|
| 1 |
|
| Иссарханан виъ кӀант вара: ТовлаӀ, Пува, Яшаб, Шимрон. |
|
| 2 |
|
| ТовлаӀан кӀентий хӀорш бара: Ӏузи, Рапи-ЯхӀу, Яриал, Яхьмай, Ибсам, Шамуал. Уьш шайн доьзалийн баьччанаш бара. Шайн тӀаьхьенашна юкъахь ницкъболу тӀемалой хилла и нах. Даудан заманахь царна юкъахь тӀамана кийча волу ткъе ши эзар ялх бӀе стаг хилла (22600). |
|
| 3 |
|
| Ӏузин кӀант вара Израхь-ЯхӀу. Ткъа Израхь-ЯхӀун кӀентий бара: Микаал, Ӏабди-ЯхӀу, Юал, Йоши-ЯхӀу. И пхиъ шайн доьзалийн баьчча вара. |
|
| 4 |
|
| Оцу нехан дуккха а зударий а, бераш а хилла дела, церан тӀаьхьенашка а, доьзалшка а хьаьжжина, царах схьаваьллера тӀамана кийча волу ткъе ялхитта эзар стаг (36000). |
|
| 5 |
|
| Ткъа Иссарханан массо а тӀаьхьенийн доьзалш дӀаязбечу тептарш тӀехь дӀаязвинера дика тӀемало волу везткъе ворхӀ эзар стаг (87000). |
|
| 6 |
|
| Бен-Яманан кхо кӀант вара: БулаӀ, Бахри, ЕдиӀаал. |
|
| 7 |
|
| БулаӀан пхи кӀант вара: Эцбон, Ӏузи, Ӏузиал, Еримати, Ӏири. Уьш, шайн доьзалийн баьччанаш а болуш, дика тӀемалой бара. ТӀаьхьенийн доьзалш дӀаязбечу тептарш тӀехь царах дӀаязвина вара ткъе ши эзар ткъе вейтта тӀемало (22034). |
|
| 8 |
|
| Бахрин кӀентий хӀорш бара: Замари, Юаш, ЭлиӀазар, ЭлъюӀинай, Ӏумари, Еримати, Аби-ЯхӀу, Ӏанатот, Ӏаламат. Уьш берриш а Бахрин кӀентий бара. |
|
| 9 |
|
| ТӀаьхьенийн доьзалш дӀаязбечу тептарш тӀехь царах дӀаязбина бара церан доьзалийн баьччанаш а, ткъа эзар ши бӀе тӀемало а (20200). |
|
| 10 |
|
| ЕдиӀаалан кӀант вара БилхӀан. Цуьнан кӀентий хӀорш бара: ЕӀуш, Бен-Яман, АхӀуд, КинаӀан, Зитани, Таршаш, Ахьи-Шахьар. |
|
| 11 |
|
| ЕдиӀаалан массо а кӀентий шайн доьзалийн баьччанаш бара. Церан тӀаьхьенашна юкъахь тӀамана кийча волу вуьрхӀитта эзар ши бӀе дика тӀемало вара (17200). |
|
| 12 |
|
| Шупайм а, Хьупим а бара Ӏирин кӀентий. Ткъа Хьушим Ахьеран кӀант вара. |
|
| 13 |
|
| Балхьатан кӀант волчу Напталан кӀентий бара: Яхьциал, Гуни, Йицар, Шалум. |
|
| 14 |
|
| Маннашан кӀентий бара: арамхо йолчу гӀарбаш-зудчо вина волу Асриал а, иштта ГалӀадан да Макир а. |
|
| 15 |
|
| Макира Хьупиме а, Шупайме а зударий балабайтира. Цуьнан йишин цӀе МаӀха яра. ШолгӀачу кӀентан цӀе яра Цалпихьад. Цалпихьадан йоӀарий бен ца хилла. |
|
| 16 |
|
| Макиран зудчо МаӀхас, кӀант а вина, цуьнан цӀе Параш тиллира. Парашан ваша Шераш вара, ткъа Парашан кӀентий бара: Улам, Рекхам. |
|
| 17 |
|
| Уламан кӀант вара Бедан. Иштта бара Маннашан кӀентан Макиран кӀант волчу ГалӀадан кӀентий. |
|
| 18 |
|
| Цуьнан йишас Мулката а бира кӀентий: ИшхӀуд, Абу-Ӏезар, Махьила. |
|
| 19 |
|
| ШамидаӀан кӀентий хӀорш бара: Ахьъян, Шехем, Ликхахьи, АнӀами. |
|
| 20 |
|
| Эпрайман тӀаьхье иштта яра: цуьнан кӀант вара Шутлахьи. Шутлахьин кӀант вара Баред. Баредан кӀант вара Тахьат. Ткъа Тахьатан кӀант вара Эли-Ӏада. Эли-Ӏадин а кӀант хилира Тахьат. |
|
| 21 |
|
| Цу Тахьатан кӀант вара Забад. Забадан кӀант вара Шутлахьи. Эпрайман кхин а ши кӀант вара: Ӏезар, ЭлиӀад. Гати-гӀалара схьабевллачу цхьаболчу бахархоша Ӏезар а, ЭлиӀад а вийна хилла, жа схьадаккха дагахь, шаьш долчу уьш баьхкича. |
|
| 22 |
|
| Церан дас Эпрайма, шен кӀенташна воьлхуш, гӀайгӀанехь дикка хан яьккхира. Эпрайман вежарша, цунна тӀе а богӀий, тевеш хилла иза. |
|
| 23 |
|
| ТӀаккха, Эпрайм кхин а цкъа шен зудчух кхеттачул тӀаьхьа, зудчо цунна кӀант вира. Эпрайма цунна, БериӀ аьлла, цӀе тиллира (Ӏебархойн маттахь и цӀе «бохам» бохучух тера ю), шен цӀенна бохам тӀебеана хилла дела. |
|
| 24 |
|
| Шаират цӀе йолуш, йоӀ а яра Эпрайман. Шаирата дӀахӀоттийра Лахара а, Лакхара а Байт-Хьорон гӀаланаш а, иштта Узан-Шаира цӀе йолу гӀала а. |
|
| 25 |
|
| Эпрайман кӀант вара Репахь. Решап Репахьан кӀант вара. Тилхьа вара Решапан кӀант. Тилхьин кӀант вара Тахьан. |
|
| 26 |
|
| Тахьанан кӀант вара ЛаӀдан. ЛаӀданан кӀант вара ӀамихӀуд. Эли-ШамаӀ вара ӀамихӀудан кӀант. |
|
| 27 |
|
| ЭлишамаӀан кӀант вара Нуна. Ткъа Нунин кӀант вара ЮшаӀ. |
|
| 28 |
|
| Уьш баьхна йолу церан долахь хилла меттигаш хӀорш яра: Бетал-гӀала а, цуьнца йоьзна йолу кхин ярташ а, малхбалехьа йолу НаӀран-гӀала а, малхбузехьа йолу ГӀазар-гӀала а, цуьнца йоьзна йолу ярташ а, иштта Шехем-гӀала а, цуьнца йоьзна йолу ярташ а, шеца йоьзначу ярташца йолчу Ӏайи-гӀалина тӀекхаччалц. |
|
| 29 |
|
| Ткъа Маннашан тӀаьхьенах болчийн долахь яра хӀара гӀаланаш: Байт-Шеан, ТаӀнак, МагӀидда, Дор, цаьрца йоьзна йолу ярташ. Цу гӀаланашкахь ехаш яра Исраилан кӀентан Юсупан тӀаьхье. |
|
| 30 |
|
| Ашаран кӀентий хӀорш бара: Имани, Ишва, Ишви, БериӀ. Церан йиша яра Серахь. |
|
| 31 |
|
| БериӀан кӀентий хӀорш бара: Хьебар, Малкиал. (Малкиала дӀахӀоттийра Бирзайт-гӀала.) |
|
| 32 |
|
| Хьебаран кӀентий хӀорш бара: Яплати, Шумар, Хьотам. Ткъа церан йиша ШуӀа яра. |
|
| 33 |
|
| Яплатин кӀентий хӀорш бара: Пасак, БимхӀали, Ӏашвати. Уьш бара Яплатин кӀентий. |
|
| 34 |
|
| Яплатин вешин Шумаран кӀентий хӀорш бара: РухӀаги, Хьуба, Арам. |
|
| 35 |
|
| Яплатин вешин ХӀалиман кӀентий хӀорш бара: Цупахьи, ИмнаӀ, Шелша, Ӏамла. |
|
| 36 |
|
| Цупахьин кӀентий хӀорш бара: Сухьа, Хьарнипар, ШуӀал, Бирай, Имари, |
|
| 37 |
|
| Бацар, ХӀуда, Шама, Шилша, Итран, Баира. |
|
| 38 |
|
| ИтӀаран кӀентий хӀорш бара: Епуни, Писапи, Ари. |
|
| 39 |
|
| Ӏулин кӀентий хӀорш бара: Арахьи, Хьаниал, Рица-ЯхӀу. |
|
| 40 |
|
| Ашаран тӀаьхьенах болу и нах шайн доьзалийн баьччанаш бара. Уьш, коьрта хьаькамаш а болуш, исбаьхьа а, доьналла долу а тӀемалой бара. Эскархойн цӀераш дӀаязъечу тептар тӀехь оцу тӀаьхьенах тӀамана кийча дӀаязвинарг вара ткъе ялх эзар стаг (26000). |
|
|
|
|