|
| 1 |
|
| Берриге а Исраил-мехкан а, ЯхӀуд-мехкан а меттигашка геланчаш бахийтира Хьузакх-ЯхӀус. Иштта Эпрайм-махка а, Маннаш-махка а кехаташ яздира цо, дерриг а цигара халкъ Ярушалаймехь лаьтташ долу Везачу Элан цӀа долчу даладе аьлла, Исраилан халкъан Везачу Далла лерина Пасахьан дезде даздархьама. |
|
| 2 |
|
| Паччахьо а, цуьнан баьччанаша а, Ярушалаймерчу берриге а гуламо а кхеташонехь сацам бира, шеран шолгӀачу баттахь Везачу Элана лерина долу Пасахь олу дезде даздийр ду аьлла. |
|
| 3 |
|
| И гӀуллакх цул хьалха билгалъяьккхинчу хенахь кхочушдар ца нисделлера церан, Далла гергахь цӀанбеллачу динан дайн барам кхоччуш ца хилла дела а, халкъ Ярушалайме схьагулделла ца даьлла дела а. |
|
| 4 |
|
| Паччахьна а, берриге гуламна а и сацам хазахийтира. |
|
| 5 |
|
| ТӀаккха Беар-ШабаӀ-гӀалара дуьйна Дан-гӀалина тӀе кхаччалц, берриге а Исраил-махкахула кхайкхам бар билгалдаьккхира. И кхайкхам бинера, Ярушалайме халкъ схьагулдайтархьама. ХӀунда аьлча Исраилан Везачу Далла лерина долу Пасахьан дезде, товрат-хьехамаш тӀехь яздина ма-хиллара, иштта дуккха а цхьаьна долчу халкъаца даздар кхочуш ца динера. |
|
| 6 |
|
| Берриге а Исраил-махкахула а, ЯхӀуд-махкахула а паччахьан а, цуьнан баьччанийн а кехаташ дӀасадаржош бахара геланчаш. Паччахьо динчу омрица кехата тӀехь яздина дара: «Исраилан халкъ! ИбрахӀиман а, Исхьакхан а, Исраилан а Дела волчу Везачу Элана тӀедерзалаш, тӀаккха ашурхойн паччахьан карара схьабевллачу дийна бисинчарна тӀевоьрзур ву Иза а. |
|
| 7 |
|
| Шайн дайн Дела волчу Везачу Элана тешаме ца хиллачу шайн дайх а, вежарех а дӀа ма тарлолаш. Шена тешаме ца хиларна, адам инзардолуьйту хӀума йира Цо царах. |
|
| 8 |
|
| ХӀинца дуьйна шайн дайн санна къиза дегнаш долуш ма хилалаш, ткъа Везачу Элана муьтӀахь хилалаш. Цо гуттаренна а даздина долчу, Цуьнан цӀенна тӀе дуьйла. Шайн Везачу Далла гӀуллакх де, тӀаккха Цо Шен чӀогӀа йолу дералла шуна тӀера дӀайоккхур ю. |
|
| 9 |
|
| Шун дегнаш Везачу Элана тӀе юхадирзича, шун вежарех а, шун берех а уьш йийсаре бигначара къинхетам бийр бу. ТӀаккха уьш кху махка юхабоьрзур бу, хӀунда аьлча шун Веза Дела дика а, къинхетаме а ма ву. Нагахь санна шу Цунна тӀедерзахь, Иза шух дӀавоьрзур вац». |
|
| 10 |
|
| Эпрайман а, Маннашан а мехкашкахула, Забулан махка тӀекхаччалц, цхьана гӀалара вукху гӀала боьлхура геланчаш. Ткъа адамаш царах доьлуш а, кхаьрдаш а дара. |
|
| 11 |
|
| Делахь а, Ашаран а, Маннашан а, Забулан а тайпанех болчу цхьаболчара, къар а белла, ладуьйгӀира цаьрга. Уьш Ярушалайме баьхкира. |
|
| 12 |
|
| ЯхӀуд-махкахь, адамашна цхьаалла а луш, Дала халкъ иракарахӀоттийра, Везачу Эло аьлла ма-хиллара, паччахьан а, цуьнан баьччанийн а омра кхочушдархьама. |
|
| 13 |
|
| Шеран шолгӀачу баттахь Ярушалаймехь вуно дукха адам гулделира, Совсазчу баьпкан дезде даздархьама. Гулам дикка боккха бара. |
|
| 14 |
|
| Гулбеллачара, хьала а гӀевттина, Ярушалаймехь цӀушна лерина дагоран сагӀа доккхуш хилла болу кхерчаш бохийра. Иштта, цӀушна лерина хаза хьожа йогӀу хӀума ягош болу берриге а гӀирс, боха а бина, Кхидрун-тогӀи чу кхоьссира цара. |
|
| 15 |
|
| ТӀаккха шолгӀачу беттан дейтталгӀачу дийнахь Пасахьан Ӏахарна урс хьаькхира цара. Динан дайша а, левихоша а, эхь а хетта, цӀан а белла, Везачу Элан цӀийнан керта дагоран сагӀа даккха дийнаташ далийра. |
|
| 16 |
|
| Делан стаг волчу Мусан товрат-хьехам тӀехь яздина ма-хиллара, шайна тӀедиллина ма-хиллара, шайна билгалъяьхначу меттигашка дӀахӀиттира уьш. Динан дайша, левихойн карара схьа а оьцуш, цӀийн цинцаш тухура. |
|
| 17 |
|
| Гулбеллачарна юкъахь Далла гергахь шаьш дӀахӀитта цӀанбалаза берш тӀех дукха хиларна, церан Пасахьан Ӏахарий Везачу Элана лерина хилийта ца хӀуьттура уьш. Церан метта Пасахьан Ӏахаршна урс хьаькхира левихоша. |
|
| 18 |
|
| Халкъана юкъара дукхахберш Далла гергахь цӀанбалаза бара. Уьш дукхахьолахь Эпрайман а, Маннашан а, Иссарханан а, Забулан а тайпанех бара. Делахь а, хила ма-дезза иза доццушехь, цара а йоура сагӀина беанчу Пасахьан Ӏахарх йолу хӀума. |
|
| 19 |
|
| Ткъа Хьузакх-ЯхӀус царна тӀера доӀа дира. Цо элира: «Шена хьалха цӀанвалаза висинехь а, шен дог шайн дайн Дела волу Веза Эла лахарна тӀедерзийна волчу хӀоранна а дика волчу Везачу Эло гечдойла!» |
|
| 20 |
|
| Хьузакх-ЯхӀун доӀа дӀа а хезна, Везачу Эло халкъана гечдира. |
|
| 21 |
|
| Ярушалайме баьхкинчу исраилхоша чӀогӀа самукъадаларца ворхӀ дийнахь даздира Совсазчу баьпкан дезде. Левихоша а, динан дайша а Везачу Элана хастамаш барна леринчу зевнечу зурманийн гӀирсашца хӀора дийнахь Цунна хастамаш бора. |
|
| 22 |
|
| Кхетам а болуш, Везачу Элана дика гӀуллакх деш бохкучу левихошна тамехь дерг олура Хьузакх-ЯхӀус. Шайн дайн Дела волу Веза Эла хеста а веш, Цунна лерина бертан сагӀа а доккхуш, дезачу деношна билгалъяьккхина йолу хӀума йиира цара ворхӀ дийнахь. |
|
| 23 |
|
| Гулбеллачу массара а сацам бира и дезде кхин а ворхӀ дийнахь даздан. ТӀаккха самукъадаларца кхин а ворхӀ де даьккхира цара, и де даздеш. |
|
| 24 |
|
| ЯхӀудхойн паччахьо Хьузакх-ЯхӀус цхьа эзар сту а, ворхӀ эзар уьстагӀ а беанера сагӀина гулбеллачарна тӀера. Иштта баьччанаша а беанера цхьа эзар сту а, итт эзар уьстагӀ а. ТӀаккха динан дайшна юкъара дуккхамо а, Далла гӀуллакх дарна дӀа а къаьсташ, шаьш цӀанбира. |
|
| 25 |
|
| ЯхӀуд-махкара схьабаьхкинчу массеран а самукъадаьллера. Иштта самукъадаьлла бара динан дай а, левихой а, Исраил-махкара схьадеана халкъ а, ЯхӀуд-махкахь тӀебаьхкинарш санна Ӏаш болу исраилхой а. |
|
| 26 |
|
| Ярушалаймехь доккха хазахетар хиллера, хӀунда аьлча исраилхойн паччахь хиллачу Даудан кӀентан Сулиман заманахь дуьйна схьа ца хиллера цу тайпана хӀума Ярушалаймехь. |
|
| 27 |
|
| ТӀаккха динан дайша а, левихоша а, хьала а гӀевттина, халкъ декъалдира. ДӀахезира Везачу Элана церан аз, хӀунда аьлча Веза Эла Ӏаш волчу стигаларчу Цуьнан езачу метте дӀакхечира церан доӀа. |
|
|
|
|