Артахь-Шашта паччахьаллехь волчу ткъолгӀачу шеран Нисан-баттахь паччахьна чагӀар чудеара. Аса и чагӀар, схьа а эцна, паччахье дӀакховдийра. Со гӀайгӀанехь вара. ХӀинца чул хьалха со паччахьна хьалха цкъа а цу тайпана цахиларна,
ТӀаккха аса паччахье элира: «Паччахь гуттара а вехийла! ГӀайгӀанна сан юьхь кхоьлина муха хир яц, сан дай дӀабоьхкина йолу гӀала йохийна лаьтташ хилча, цу гӀалин кевнаш а дагийна хилча!»
Цул тӀаьхьа аса паччахьна жоп делира: «Паччахьан лаам а хилахь, иза шен лай волчу суна реза а велахь, со ЯхӀуд-махка вахийтахьара цо. Сайн дайн къуббанаш йолчу гӀала а вахана, и гӀала юхаметтахӀоттор яра аса».
Цул тӀаьхьа буьйсанна сайца масех стаг а волуш, со аравелира. Дала сайн дага чу диллина долу Ярушалайман дуьхьа айса дан луург цхьана а стаге ца дийцинера аса. Соьца цхьа а тайпана дийнат а дацара, со тӀехиъна йолу вир йоцург.
Цхьана а хьаькамна ца хиира, со мича вахана а, я ас хӀун леладо а. Я яхӀудхошка а, я динан дайшка а, я лоруш болчу нахе а, я хьаькамашка а, я балхана тӀехь дакъалоцун болчу кхиболчаьрга а аса хӀумма а дӀа ца хаийтинера.