|
| 1 |
|
| Ярушалайм-гӀалахь Везачу Элана лерина Пасахь олу дезде даздира Юши-ЯхӀус. Хьалхарчу беттан дейтталгӀачу дийнахь дезачу денна лерина сагӀина беанчу Ӏахарна урс хьаькхира. |
|
| 2 |
|
| Юши-ЯхӀус динан дай дӀахӀиттийра шайн-шайн гӀуллакх дечу меттигашка. Церан дегнаш иракарахӀиттадора цо Везачу Элан цӀийнаца доьзна долу гӀуллакхаш дарна. |
|
| 3 |
|
| Берриге а исраилхошна хьехамаш беш болчу а, Везачу Элана дӀакъастийна болчу а левихошка паччахьо элира: «Исраилхойн паччахь хиллачу Даудан кӀанта Сулима дӀахӀоттийначу Везачу Элан цӀа чохь охьахӀоттаде Делан деза тӀорказ. ХӀинца дуьйна иза дӀа а, схьа а лело дезар дац аша. ХӀинца дуьйна вайн Везачу Далла а, Цуьнан халкъ долчу Исраилан халкъана а гӀуллакх де аша. |
|
| 4 |
|
| Исраилхойн паччахь хиллачу Дауда а, цуьнан кӀанта Сулима а, яз а дина, дӀахӀоттийна ма-хиллара, шайн доьзалшца а, шайн тобанашкахь а дӀахӀитта. |
|
| 5 |
|
| Шайн къомах болчу гергарчийн доьзалшкара хӀорра а декъана гӀо дархьама, Делан цӀийнан кертахь левихойн доьзалех цхьацца тоба дӀахӀоттае. |
|
| 6 |
|
| Пасахьана лерина беанчу Ӏахарна урс хьакха кечам бе. ЦӀандаларца шаьш даз а дайтина, Везачу Эло Мусагахула аьлларг кхочуш а деш, и Ӏахар шайн вежаршна кечбе». |
|
| 7 |
|
| Цигахь хиллачу къомах болчу нахана жена юкъара ткъе итт эзар Ӏахаррий, буьхьиггий елира Юши-ЯхӀус, царах Пасахьан сагӀанаш дахархьама. Иштта кхо эзар сту а белира цо. И дерриг а дийнаташ паччахьан хьолан юкъара схьадеанера. |
|
| 8 |
|
| Паччахьан баьччанаша а шайн дегнийн лаамца халкъана а, динан дайшна а, левихошна а сагӀина хӀума деара. Делан цӀенна тӀехь куьйгалла деш хиллачу Хьалкхи-ЯхӀус, Закри-ЯхӀус, Яхьиала динан дайшка Пасахьан сагӀина ши эзар ялх бӀе Ӏахар белира. Кхин а кхо бӀе сту а белира цо. |
|
| 9 |
|
| Левихошна тӀехь куьйгалла деш волчу Ханан-ЯхӀус а, цуьнан вежарша ШамӀа-ЯхӀус а, Натунаила а, Хьашби-ЯхӀус а, иштта ЯӀиала а, Юзабдис а белира Пасахьан сагӀина лерина пхи эзар Ӏахар а, буьхьиг а. Иштта пхи бӀе сту а белира цара. Цара делларг левихошна лерина дара. |
|
| 10 |
|
| Иштта дӀахӀоттийнера и гӀуллакх дар. Динан дай шайн гӀуллакх дан дӀахӀиттира. Левихой а, паччахьо шайна тӀедиллина ма-хиллара, шайн тобанашкахь гӀуллакх дан дӀахӀиттира. |
|
| 11 |
|
| Пасахьана лерина болчу Ӏахаршна урс хьаькхира. Левихойн карара Ӏахарех даьлла цӀий, схьа а оьцуш, динан дайша церан цинцаш тухура. Ткъа левихоша тӀера цӀока схьайоккхура. |
|
| 12 |
|
| Дагоран сагӀа санна даха лерина долу дийнатийн дакъош дӀакъастийра левихоша, тӀаьхьо халкъан доьзалийн тобанаша уьш, Мусан тептар тӀехь яздина ма-хиллара, Везачу Элана сагӀина дахийтархьама. Изза дира цара стерчашца а. |
|
| 13 |
|
| Хьехамаша тӀедиллина ма-хиллара, Пасахьан Ӏахар цӀартӀехь беттира. Ткъа даздина долу сагӀина деанарг даккхий еш чохь, кхабанаш чохь, кедаш чохь, кхехка а деш, сихонца халкъана дӀадийкъира. |
|
| 14 |
|
| Цул тӀаьхьа шайна а, динан дайшна а кечдира цара сагӀина деанарг, хӀунда аьлча АхӀаронан тӀаьхьенах болу динан дай буьйсанна тӀаьххьалц Ӏийнера дагоран сагӀанаш а дохуш, кхечу сагӀанийн мохь а ягош. Цундела шайна а, АхӀаронан тӀаьхьенах болчу динан дайшна а кечъеш яра левихоша юург. |
|
| 15 |
|
| Дауда а, Асайпа а, ХӀаймана а, Дауд-паччахьна лерина Делера дерг гуш волчу Ядутун-пайхамаро а шайна тӀедиллина ма-хиллара, Асайпан тӀаьхьенах болу зурманчаш шайн гӀуллакх дан билгалъяьхначу меттигашка дӀахӀиттийра. Иштта хӀора кевнан гӀаролхо а вара шен-шен меттехь лаьтташ. Церан вежарий болчу левихоша кечйора царна оьшург, цундела уьш шаьш гӀуллакх деш болчуьра меттахбовла оьшуш дацара. |
|
| 16 |
|
| Иштта дӀахӀоттийнера цу дийнахь Везачу Элана лерина гӀуллакх дар. Иза дӀахӀоттийнера, Юши-ЯхӀу-паччахьо тӀедиллина ма-хиллара, Пасахьан сагӀа даккхар кхочушдархьама а, Везачу Элана лерина болчу кхерчана тӀехь дийнаташ дагоран сагӀа даккхархьама а. |
|
| 17 |
|
| Цу хенахь цигахь болчу исраилхоша Пасахьан дезде а даздира, ткъа цул тӀаьхьа ворхӀ дийнахь совсазчу баьпкан деза денош даздира цара. |
|
| 18 |
|
| Шамъал-пайхамар ваьхначу заманахь дуьйна схьа цу тайпана Пасахьан дезде даздина дацара. Юши-ЯхӀус а, динан дайша а, левихоша а, цигахь хиллачу яхӀудхоша а, исраилхоша а, Ярушалайман бахархоша а даздинчу тайпана, Пасахьан дезде исраилхойн паччахьех цхьаммо а даздина дацара. |
|
| 19 |
|
| Юши-ЯхӀус паччахьалла деш долу берхӀитталгӀа шо долуш даздинера и де. |
|
| 20 |
|
| Цул тӀаьхьа, Юши-ЯхӀус Делан цӀийнаца долу низам дӀахӀоттийначул тӀаьхьа, мисархойн паччахь Наху Эпрат-хин йистерачу КӀаркамиш-гӀалина уллохь тӀом бан вахара. Ткъа Юши-ЯхӀу цунна дуьхьал тӀом бан аравелира. |
|
| 21 |
|
| Нахус Юши-ЯхӀуна тӀе геланчаш бахийтира цуьнга иштта дӀаала аьлла: «Суна а, хьуна а хӀун ду иза, яхӀудхойн паччахь? ХӀинца со хьуна дуьхьал тӀом бан вогӀуш вац, ткъа соьца тӀом латтош йолчу пачхьалкхе вогӀуш ву. Дала, сихо е аьлла, тӀедиллина суна. Соьца волчу Далла дуьхьало ма е, хьо Цуьнга ца вейтархьама». |
|
| 22 |
|
| Амма Юши-ЯхӀус, иза волчуьра дӀаваха дагахь а воцуш, шен духарш хийцарца ша мила ву къайладаьккхира, цунна дуьхьал тӀом бархьама. Делан омрица Нахус аьллачу дешнашка ла а ца дугӀуш, Юши-ЯхӀу МагӀидда олучу аренга веара тӀом бан дагахь. |
|
| 23 |
|
| Мисархоша Юши-ЯхӀу-паччахьна тӀе пхерчий кхиссира. ТӀаккха Паччахьо шен хьаькамашка элира: «ДӀавигалаш со кхузара, хӀунда аьлча суна чӀогӀа чов хилла». |
|
| 24 |
|
| ГӀудалкх чуьра схьа а ваьккхина, цуьнан долахь йолчу кхечу гӀудалкхана чу виллира цара Юши-ЯхӀу. Иза Ярушалайме дӀавигира. Цигахь Юши-ЯхӀу велира, иза шен дайн къуббанашкахь дӀавоьллира. ЯхӀуд-мехкан а, Ярушалайм-гӀалин а дерриг а халкъо белхар хӀоттийнера Юши-ЯхӀуна. |
|
| 25 |
|
| Ярми-ЯхӀу-пайхамаро тийжамаш дӀаязбира Юши-ЯхӀуна лерина. Назманаш олучу наха а, зударша а тахханалц а долчу шайн тийжарийн назманашкахь Юши-ЯхӀух лаьцна олу. И назманаш Исраил-махкахь ламасташ юкъа дахийтира. Уьш Тийжамийн тептарна юкъа яхийтина ю. |
|
| 26 |
|
| Юши-ЯхӀус динчу кхидолчу хӀуманех лаьцна — Везачу Элан товрат-хьехамаш кхочушдарна тешаме хиларца доьзна цо динчу гӀуллакхех лаьцна, |
|
| 27 |
|
| дуьххьарлерчу гӀуллакхна тӀера тӀаьхьарчунна тӀекхаччалц — яздина ду ЯхӀудхойн а, исраилхойн а паччахьийн тептар тӀехь. |
|
|
|
|