|
| 1 |
|
| Амци-ЯхӀун ткъе пхи шо дара, иза паччахь дӀахӀоьттича. Ярушалаймехь Ӏаш а волуш, цо ткъе исс шарахь паччахьалла дира. Амци-ЯхӀун ненан цӀе ЯхӀу-Ӏаднат яра. Иза Ярушалаймера яра. |
|
| 2 |
|
| Амци-ЯхӀус Везачу Элана нийса хеташ долу гӀуллакхаш дора, амма доггах кхочуш ца дора цо иза. |
|
| 3 |
|
| Паччахьалла шен карадирзина даьлча, цо паччахь хилла волу шен да вийна болу хьаькамаш байира. |
|
| 4 |
|
| Амма Мусан тептар долчу товрат-хьехамашна тӀехь яздинчуьнга хьаьжжина, церан бераш ца дайира Амци-ЯхӀус, хӀунда аьлча цигахь Везачу Эло, весет а деш, аьллера: «Бераша далийтина зулам бахьанехь церан дайша валаран таӀзар такха ца деза. Иштта шайн дайша далийтина зулам бахьанехь бераша а валаран таӀзар такха ца деза. Амма хӀораммо а, даьлла зулам бахьана долуш, валаран таӀзар ша такха деза». |
|
| 5 |
|
| Амци-ЯхӀус, яхӀудхой схьа а гулбина, ЯхӀуд-тайпанан а, Бен-Яман-тайпанан а гаранашца уьш бекъа а бекъна, эзарнийн а, бӀеннийн а куьйгалхойн кара дӀабелира. ТӀаккха царна юкъара ткъа шо а, цул сов а хан ерш багарбира цо. Царна юкъахь кхо бӀе эзар тоьлла волу, карахь гоьмукъ а, турс а лелалур долу тӀемалой карийра цунна. |
|
| 6 |
|
| Исраилхошна юкъара, ши бӀе пунт дети а делла, кхин а доьналла долу цхьа бӀе эзар тӀемало а лецира Амци-ЯхӀус. |
|
| 7 |
|
| Эццахь Амци-ЯхӀу волчу Делан стаг веара. Цо элира: «Паччахь! Исраилхойн эскар ма дига хьайца, хӀунда аьлча оцу Эпрайман кӀентий болчу исраилхошца Веза Эла вац. |
|
| 8 |
|
| Нагахь ахьа, эскар а дигна, майрра тӀом бахь а, Дала хьан мостагӀашна хьалха вожор ву хьо, хӀунда аьлча Делехь бу хьуна гӀо дан а, хьо вожо а ницкъ». |
|
| 9 |
|
| Амци-ЯхӀус Делан стаге элира: «Ткъа айса исраилхойн эскарна деллачу ши бӀе пунт детих хӀун дан деза аса?» Делан стага элира: «Везачу Элан ницкъ бу хьуна цул сов дала а». |
|
| 10 |
|
| Амци-ЯхӀус Эпрайм-махкара ша волчу деана эскар дӀакъастийра, иза шен цӀа дӀадахийтархьама. ТӀаккха, яхӀудхошна чӀогӀа оьгӀаз а бахана, дар а белла, уьш шайн цӀа дӀабахара. |
|
| 11 |
|
| Ткъа Амци-ЯхӀус, майра а ваьлла, шен эскар Дуьра-тогӀи олучу метте дигира. Цигахь СеӀир-ломарчу эдомхойх итт эзар стаг хӀаллаквира цо. |
|
| 12 |
|
| Царах дийна висина итт эзар стаг йийсаре вигира цара. Уьш, тархана боххье а баьхна, цу тӀера чукхиссира яхӀудхоша. Берриш а, атабелла, дӀабевлира уьш. |
|
| 13 |
|
| Ткъа Амци-ЯхӀус, шеца тӀаме а ца дуьгуш, юхадерзийна долчу эскаро ЯхӀуд-махкахь Шамран-гӀалара дуьйна Байт-Хьорон-гӀалина тӀекхаччалц йолу меттигаш яссийна дӀаехира. Цигахь кхо эзар стаг а вийна, шайна дуккха а хӀонс дӀаяьхьира цара. |
|
| 14 |
|
| Эдомхошна тӀехь толам а баьккхина, Амци-ЯхӀус СеӀир-лаьмнийн бахархойн цӀу-деланаш схьа а беана, уьш ша волчохь дӀахӀиттийра. Цо царна Ӏибадат а дора, царна лерина хаза хьожа йогӀу хӀума а ягайора. |
|
| 15 |
|
| Веза Эла чӀогӀа оьгӀазвахара Амци-ЯхӀуна. Цо пайхамар вахийтира цунна тӀе. Пайхамаро Амци-ЯхӀуга элира: «Шаьш-шайн халкъ хьан куьйга кӀелара дӀа ца даккхаделлачу, оцу къоман деланех дага хӀунда волу те хьо?» |
|
| 16 |
|
| Пайхамаро шега аьллачунна дуьхьал паччахьо жоп делира: «Хьо ву ткъа паччахьан хьехамча хӀоттийна? ДӀасаца, хьо ца вейтархьама». Пайхамаро, дӀа а соцуш, элира: «Суна хаьа ахьа и гӀуллакх дарна а, сан хьехаме ла ца догӀарна а Дала хьо вен сацам бинийла». |
|
| 17 |
|
| ЯхӀудхойн паччахьо Амци-ЯхӀус, хьехамчех дага а ваьлла, исраилхойн паччахь волчу ЯхӀун кӀентан ЯхӀу-Ахьазан кӀантана ЯхӀуашана тӀе геланчаш бахийтира, иштта дӀаала аьлла: «Ара а валий, юьхь-дуьхьал хӀотта вайшиъ». |
|
| 18 |
|
| Ткъа исраилхойн паччахьо ЯхӀуаша яхӀудхойн паччахьна Амци-ЯхӀуна жоп делира: «Ливанун-махкарчу коканийн кулло Ливанун-махкарчу баганан диттана тӀе, нах а бахийтина: „Хьайн йоӀ сан кӀанте маре яийтахьа“, — аьлла. Амма Ливанун-махкара экха схьа а деана, цо и коканийн колл дӀахьаьшна. |
|
| 19 |
|
| Ахьа боху: „Аса эдомхошна тӀехь толам баьккхина“. Ткъа хӀинца айхьа и толам баьккхина аьлла, хьан дог курадаьлла. Цул хьайн цӀахь Ӏе хьо. Хьайна бохам хӀунда лоьху те ахьа? ТӀаккха хьо а хӀаллаквийр вара, хьоьца ЯхӀуд-мохк а хӀаллакбийр бара». |
|
| 20 |
|
| Амма Амци-ЯхӀус шега бохучуьнга ла ца дуьйгӀира, хӀунда аьлча иза Дала динера, уьш эдомхойн деланашкахьа бирзина дела, ЯхӀуашан кара дӀабалархьама. |
|
| 21 |
|
| ТӀаккха исраилхойн паччахь ЯхӀуаш яхӀудхойн паччахьна Амци-ЯхӀуна дуьхьалвелира. И шиъ тӀамца ЯхӀуд-махкарчу Байт-Шамаш олучу гӀалахь дуьхь-дуьхьал кхийтира. |
|
| 22 |
|
| Исраилхоша яхӀудхойн эскар дохийра. ТӀаккха эшнарш шайн-шайн цӀа дӀасабевдира. |
|
| 23 |
|
| Байт-Шамашехь исраилхойн паччахьо ЯхӀуаша яхӀудхойн паччахь волчу Ахьаз-ЯхӀун кӀентан Юашан кӀант Амци-ЯхӀу схьалецира. ТӀаккха ЯхӀуаша, иза Ярушалайме дӀа а вигина, цигарчу Эпрайман кевнера дуьйна Сонехь долчу кевнна тӀекхаччалц диъ бӀе дол барамехь болу Ярушалайман пен бохийра. |
|
| 24 |
|
| Делан цӀа чуьра Ӏабади-Эдоман карахь долу дерриге а деши, дети, ерриге а пхьегӀаш дӀаяьхьира ЯхӀуаша. Иштта паччахьан ерриге а еза хӀуманаш а дӀа а хьош, лечкъийна, царах хӀума яккха дагахь, шеца адамаш а дуьгуш, Шамран-гӀала юхавирзира иза. |
|
| 25 |
|
| ЯхӀудхойн паччахь волчу Юашан кӀант Амци-ЯхӀу исраилхойн паччахь хилла волу ЯхӀу-Ахьазан кӀант ЯхӀуаш веллачул тӀаьхьа пхийтта шарахь вехира. |
|
| 26 |
|
| Амци-ЯхӀун кхидолчу гӀуллакхех лаьцна — дуьххьарлерчунна тӀера тӀаьхьарчунна тӀекхаччалц — яздина ду ЯхӀудхойн а, исраилхойн а паччахьийн тептар тӀехь. |
|
| 27 |
|
| Амци-ЯхӀу Везачу Элах дӀавирзинчул тӀаьхьа, Ярушалаймехь цунна дуьхьал ямартлонца барт бира. Иза Лахиш-гӀала ведда дӀавахара. ТӀаккха, цунна тӀаьхьа Лахиш-гӀала нах а бахийтина, Амци-ЯхӀу цигахь вийра. |
|
| 28 |
|
| Амци-ЯхӀун дакъа, говрашца схьа а деана, шен дай дӀабоьхкинчу ЯхӀуд-мехкан коьртачу гӀалахь дӀадоьллира. |
|
|
|
|