|
| 1 |
|
| РахьбуӀама, Ярушалайме схьа а веана, ЯхӀудан а, Бен-Яманан а цӀийнах волу цхьа бӀе везткъа эзар тоьлла тӀемало схьагулвира. Исраилан цӀийнах болчаьрца тӀом а бина, РахьбуӀаме паччахьалла юхадерзорхьама дира цо иза. |
|
| 2 |
|
| ШамӀа-ЯхӀу цӀе йолчу Делан стаге Везачу Эло элира: |
|
| 3 |
|
| «Сулиман кӀант волчу яхӀудхойн паччахье а, ЯхӀуд-махкахь а, Бен-Яман-махкахь а Ӏаш болчу массо исраилхошка а дӀаала: |
|
| 4 |
|
| „Иштта боху Везачу Эло: ‘Шайн вежарий болчу исраилхошца тӀом бан ма гӀолаш. ХӀорра а шен-шен цӀа юхаверза, хӀунда аьлча и хилларг дерриг а Соьгара дара’“» Везачу Эло бохучуьнга ла а доьгӀна, ЯрбаӀамца тӀом бан баханчуьра уьш юхабирзира. |
|
| 5 |
|
| РахьбуӀам Ярушалаймехь вехаш вара. ЯхӀуд-махкарчу гӀаланашна чӀагӀонаш яйтира цо. |
|
| 6 |
|
| Иштта Байтлахам а, ӀайтӀам а, ТакхоӀ а, |
|
| 7 |
|
| Байт-Цур а, Соха а, Ӏадулам а, |
|
| 8 |
|
| Гати а, Мареша а, Зип а, |
|
| 9 |
|
| Адорайм а, Лахиш а, Ӏазекхи а, |
|
| 10 |
|
| ЦорӀа а, Айлон а, Хьеврон а гӀаланаш чӀагӀйира РахьбуӀама. ЯхӀуд-махкахь а, Бен-Яман-махкахь а уьш чӀагӀйина гӀаланаш яра. |
|
| 11 |
|
| Церан лардаран таронаш чӀагӀ а йина, царна тӀехь хьаькамаш а хӀиттийна, кхача, даьтта, чагӀар чохь латто гӀишлош нисйира РахьбуӀама. |
|
| 12 |
|
| ХӀора гӀалина турсаш а, гоьмукъаш а делла, кхачам боллуш чӀагӀйира цо и гӀаланаш. РахьбуӀаман карахь дара ЯхӀудан а, Бен-Яманан а тайпанаш. |
|
| 13 |
|
| Исраил-махкахь массо а маьӀӀехь мел волу динан да а, левихо а РахьбуӀам волчу схьагулвелира. |
|
| 14 |
|
| Шайн дежийлаш а, долахь мел дерг а дитина, ЯхӀуд-махка а, Ярушалайме а схьабаьхкира уьш, хӀунда аьлча ЯрбаӀама а, цуьнан кӀенташа а Везачу Элана гӀуллакх деш болчуьра дӀабаьхнера уьш. |
|
| 15 |
|
| СагӀа доккхучу гунаш тӀехь гӀуллакх дан а, гезарийн а, эсийн а куьцехь ша байтинчу цӀушна Ӏамал ян а шен динан дай къобалбинера ЯрбаӀама. |
|
| 16 |
|
| Левихой баьхкинчул тӀаьхьа, Исраилан халкъан Веза Дела лаха шайн дегнаш тӀедерзийна болу Исраилан хӀора тайпанах болу нах Ярушалайме богӀура, шайн дайн Дела волчу Везачу Элана сагӀа даккхархьама. |
|
| 17 |
|
| ЯхӀудан пачхьалкх чӀагӀ а еш, Сулиман кӀант волчу ЯрбаӀамехьа а болуш, Ӏийра уьш кхаа шарахь. ХӀунда аьлча оцу кхаа шарахь Даудан а, Сулиман а некъахула лелаш бара уьш. |
|
| 18 |
|
| Шен да Даудан кӀант Еримати волу а, нана Юшайн кӀентан Элиабан йоӀ Абу-ХӀаил йолу а Махьалат шена ялийра РахьбуӀам-паччахьо. |
|
| 19 |
|
| Махьалата РахьбуӀамна кӀентий бира: ЕӀуш, Шамар-ЯхӀу, ЗахӀим. |
|
| 20 |
|
| Махьалатал тӀаьхьа Абушаламан йоӀ МаӀха ялийра шена РахьбуӀама. Аби-ЯхӀу, Атай, Зиза, Шалумати цӀераш йолу кӀентий бира МаӀхас РахьбуӀамна. |
|
| 21 |
|
| МаӀха шен массо а зудчул а, гӀарбаш-зударел а дукхаезара РахьбуӀамна. Цуьнан берхӀитта зуда а, кхузткъа гӀарбаш-зуда а яра. Оцу зударша ткъе бархӀ кӀант а, кхузткъа йоӀ а йинера цунна. |
|
| 22 |
|
| Вежаршна юкъахь коьрта эла вина, дӀахӀоттийнера РахьбуӀама МаӀхин кӀант Аби-ЯхӀу, хӀунда аьлча иза шел тӀаьхьа паччахь хӀотто дагахь вара РахьбуӀам. |
|
| 23 |
|
| Хьекъале а лелаш, берриге а ЯхӀудан а, Бен-Яманан а мехкашкахула ша чӀагӀйинчу гӀаланашкахула дӀасахьажийра цо шен кӀентех цхьаберш. Царна, дуккха а хьал делла, алссам зударий балийра цо. |
|
|
|
|