|
| 1 |
|
| Бен-Яманан дуьххьарлера кӀант вара БулаӀ, шолгӀаниг — Ашбели, ткъа кхозлагӀниг — Ахьарахьи. |
|
| 2 |
|
| Цуьнан воьалгӀа кӀант вара Нухьа, пхоьалгӀаниг — Рапа. |
|
| 3 |
|
| БулаӀан кӀентий хӀорш бара: Адар, Гери, АбихӀуд, |
|
| 4 |
|
| АбишуӀ, НаӀаман, Ахьохь, |
|
| 5 |
|
| Гери, Шапупан, Хьурам. |
|
| 6 |
|
| Ахьудан тӀаьхье хӀара яра (ГибаӀ-гӀалара Манахьат-гӀала дӀабигна болчу доьзалийн баьччанаш бара уьш): |
|
| 7 |
|
| НаӀаман, АхьъяхӀу, Гери. Гери ву уьш кхечу гӀала баха дӀабигина хилларг. Герин кӀентий бара Ӏузи а, АхьъяхӀуд а. |
|
| 8 |
|
| Хьушим а, БаӀарат а цӀераш йолу шен зударий дӀа а бахийтина, Муаби-махкахь вехаш вара Шахьарайм. Цу хенахь цуьнан кӀентий хилира. |
|
| 9 |
|
| Иштта цуьнан зудчо Хьудаша бира кӀентий: Ябаб, Цивъя, МешаӀ, Малкам, |
|
| 10 |
|
| ЯӀуца, Шахи-ЯхӀу, Мирами. Уьш доьзалийн баьччанаш хилла болу Шахьарайман кӀентий бара. |
|
| 11 |
|
| Хьушима цунна бина кӀентий хӀорш бара: Абитуб, Эли-ПаӀал. |
|
| 12 |
|
| Эли-ПаӀалан кӀентий хӀорш бара: Ӏебар, МишиӀам, Шемад. Шемада дӀахӀоттийра Овну а, Лодди а гӀаланаш а, цаьрца йоьзна йолу ярташ а. |
|
| 13 |
|
| Иштта БериӀ а, ШемаӀ а Айлон-гӀаларчу бахархойн доьзалийн баьччанаш бара. Цара Гати-гӀалара бахархой дӀалелхийнера. |
|
| 14 |
|
| Ахьъю, Шашакх, Еримати, |
|
| 15 |
|
| Забди-ЯхӀу, Ӏарод, Ӏедар, |
|
| 16 |
|
| Микаал, Ишпа, Йохьа — уьш берриш а БериӀан кӀентий бара. |
|
| 17 |
|
| Забди-ЯхӀу, Машулим, Хьузакх, Хьебар, |
|
| 18 |
|
| Ишмарай, Изли-ЯхӀу, Ябаб — Эли-ПаӀалан кӀентий бара. |
|
| 19 |
|
| Якъим, Зикра, Завади, |
|
| 20 |
|
| Эли-Ӏенай, Цилтай, Элиал, |
|
| 21 |
|
| Ӏади-ЯхӀу, Бира-ЯхӀу, Шимрати бара ШамаӀин кӀентий. |
|
| 22 |
|
| Ишпани, Ӏебар, Элиал, |
|
| 23 |
|
| Ӏабдани, Зикра, Хьанан, |
|
| 24 |
|
| Хьанан-ЯхӀу, Ӏейлам, Ӏантут-ЯхӀу, |
|
| 25 |
|
| Ипад-ЯхӀу, Пенуал бара Шашакхан кӀентий. |
|
| 26 |
|
| Шамширай, Шахьар-ЯхӀу, Ӏатал-ЯхӀу, |
|
| 27 |
|
| ЯӀриш-ЯхӀу, Эли-ЯхӀу, Зикра бара Ярохьаман кӀентий. |
|
| 28 |
|
| Уьш, шайн доьзалийн баьччанаш а болуш, тукхамийн цӀераш дӀаязъеш долчу тептаршка хьаьжжина, куьйгалхой бара. Ярушалаймехь бехаш бара уьш. |
|
| 29 |
|
| Ткъа ГавӀон-гӀалахь вехаш вара ГавӀон-гӀала дӀахӀоттийна волу ЯӀиал. Цуьнан зудчун цӀе МаӀха яра. |
|
| 30 |
|
| ЯӀиалан дуьххьарлера кӀант Ӏабдани вара. Цул тӀаьхьа хилира Цура, Къуша, БаӀал, Нер, Надаб, |
|
| 31 |
|
| Гадур, Ахьъю, Захир, |
|
| 32 |
|
| Микхлут. Микхлутан кӀант вара Шема. Уьш шайн вежаршна уллохь Ярушалаймехь бехаш бара. |
|
| 33 |
|
| Къуша Неран кӀант вара. Къушин кӀант вара Шаул. ЯхӀуната а, МалкишаӀ а, Абинадаб а, ЭшбаӀал а бара Шаулан кӀентий. |
|
| 34 |
|
| ЯхӀунатин кӀант вара Мариб-БаӀал. Ткъа Мариб-БаӀалан кӀант вара Мика. |
|
| 35 |
|
| Микин кӀентий хӀорш бара: Питун, Малик, ТаираӀ, Ахьаз. |
|
| 36 |
|
| ЯхӀу-Ӏада Ахьазан кӀант вара. ЯхӀу-Ӏадин кӀентий бара Ӏаламат, Ӏазмават, Зимари. Зимарин кӀант вара Муца. |
|
| 37 |
|
| Муцин кӀант вара БинӀа. Цуьнан кӀант вара Репа. Репин кӀант вара ЭлиӀаса. Ацала ЭлиӀасан кӀант вара. |
|
| 38 |
|
| Ацалин ялх кӀант вара. Церан цӀераш хӀорш яра: Ӏазрикхам, Бохру, ИсмаьӀал, ШаӀар-ЯхӀу, Ӏабди-ЯхӀу, Хьанан. Уьш берриш а Ацалин кӀентий бара. |
|
| 39 |
|
| Ацалин вешин Ӏешакхан кӀентий хӀорш бара: дуьххьарлера кӀант Улам, шолгӀаниг ЕӀуш, ткъа кхозлагӀниг Эли-Пулат. |
|
| 40 |
|
| Уламан кӀентий, секхаӀодаца пхерчий а кхуьссуш, дика тӀемалой бара. Церан дуккха а кӀентий а, кӀентийн кӀентий а хилира. Уьш цхьа бӀе шовзткъе итт стаг вара. Кхузахь дӀаязбина болу берриш а Бен-Яманан тӀаьхьенах схьабевллера. |
|
|
|
|