|
| 1 |
|
| ГӀалин пен бина а баьлла, ас кевнийн неӀарш дӀахӀиттийна евлча, гӀалин кевнашкара гӀаролхой а, илланчаш а, левихой а шайн-шайн гӀуллакхашна къобалбира. |
|
| 2 |
|
| Сайн ваша Хьанани а, гӀопан хьаькам волу Хьанан-ЯхӀу а ас къобалвира Ярушалаймана тӀехь урхалла дан. Хьанан-ЯхӀу ас хаьржинера, хӀунда аьлча иза тешаме а, Деле дукхахболчарал сов ларамах вуьзна а волу дела. |
|
| 3 |
|
| Цул тӀаьхьа цу шинга аса элира: «ГӀалин кевнаш шаьш схьаделлале, малх къеггина схьакхетталц собардан деза аша. Ткъа кевнаш дӀачӀагӀдан а, царна тӀе ханнаш дӀахӀитто а деза, гӀарол дина бовлале. ГӀарол дан Ярушалайман бахархой харжа. Цхьаберш шайн метте дӀахӀиттабе, ткъа вуьш шайн-шайн цӀеношна дуьххьал дӀахӀиттабе». |
|
| 4 |
|
| ГӀала йоккха а, шена чохь шортта меттиг йолуш а яра, ткъа адам цигахь кӀезиг дара, дуккха а цӀенош хӀинца а дина дацара. |
|
| 5 |
|
| Дала сан даг чохь ойла кхоьллира, лоруш болу нах а, хьаькамаш а, кхидолу массо а халкъ схьа а гулдина, уьш массо а дӀаязбан беза аьлла, хӀунда аьлча суна схьакарийнера дуьххьара юхабирзинарш дӀаязбина долу тептарш. Царна тӀехь дӀаяздина дара: |
|
| 6 |
|
| «ХӀорш бу цу мехкан массо а маьӀӀера болу йийсарера юхабаьхкина болу нах. Бавеларчу паччахьо Набухди-Нецара уьш Бавеле йийсаре дӀабигна хилла, ткъа хӀинца уьш Ярушалайме а, ЯхӀуд-махка а хӀора шен-шен гӀала юхабирзина. |
|
| 7 |
|
| Оцу нехан куьйгалхой бара: Зурбабел, ЮшаӀ, Нахьми-ЯхӀу, Ӏазар-ЯхӀу, РаӀам-ЯхӀу, Нахьмани, Мардахай, Билшан, Миспарти, БигӀвай, Нехьум, БаӀна. ХӀорш ю юхабирзинчу исраилхойн цӀераш: |
|
| 8 |
|
| ПарӀушан тӀаьхьенах берш — ши эзар цхьа бӀе кхузткъе шийтта стаг (2172); |
|
| 9 |
|
| Шапат-ЯхӀун тӀаьхьенах берш — кхо бӀе кхузткъе шийтта стаг (372); |
|
| 10 |
|
| Арахьин тӀаьхьенах берш — ялх бӀе шовзткъе шийтта стаг (652); |
|
| 11 |
|
| Пахьат-Муабин тӀаьхьенах болчу ЮшаӀан а, Йоабан а доьзалшкара — ши эзар бархӀ бӀе берхӀитта стаг (2818); |
|
| 12 |
|
| Ӏейламан тӀаьхьенах берш — цхьа эзар ши бӀе шовзткъе вейтта стаг (1254); |
|
| 13 |
|
| Затун тӀаьхьенах берш — бархӀ бӀе шовзткъе пхиъ стаг (845); |
|
| 14 |
|
| Закайн тӀаьхьенах берш — ворхӀ бӀе кхузткъа стаг (760); |
|
| 15 |
|
| Бинуйн тӀаьхьенах берш — ялх бӀе шовзткъе бархӀ стаг (648); |
|
| 16 |
|
| Бебайн тӀаьхьенах берш — ялх бӀе ткъе бархӀ стаг (628); |
|
| 17 |
|
| ӀазгӀадин тӀаьхьенах берш — ши эзар кхо бӀе ткъе шиъ стаг (2322); |
|
| 18 |
|
| Адуникхаман тӀаьхьенах берш — ялх бӀе кхузткъе ворхӀ стаг (667); |
|
| 19 |
|
| БигӀвайн тӀаьхьенах берш — ши эзар кхузткъе ворхӀ стаг (2067); |
|
| 20 |
|
| Ӏадин тӀаьхьенах берш — ялх бӀе шовзткъе пхийтта стаг (655); |
|
| 21 |
|
| Атарин тӀаьхьенах волчу Хьузакх-ЯхӀун доьзалера — везткъе берхӀитта стаг (98); |
|
| 22 |
|
| Хьашуман тӀаьхьенах берш — кхо бӀе ткъе бархӀ стаг (328); |
|
| 23 |
|
| Бецайн тӀаьхьенах берш — кхо бӀе ткъе виъ стаг (324); |
|
| 24 |
|
| Хьарипан тӀаьхьенах берш — цхьа бӀе шийтта стаг (112); |
|
| 25 |
|
| ГавӀонан тӀаьхьенах берш — везткъе пхийтта стаг (95). |
|
| 26 |
|
| Байтлахам-гӀалара а, НатӀупат-гӀалара а болчу бахархойх — цхьа бӀе везткъе бархӀ стаг (188); |
|
| 27 |
|
| Ӏанатот-гӀаларчу бахархойх — цхьа бӀе ткъе бархӀ стаг (128); |
|
| 28 |
|
| Байт-Ӏазмавтара — шовзткъе шиъ стаг (42); |
|
| 29 |
|
| Кхиръят-ЯӀаримера а, Капира-гӀалара а, Баировт-гӀалара а болу бахархой — ворхӀ бӀе шовзткъе кхоъ стаг вара (743); |
|
| 30 |
|
| Рама-гӀалара а, ГибаӀ-гӀалара а болчу бахархойх — ялх бӀе ткъе цхьаъ стаг вара (621); |
|
| 31 |
|
| Михмасерчу бахархойх — цхьа бӀе ткъе шиъ стаг вара (122); |
|
| 32 |
|
| Бетал-гӀалара а, ГӀай-гӀалара а болчу бахархойх — цхьа бӀе ткъе кхоъ стаг вара (123); |
|
| 33 |
|
| Набу-гӀаларчу бахархойх — шовзткъе шийтта стаг вара (52); |
|
| 34 |
|
| Ӏейламан тӀаьхьенах берш — цхьа эзар ши бӀе шовзткъе вейтта стаг вара (1254); |
|
| 35 |
|
| Хьармин тӀаьхьенах берш — кхо бӀе ткъа стаг вара (320); |
|
| 36 |
|
| Ерихонан бахархойх — кхо бӀе шовзткъе пхиъ стаг вара (345); |
|
| 37 |
|
| Лодди-юьртара а, Хьадидара а, Овну-гӀалара а болу бахархой — ворхӀ бӀе ткъе цхьаъ стаг вара (721); |
|
| 38 |
|
| Саниара болу бахархой — кхо эзар исс бӀе ткъе итт стаг вара (3930); |
|
| 39 |
|
| Динан дай: ЮшаӀан цӀийнах волчу Яди-ЯхӀун тӀаьхьенах болу нах — исс бӀе кхузткъе кхойтта стаг вара (973); |
|
| 40 |
|
| Амиран тӀаьхьенах берш — цхьа эзар шовзткъе шийтта стаг вара (1052); |
|
| 41 |
|
| Пашихьуран тӀаьхьенах берш — цхьа эзар ши бӀе шовзткъе ворхӀ стаг вара (1247); |
|
| 42 |
|
| Хьармин тӀаьхьенах берш — цхьа эзар вуьрхӀитта стаг вара (1017); |
|
| 43 |
|
| Левихойн тайпанах болу нах: ЮшаӀан а, Кхадмиалан а, ХӀудавин а доьзалшкара — кхузткъе вейтта стаг вара (74); |
|
| 44 |
|
| Илланчаш: Асайпан тӀаьхьенах берш — цхьа бӀе шовзткъе бархӀ стаг вара (148); |
|
| 45 |
|
| Делан цӀийнан кевнехь гӀаролхойн тӀаьхьенах берш: Шалуман а, Атарин а, ТӀулманан а, Ӏакхубин а, Хьататин а, Шубайн а тӀаьхьенах берш — цхьа бӀе ткъе берхӀитта стаг (138); |
|
| 46 |
|
| Делан цӀийнан кертахь гӀуллакх деш болчу ялхойн тӀаьхьенах берш: Цихьин а, Хьашупин а, ТабуӀатин а, |
|
| 47 |
|
| Кхейрусан а, СиӀин а, Падунан а, |
|
| 48 |
|
| Либанин а, ХьагӀабин а, Шалмайн а, |
|
| 49 |
|
| Хьананан а, Гидалан а, Гахьарин а, |
|
| 50 |
|
| Раи-ЯхӀун а, Рицанан а, Накхудин а, |
|
| 51 |
|
| Газамин а, Ӏузин а, Писухьан а, |
|
| 52 |
|
| Бесайн а, МуӀаниман а, Напу-Шасиман а, |
|
| 53 |
|
| Бакхбукъан а, Хьакъупин а, Хьархьуран а, |
|
| 54 |
|
| Бацултин а, Махьдин а, Хьарашин а, |
|
| 55 |
|
| Баркусин а, Сисрин а, Тамухьан а, |
|
| 56 |
|
| Нацухьан а, Хьатапин а тӀаьхьенех берш. |
|
| 57 |
|
| Сулим-паччахьан ялхой хиллачеран тӀаьхьенех берш: Сутайн а, Супартин а, Парудин а, |
|
| 58 |
|
| ЯӀлин а, Даркхунин а, Гидалан а, |
|
| 59 |
|
| Шапат-ЯхӀун а, Хьатилан а, Пукрати-ХӀацубайман а, Аминан а тӀаьхьенах берш. |
|
| 60 |
|
| Делан цӀийнан кертахь гӀуллакх деш болчу ялхойн а, Сулим-паччахьан ялхойн а тӀаьхьенах берш а шаберш кхо бӀе везткъе шийтта (392) стаг вара. |
|
| 61 |
|
| Цхьаболу нах Ярушалайме Тал-Маликера а, Тал-Хьаршара а, Каруб-гӀалара а, Адан-гӀалара а, Амир-гӀалара а баьхкинера. Амма цу нехан аьтто бацара, шаьш Исраилан халкъах схьадевлла ду аьлла, шайна гонах берш тешо: |
|
| 62 |
|
| Дали-ЯхӀун а, ТӀуби-ЯхӀун а, Накхудин а тӀаьхьенех берш — ялх бӀе шовзткъе шиъ стаг вара (642). |
|
| 63 |
|
| Динан дайн доьзалшкара цигахь бара: Хьаби-ЯхӀун, Къоцин а, Барзалайн а тӀаьхьенех берш. (И тӀаьхьарниг Барзалай цӀе тиллина вара, хӀунда аьлча ГалӀадарчу Барзалайн йоӀ ялийнера цо, ткъа цул тӀаьхьа цо и цӀе шениг санна лорура). |
|
| 64 |
|
| И нах доьзалийн тептарш тӀехь шайн цӀераш лоьхуш бара, амма царна уьш ца карайора. Цундела уьш динан дай санна тӀе ца ийцира. |
|
| 65 |
|
| ЯхӀудан мехкадас цкъачунна Далла сагӀина баьккхина беза кхача баар ца магийнера царна, коьрта динан да, схьа а веана, Урим а, Тумим а олучу дезачу тӀулгех Деле хӀун дан деза аьлла хатталц. |
|
| 66 |
|
| Йийсарера юхайирзинчу тобанна юкъахь верриг а шовзткъе шиъ эзар кхо бӀе кхузткъа стаг вара, |
|
| 67 |
|
| царна юкъара леш ца лерича. Ткъа уьш ворхӀ эзар кхо бӀе ткъе вуьрхӀитта лай а, гӀарбаш а яра. Кхин а цаьрца зударех а, божарех а волу ши бӀе шовзткъе пхиъ илланча а вара. |
|
| 68 |
|
| Цаьргахь ворхӀ бӀе ткъе ялхитта говр а, ши бӀе шовзткъе пхиъ говр-бӀарза а, |
|
| 69 |
|
| йиъ бӀе ткъе пхийтта эмкал а, ялх эзар ворхӀ бӀе ткъа вир а яра. |
|
| 70 |
|
| Цхьаболчу доьзалийн дайша цу балхана лерина совгӀаташ делира. ЯхӀудан мехкадас хазни чу цхьа эзар дешин дарик-ахча а, шовзткъе итт беза кад а, пхи бӀе ткъе итт динан дайша тӀеюхуш йолу бедарш а елира. |
|
| 71 |
|
| Кхиболчу доьзалийн дайша хазни чу балхана лерина ткъа эзар дарик-ахчанан барамехь долу деши а, ши эзар ши бӀе мин дети а делира. |
|
| 72 |
|
| Бисинчара кхин а ткъа эзар дарик-ахча а, ши эзар мин дети а, кхузткъе ворхӀ динан дайша тӀеюхуш йолу бедарш а елира. |
|
| 73 |
|
| Иштта динан дай а, левихой а, Делан цӀийнан кевнехь болу гӀаролхой а, илланчаш а, халкъана юкъара цхьаберш а, Делан цӀийнан кертахь гӀуллакх деш болу ялхой а — Исраилан массо а халкъ — шайн-шайн гӀаланашкахь баха хевшира». |
|
|
|
|