренийн белхалошна тӀехь урхалла дора Халубан кӀанта Ӏезрайс. |
|
| 27 |
|
| Кемсийн бошмашна тӀехь урхалла дора Рама-гӀаларчу ШамаӀис. ЧагӀаран чӀоьнашкахь дӀадехкинчу сурсаташна тӀехь урхалла дора шипамхочо Завадис. |
|
| 28 |
|
| Малхбузехь долчу лаьмнийн когашкахь долчу зайт-дитташна а, комарийн дитташна а тӀехь урхалла дора гадирахо волчу БаӀал-Хьанана. ТӀаьхьалонна дӀадиллина зайт-даьттан сурсатна тӀехь урхалла дора ЮӀаша. |
|
| 29 |
|
| Шарон-махкахь дажош долчу хьайбанашна тӀехь урхалла дора шаронхо волчу Шитрайс. ТогӀешна чохь дажош долчу хьайбанашна тӀехь урхалла дора Ӏадлайн кӀанта Шаптис. |
|
| 30 |
|
| Эмкалшна тӀехь урхалла дора исмаьӀалхо волчу Овбила. Варрашна тӀехь урхалла дора марунихо волчу Яхьди-ЯхӀус. |
|
| 31 |
|
| Жашна тӀехь урхалла дора хӀагирхо волчу Язиза. И берриге а нах Дауд-паччахьан долахь долчунна тӀехь урхалхой бара. |
|
| 32 |
|
| Даудан гергара волу ЯхӀуната хьехамча вара. Иза, хьекъал а долуш, йоза хууш стаг вара. Ткъа Хьахманин кӀант Яхьиал паччахьан кӀентийн хьехархо вара. |
|
| 33 |
|
| Ахьи-Тупал а вара паччахьан хьехамча. Ӏаьркхихо волу Хьушай паччахьан къастийна хьехамча вара. |
|
| 34 |
|
| Ахьи-Тупалал тӀаьхьа паччахьан хьехамчаш бара БенъяхӀун кӀант ЯхӀу-ЯдаӀ а, Абу-ЯтӀари а. Ткъа Йоаб паччахьан эскаран хьаькам вара. |
|
|
|
|