×

Делан Йозанаш 2012

2 Шерашкахь 27

1
Йовтаман ткъе пхи шо дара, иза паччахь дӀахӀоьттича. Йовтама ялхитта шарахь паччахьалла дира Ярушалаймехь. Цуьнан ненан цӀе Яруша яра, иза ЦӀадукъин йоӀ яра.
2
Шен дас Ӏузи-ЯхӀус санна, Йовтама Везачу Элана нийса хеташ дерг леладора. Амма Везачу Элан цӀа чу ца волура иза. Ткъа халкъо кхидӀа а къинош летадора.
3
Везачу Элан цӀийнан кертара Лакхара ков юхаметтахӀоттийнарг Йовтам вара. Иштта Ӏупал-гу болчу пенна тӀехь а дуккха а кхиболу чӀагӀдаран белхаш байтира цо.
4
ЯхӀуд-махкарчу лам тӀехь гӀаланаш а, хьаннашкахь гӀепаш а, бӀаьвнаш а дӀахӀиттаяйтира Йовтама.
5
Ӏамминхойн паччахьца тӀом а бина, уьш эшийра цо. Цу шарахь йолана ши бӀе пунт дети а, шовзткъе итт эзар гали кӀа а, шовзткъе итт эзар гали мукх а белира Ӏамминхоша Йовтамна. Изза дора Ӏамминхоша шолгӀачу а, кхозлагӀчу а шерашкахь а.
6
Йовтаман иштта ницкъ бара, цо шен Везачу Далла хьалха нийса некъаш лелош хилла дела.
7
Йовтаман кхидолчу гӀуллакхех лаьцна — цо мел бинчу тӀамах а, цуьнан леларх а лаьцна — яздина ду Исраилхойн а, яхӀудхойн а паччахьийн тептар тӀехь.
8
Йовтаман ткъе пхи шо дара, иза паччахь дӀахӀоьттича. Цо ялхитта шарахь паччахьалла дира Ярушалаймехь.
9
ТӀаккха Йовтам, дӀа а кхелхина, шен дайх дӀакхийтира. Даудан гӀалахь дӀавоьллира иза. Йовтаман метта паччахь дӀахӀоьттира цуьнан кӀант Ахьаз.
Chechen Bible 2012
Институт перевода Библии, 2012
:
Сохранить Заметки