|
| 1 |
|
| ХӀорш бу йийсарера юхабирзина болу динан дай а, левихой а. Уьш Шалтаалан кӀантаца Зурбабелца а, ЮшаӀца а цхьаьна юхабирзина хилла. Церан цӀераш: Сари-ЯхӀу, Ярми-ЯхӀу, Ӏезар, |
|
| 2 |
|
| Амар-ЯхӀу, Малук, Хьатуш, |
|
| 3 |
|
| Шихан-ЯхӀу, Рахьим, Мармути, |
|
| 4 |
|
| Ӏиду, ГӀинтуй, Аби-ЯхӀу, |
|
| 5 |
|
| Мияман, МаӀад-ЯхӀу, Билга, |
|
| 6 |
|
| ШамӀа-ЯхӀу, ЯхӀу-Ярби, Яди-ЯхӀу, |
|
| 7 |
|
| Салуъ, Ӏамукъ, Хьалкхи-ЯхӀу, Яди-ЯхӀу. ЮшаӀ динан коьрта да волчу заманахь и нах динан дайн а, церан гергарнаш а баьччанаш бара. |
|
| 8 |
|
| Левихойх болу ЮшаӀ, Бинуй, Кхадмиал, Шараб-ЯхӀу, ЯхӀуд, Матан-ЯхӀу. Далла баркалла олуш долчу назманашна тӀехь жоп луш хилла Матан-ЯхӀу а, цуьнан гергарнаш а. |
|
| 9 |
|
| Адамаша Далла гӀуллакх дечу хенахь, Бакхбукъ-ЯхӀус а, Ӏунис а, церан гергарчара а назма аларца дакъалоцура. |
|
| 10 |
|
| ЮшаӀ ЯхӀу-Якхаман да хилла, ЯхӀу-Якхам Элишубан да хилла. Элишуб ЯхӀу-ЯдаӀан да хилла. |
|
| 11 |
|
| ЯхӀу-ЯдаӀ ЯхӀунатин да хилла, ЯхӀуната ЯдуӀан да хилла. |
|
| 12 |
|
| ЯхӀу-Якхаман заманахь динан дайн доьзалан баьччанаш хӀорш хилла: Сари-ЯхӀун доьзалехь лакхарниг Мари-ЯхӀу хилла. Ярми-ЯхӀун доьзалехь лакхарниг Хьанан-ЯхӀу хилла. |
|
| 13 |
|
| Ӏезаран доьзалехь лакхарниг Машулим хилла. Амар-ЯхӀун доьзалехь лакхарниг ЯхӀу-Хьана хилла. |
|
| 14 |
|
| Малухин доьзалехь лакхарниг ЯхӀуната хилла. Шихан-ЯхӀун доьзалехь лакхарниг Юсуп хилла. |
|
| 15 |
|
| Хьармин доьзалехь лакхарниг Ӏаднан хилла. Мармутин доьзалехь лакхарниг Хьелкхи хилла. |
|
| 16 |
|
| Ӏидун доьзалехь лакхарниг Закри-ЯхӀу хилла. ГӀинтунин доьзалехь лакхарниг Машулим хилла. |
|
| 17 |
|
| Аби-ЯхӀун доьзалехь лакхарниг Зикра хилла. МуӀад-ЯхӀун а, Мин-Яманан доьзалшкахь лакхарниг Пилти хилла. |
|
| 18 |
|
| Билгин доьзалехь лакхарниг ШамуӀ хилла. ШамӀа-ЯхӀун доьзалехь лакхарниг ЯхӀуната хилла. |
|
| 19 |
|
| ЯхӀу-Ярбин доьзалехь лакхарниг Матинай хилла. Яди-ЯхӀун доьзалехь лакхарниг Ӏузи хилла. |
|
| 20 |
|
| Салин доьзалехь лакхарниг Къали хилла. Ӏамукъин доьзалехь лакхарниг Ӏебар хилла. |
|
| 21 |
|
| Хьалкхи-ЯхӀун доьзалехь лакхарниг Хьашби-ЯхӀу хилла. ЯдаӀ-ЯхӀун доьзалехь лакхарниг Натунаил хилла. |
|
| 22 |
|
| Элишубан а, ЯхӀу-ЯдаӀан а, Йохьанан а, ЯдуӀан а заманашкахь хилла болчу левихойн а, динан дайн а доьзалийн баьччанийн цӀераш парсихойн паччахь волчу Дари-Вашан паччахьалла лаьттинчу хенахь дӀаязйина ю. |
|
| 23 |
|
| Левин тӀаьхьенах болчу доьзалийн баьччанаш Элишубан кӀант волчу ЯхӀу-Хьанин заманна тӀекхаччалц дӀаязбина бу. |
|
| 24 |
|
| ХӀара цӀераш левихойн куьйгаллехь хиллачийн ю: Хьашби-ЯхӀу, Шараб-ЯхӀу, ЮшаӀ, Бинуй, Кхадмиал. Церан гергарнаш царна дуьххьал дӀахӀуьттуш хилла, Далла хастамаш а беш, баркалла а олуш. Цхьа тоба вукху тобане йист хуьлуш хилла. И хӀума Делан стаг волчу Дауда дӀахӀоттийна хилла. |
|
| 25 |
|
| ГӀалин кевнехь долу чӀоьнаш лардеш бара Матан-ЯхӀу а, Бакхбукъ-ЯхӀу а, Ӏабди-ЯхӀу а, Машулим а, ТӀулман а, Ӏакхуби а. |
|
| 26 |
|
| Уьш берриш а гӀуллакх деш бара ЮцӀдукъан кӀентан ЮшаӀан кӀант ЯхӀу-Якхам куьйгаллехь волчу хенахь а, мехкан да Нахьми-ЯхӀу а, динан даӀелам стаг Ӏезар а волчу хенахь а. |
|
| 27 |
|
| Ярушалайман пен къобалбечу хенахь массо а левихо уьш мел Ӏаш болчу гӀаланашкара Ярушалайме схьакхайкхинера. Левихой схьакхайкхинера, пен къобалбечу хенахь тайп-тайпана дечиг-пондарш а шинна а куьйгаца дуьхь-дуьхьал тухуш долу жима цӀестан негӀарш а тухуш, Далла лерина йолу назманаш ала а, Цунна хастамаш бан а. |
|
| 28 |
|
| Массо а илланчаш схьагулбеллера Ярушалаймана гонахарчу меттигашкара а, НатӀупат-гӀалина гонахарчу ярташкара а, |
|
| 29 |
|
| иштта Байт-Галгалара а, ГибаӀ-гӀалин а, Ӏазмаватан а аренашкара а. Цу заманахь илланчаша Ярушалаймана гонах ярташ йинера. |
|
| 30 |
|
| Динан дайша а, левихоша а Далла хьалха цӀанваларан Ӏадат кхочушдира. Иштта халкъана тӀехь а, гӀалин кевнашна тӀехь а, гӀалин пенна тӀехь а кхочушдира цара цӀена хуьлу Ӏадат. |
|
| 31 |
|
| ТӀаккха аса яхӀудхойн куьйгалхой пенна тӀе хьала а баьхна, уьш цигахь дӀахӀиттийра. Илланчийн йоккха ши тоба а схьакъастийра аса, цаьрга Далла хастамаш беш йолу назманаш алийта. Царах цхьа тоба пенна тӀехула аьтту агӀонгахула Кхеллин ков долчу дӀаяха езаш яра. |
|
| 32 |
|
| Царна тӀаьхьахӀоьттина ХӀушаӀ-ЯхӀу а вара, шеца цхьаьна ЯхӀудан халкъан баьччанийн ахтоба а йолуш. |
|
| 33 |
|
| Иштта царна тӀаьхьахӀиттина боьлхуш бара Ӏазар-ЯхӀу, Ӏезар, Машулим, |
|
| 34 |
|
| ЯхӀуд, Бен-Яман, ШамӀа-ЯхӀу, Ярми-ЯхӀу. |
|
| 35 |
|
| Цхьаболу динан дай а бара цигахь, шайн карахь турбанаш а йолуш. Иштта царна тӀаьхьахӀоьттина воьдуш ЯхӀунатин кӀант Закри-ЯхӀу а вара (ЯхӀуната ШамӀа-ЯхӀун кӀант хилла, ШамӀа-ЯхӀу Матан-ЯхӀун кӀант хилла, Матан-ЯхӀу Мика-ЯхӀун кӀант хилла, Мика-ЯхӀу Закхуран кӀант хилла, ткъа Закхур Асайпан кӀант хилла). |
|
| 36 |
|
| Цигахь Асайпан гергарнаш а бара: ШамӀа-ЯхӀу, Ӏазариал, Милали, Гилали, МаьӀи, Натунаил, ЯхӀуд, Хьанани. Церан карахь Делан стаг волчу Дауда лоькхучу тайпана гӀирсаш бара. Царна массарна а хьалхаваьлла воьдуш Ӏелам стаг волу Ӏезар а вара. |
|
| 37 |
|
| Уьш Шовданан ков долчу агӀор дӀабирзира. Даудан гӀалин ламеш тӀехула уьш пенан лакхенна тӀе хьалабевлира. Даудан цӀенна тӀехула а бевлла, уьш малхбалехьа, Хин ков долчу агӀор, дӀабахара. |
|
| 38 |
|
| Илланчийн шолгӀа тоба, аьрру агӀор а йирзина дӀаяхара. Уьш пенна тӀехула лелачу хенахь, со схьагулделлачу адамийн шолгӀачу тобанца царна тӀаьхьа воьдуш вара. Пешийн бӀаьвнах тӀех а девлла, тхо Шуьйрачу пенна тӀе кхаччалц дӀадахара. |
|
| 39 |
|
| Цул тӀаьхьа Эпрайман а, Ширачу кевнах а, иштта ЧӀерийн кевнах а тӀехбевлира уьш. Цигара Хьананиалан бӀаьвнах, Меа олучу бӀаьвнах а тӀехбевлира уьш. УьстагӀийн кевнна тӀе кхаччалц дӀа а бахана, ГӀаролан кевнна уллохь севцира уьш. |
|
| 40 |
|
| Цул тӀаьхьа илланчийн ши тоба Делан цӀийнан кертахь шайн-шайн йолчу метте дӀахӀоьттира. Со а, хьаькамийн ахтоба а дӀахӀоьттира тхешан метте. |
|
| 41 |
|
| Шайн-шайн метте, карахь турбанаш а йолуш, дӀахӀиттира динан дай болу Элъякъим, МаӀсей-ЯхӀу, Мин-Яман, Мика-ЯхӀу, ЭлъюӀинай, Закри-ЯхӀу, Хьанан-ЯхӀу. |
|
| 42 |
|
| Иштта Делан цӀийнан кертахь шайн-шайн метте дӀахӀиттира динан дай болу МаӀсей-ЯхӀу, ШамӀа-ЯхӀу, ЭлиӀазар, Ӏузи, ЯхӀу-Хьана, Малки-ЯхӀу, Ӏейлам, Эзар. Илланчийн шинна а тобано, чӀогӀа мохь а тухуш, назма элира. Эшарш локхучу тобанийн куьйгалхо Израхь-ЯхӀу вара. |
|
| 43 |
|
| Цу дийнахь дуккха а сагӀанаш дехира цара. Массо а стаг чӀогӀа самукъадаьлла вара, Дала шайна доккха хазахетар хилийтина дела. Зударий а, бераш а самукъадаьлла лелара. Ярушалаймера схьа геннахь хезаш дара самукъане аьзнаш. |
|
| 44 |
|
| Цу дийнахь билгалбехира чӀоьнаш карахь долу нах. ХӀора доьзало деш долу совгӀаташ — дуьххьара схьабевлла болу стоьмаш а, ялтин уьтталгӀа долу дакъа а — цу чӀоьнаш чохь лардан дезаш дара. ГӀаланашна гонах долчу кхаш тӀера цара чӀоьнаш чу схьадан дезаш дара товрат-хьехамаша динан дайшна а, левихошна а лерина долу дакъош, хӀунда аьлча яхӀудхой чӀогӀа хазахетта бара цигахь гӀуллакх дечу динан дайшна а, левихошна а. |
|
| 45 |
|
| Цу динан дайша а, левихоша а шайн Далла гӀуллакх а дора, нахана юкъахь Далла хьалха цӀена хуьлу Ӏадат кхочуш а дора. Илланчашца а, Делан цӀийнан кевнехь болчу гӀаролхошца а цхьаьна цара кхочушдора Дауда а, цуьнан кӀанта Сулима а дина весеташ. |
|
| 46 |
|
| ХӀунда аьлча дуккха а хьалха, Даудан а, Асайпан а хенахь дуьйна, баркалла олуш йолчу эшаршна тӀехь а, Далла хастам беш олуш йолчу назманашна тӀехь а куьйгалла дора илланчаша. |
|
| 47 |
|
| Зурбабелан а, Нахьми-ЯхӀун а заманахь массо а исраилхоша илланчашна а, кевнехь болчу гӀаролхошна а хӀора денна лерина долу рицкъа схьадахьара Делан цӀийнан керта. Халкъо левихошна дӀалора царна догӀуш долу дакъа, ткъа цунах АхӀаронан тӀаьхьенна догӀуш долу дакъа левихоша оцу тӀаьхьене дӀакхачадора. |
|
|
|
|