|
| 1 |
|
| Делан цӀенна хьалха суждане а воьдуш, воьлхуш, халкъо летийначу къиношна ша къера хилар а дуьйцуш, Ӏезара доӀа дечу хенахь, цунна гонах дуккха а исраилхой гулбелира. Царна юкъахь божарий а, зударий а, бераш а дара. Уьш а чӀогӀа боьлхуш бара. |
|
| 2 |
|
| ТӀаккха Ӏейламан тӀаьхьенах волчу Яхьиалан кӀанта Шихан-ЯхӀус Ӏезаре элира: «Тхо тхайн Далла тешаме ца хилла, тхайна гонах дехаш долчу къаьмнийн зудабераш тхайна маре а дуьгуш. Оха и хӀума лелийнехь а, Исраилан халкъан кхин а сатуьйсийла йисина. |
|
| 3 |
|
| Ткъа хӀинца тхоьга тхан Далла хьалха барт байтахьара ахьа, хӀара зударий а, цара дина долу бераш а оха дӀадохуьйтур ду аьлла. Сан эла волчу ахьа а, иштта Далла хьалха ларамах буьзна болчу наха а хьоьхуш дерг оха тӀелоцур дара, товрат-хьехамашца тхо лелар а дара. |
|
| 4 |
|
| ХьалагӀатта, Ӏезар, хӀунда аьлча хӀара хьан гӀуллакх ду, оха хьоьгахьа гӀо а доккхур ду. Доьналла долуш а хилий, и гӀуллакх чекхдаккха!» |
|
| 5 |
|
| Ӏезар хьалагӀаьттира. Цо динан дайн хьаькамашка а, левихошка а, дерриг а Исраилан халкъе а чӀагӀо яйтира, цара Шихан-ЯхӀус аьлларг дийр ду аьлла. Цара и чӀагӀо йира. |
|
| 6 |
|
| Цул тӀаьхьа Ӏезар, Делан цӀенна уллора юьстах а ваьлла, Элишубан кӀентан ЯхӀу-Хьанин цӀа чу вахара. Цу чохь яа хӀума а ца юуш, мала а ца молуш буьйса яьккхира цо, хӀунда аьлча, йийсарера юхабирзинчара Далла тешаме доцург лелийна хилар бахьана долуш, чӀогӀа гӀайгӀане вара иза. |
|
| 7 |
|
| Цо берриг а ЯхӀуд-махкахь а, Ярушалаймехь а долчу халкъе кхайкхам бира, массо а йийсарера юхавирзина мел волу стаг Ярушалайме схьагулло аьлла. |
|
| 8 |
|
| Кхаа дийнахь цига ваза висинчу стеган мел долу хьал хьаькамаша а, къаноша а кхел ма-ярра, цуьнгара схьадоккхур ду аьлла хилла, ткъа иза ша йийсарера юхабирзинчеран гуламна юкъара дӀавоккхуш хилла. |
|
| 9 |
|
| Кхо де дӀадалале, ЯхӀуд-махкара а, Бен-Яман-махкара а мел волу стаг Ярушалайме схьагулвелира. Иза хилла уьссалгӀачу беттан ткъолгӀачу дийнахь. Цу дийнахь дерриг а халкъ Делан цӀенна хьалха йолчу кертахь охьахиъна Ӏаш дара. ГӀуллакхан дозаллина а, догӀуш догӀа хиларна а уьш чӀогӀа бегош бара. |
|
| 10 |
|
| Динан да волчу Ӏезара, хьала а гӀаьттина, элира: «Шу Далла тешаме ца хилла, шайна кхечу къаьмнех болу зударий а балийна. И хӀума бахьана долуш Исраилан бехк совбаьлла. |
|
| 11 |
|
| Шаьш динчунна вайн дайн Дела волчу Везачу Элана хьалха мукӀарло де, ткъа Цуьнан лаам кхочуш а бе. Шайна гонах дехаш долчу адамех а, царах болчу шайн зударех а дӀакъаста». |
|
| 12 |
|
| ТӀаккха цигахь схьагулвелла мел волчо, чӀогӀа мохь а тухуш, элира: «Ахьа аьлларг дийр ду оха. |
|
| 13 |
|
| Амма кхузахь дукха адам гулделла, ткъа вайна хӀинца догӀанаш долу хан ю. Тхо арахь ца латтало. Ткъа и хӀума цхьана я шина дийнахь дина чекхдаккха йиш йолуш дац, хӀунда аьлча оцу къилахьчу гӀуллакхца тхох дукхахберш боьзна бу. |
|
| 14 |
|
| Вайн къаноша кхузахь гулбелла болчу массарна а хьалхара сацам бан беза. Вайн гӀаланашкара кхечу къаьмнийн зударий балийна мел верг йиллинчу хенахь Ярушалайме схьаван веза. Уьш шайн гӀалахь болчу куьйгалхошца а, динан дайшца а цхьаьна схьабахка беза. Иштта вай дийр ду, оцу гӀуллакхна Дела оьгӀазваханчуьра ваставаллалц». |
|
| 15 |
|
| Масех стаг бен цу сацамна реза воцуш ца хилира. Царна юкъахь ӀасахӀалан кӀант ЯхӀуната а, Тикхавин кӀант Яхьзи-ЯхӀу а вара. Цу шинна тӀетайна Машулим а, левихо волу Шабитай а вара. |
|
| 16 |
|
| Йийсарера юхадирзина долу Исраилан халкъ цу сацамна реза хилира. ХӀора доьзалера цӀийнан хьалхара болу нах билгалбехира динан да волчу Ӏезара. ХӀора гаранера цхьацца стаг а хаьржина, церан хӀораннан а цӀераш ехира цо. Шеран уьтталгӀачу беттан хьалхарчу дийнахь схьахаьржина болу нах охьахевшира хӀора доьзалера долу гӀуллакхаш талла. |
|
| 17 |
|
| Шеран хьалхарчу беттан хьалхарчу дийнахь цара шайн кхечу къаьмнийн зударий балийначеран гӀуллакхех лаьцна болу таллам чекхбаьккхира. |
|
| 18 |
|
| Динан дайн тӀаьхьенах болчарна юкъара кхечу къаьмнех болу зударий балийначеран цӀераш хӀорш ю: ЮцӀдукъан кӀентан ЮшаӀан тӀаьхьенах берш а, цуьнан вежарий МаӀсей-ЯхӀу а, ЭлиӀазар а, Ярби а, Гадал-ЯхӀу а. |
|
| 19 |
|
| Цара массара а дош делира шайн зударех дӀакъаста. Цул тӀаьхьа цара хӀорамма а шайн жа юкъара цхьацца уьстагӀ гӀуда такхаран сагӀа санна бахьара. |
|
| 20 |
|
| Амиран тӀаьхьенах болу Хьанани а, Забди-ЯхӀу а; |
|
| 21 |
|
| Хьармин тӀаьхьенах болу МаӀсей-ЯхӀу а, Эли-ЯхӀу а, ШамӀа-ЯхӀу а, Яхьиал а, Ӏузи-ЯхӀу а; |
|
| 22 |
|
| Пашихьуран тӀаьхьенах болу ЭлъюӀейнай а, МаӀсей-ЯхӀу а, ИсмаьӀал а, Натунаил а, Юзабди а, ЭлиӀаса а; |
|
| 23 |
|
| Левихойх болу Юзабди а, ШамаӀи а, Кхали-ЯхӀу а (цунах Кхилати олуш а хилла), Патахь-ЯхӀу а, ЯхӀуд а, ЭлиӀазар а; |
|
| 24 |
|
| Илланчашна юкъара Элишуб а хилла. Делан цӀийнан кевнера гӀаролхой болу Шалум а, Телам а, Ури а хилла. |
|
| 25 |
|
| Вукху исраилхошна юкъара кхечу къаьмнех болу зударий балийнарш хилла: ПарӀушан тӀаьхьенах волу Рами-ЯхӀу а, Язи-ЯхӀу а, Малки-ЯхӀу а, Мияман а, ЭлиӀазар а, Малки-ЯхӀу а, БенъяхӀу а. |
|
| 26 |
|
| Ӏейламан тӀаьхьенах болчарна юкъара: Матан-ЯхӀу а, Закри-ЯхӀу а, Яхьиал а, Ӏабди а, Еримати а, Эли-ЯхӀу а. |
|
| 27 |
|
| Затун тӀаьхьенах болчарна юкъара: ЭлъюӀейнай а, Элишуб а, Матан-ЯхӀу а, Еримати а, Забад а, Азази а. |
|
| 28 |
|
| Бебайн тӀаьхьенах болчарна юкъара: ЯхӀу-Хьана а, Хьанан-ЯхӀу а, Забай а, Ӏатилай а. |
|
| 29 |
|
| Банин тӀаьхьенах болчарна юкъара: Машулим а, Малук а, Ӏади-ЯхӀу а, Яшаб а, Шаал а, Еримати а. |
|
| 30 |
|
| Пахьат-Муабин тӀаьхьенах болчарна юкъара: Ӏаднан а, Калил а, БенъяхӀу а, МаӀсей-ЯхӀу а, Матан-ЯхӀу а, Бацалиал а, Бинуй а, Маннаш а. |
|
| 31 |
|
| Хьармин тӀаьхьенах болчарна юкъара: ЭлиӀазар а, Йоши-ЯхӀу а, Малки-ЯхӀу а, ШамӀа-ЯхӀу а, ШимӀа а, |
|
| 32 |
|
| Бен-Яман а, Малук а, Шамри-ЯхӀу а. |
|
| 33 |
|
| Хьашуман тӀаьхьенах болчарна юкъара: Матинай а, Маттет а, Забад а, Эли-Пулат а, Яримай а, Маннаш а, ШамаӀи а. |
|
| 34 |
|
| Банин тӀаьхьенах болчарна юкъара: МаӀдай а, Ӏамрам а, Уал а, |
|
| 35 |
|
| БенъяхӀу а, Беди-ЯхӀу а, ХелихӀу а, |
|
| 36 |
|
| Вани-ЯхӀу а, Мармути а, Элишуб а, |
|
| 37 |
|
| Матан-ЯхӀу а, Матинай а, ЯӀсай а. |
|
| 38 |
|
| Бинуйн тӀаьхьенах болчарна юкъара: ШамаӀи а, |
|
| 39 |
|
| Шалам-ЯхӀу а, Ната а, Ӏади-ЯхӀу а, |
|
| 40 |
|
| Махнидбай а, Шашай а, Шарай а, |
|
| 41 |
|
| Ӏазариал а, Шалам-ЯхӀу а, Шамри-ЯхӀу а, |
|
| 42 |
|
| Шалум а, Амар-ЯхӀу а, Юсуп а. |
|
| 43 |
|
| Набун тӀаьхьенах болчарна юкъара: ЯӀиал а, Матит-ЯхӀу а, Забад а, Зибани а, Йодай а, Юал а, БенъяхӀу а. |
|
| 44 |
|
| Уьш массо а кхечу къомах болу зударий балийна бара. Царах цхьаболчеран цу зударша дина бераш а дара. |
|
|
|
|