|
| 1 |
|
| Шеран ворхӀалгӀа бутт тӀекхачале, дерриг а Исраилан халкъ шайн гӀаланашкахь охьахевшича, массо а исраилхой Хин кевнна хьалха йолчу майдане схьагулбелира. Цара Ӏелам стаг волчу Ӏезаре дехар дира, Везачу Эло Муса-пайхамарехула Исраилан халкъана тӀебиллина болу товрат-хьехамаш тӀехь болу тептар схьада аьлла. |
|
| 2 |
|
| Ӏезара схьагулбеллачарна товрат-хьехамаш тӀехь болу тептар схьадеара. Иза шеран ворхӀалгӀачу беттан хьалхарчу дийнахь дара. Схьагулбеллачарна юкъахь зударий а, божарий а, шайга дуьйцург дӀаэца кхетам болуш долу бераш а дара. |
|
| 3 |
|
| Ӏуьйранна дуьйна де делкъе даллалц Ӏезар, Хин кевнна хьалхахь йолчу майданна дуьхьал вирзина а лаьтташ, массо а божаршна а, зударшна а, иштта массо а ша дуьйцург кхеташ болчу нахана а товрат-хьехамаш тӀехь болу тептар доьшуш вара. Дерриг а адам товрат-хьехамашка чӀогӀа леррина ладугӀуш дара. |
|
| 4 |
|
| Иза цу гӀуллакхна лерина йина йолчу дечиган лакхенна тӀе а ваьлла лаьтташ вара. Цунна аьтто агӀор лаьтташ Матит-ЯхӀу а, ШемаӀ а, Ӏани-ЯхӀу а, УръяхӀу а, Хьалкхи-ЯхӀу а, МаӀсей-ЯхӀу а вара, ткъа аьрру агӀор лаьтташ Пади-ЯхӀу а, Мишаал а, Малки-ЯхӀу а, Хьашум а, Хьашба-Дана а, Закри-ЯхӀу а, Машулим а вара. |
|
| 5 |
|
| Ӏезара тептар схьадиллира. Халкъал лекха йолчу лакхенгахь лаьтташ хиларе терра, Ӏезар массарна а дика гуш вара. Цо тептар схьадоьллушехь, массо а адам хьалагӀаьттира. |
|
| 6 |
|
| Ӏезара декъал вира Воккха Дела волу Веза Эла. Дерриг а халкъо, шайн куьйгаш стигала хьала а дохуьйтуш: «Амин!» элира. Цул тӀаьхьа, шайн яххьаш лаьтта кхаччалц охьа а таӀийна, Везачу Элана Ӏибадат дора цара. |
|
| 7 |
|
| Адамаш юха хьалагӀевттича, левихоша царна товрат-хьехамаш туьдура. Цу левихошна юкъахь бара: ЮшаӀ, Бани, Шараб-ЯхӀу, Ямин, Ӏакхуби, Шабитай, ХӀуди-ЯхӀу, МаӀсей-ЯхӀу, Кхилати, Ӏазар-ЯхӀу, Юзабди, Хьанан, Пали-ЯхӀу. |
|
| 8 |
|
| Цу левихоша, Делан товрат-хьехамаш тӀехь болчу тептар тӀера дешнаш билгал а дохуш, уьш тидархьама, царна гочдора, адамаш шайна дӀадешначух кхоьтуьйтуш. |
|
| 9 |
|
| Цул тӀаьхьа мехкада волчу Нахьми-ЯхӀус а, динан да а, Ӏелам стаг а волчу Ӏезара а, иштта нахана хьоьхуш болчу левихоша а элира: «Тахана шун Везачу Далла дӀакъастийна долу де ду. Сингаттаме а ма хила, делха а ма делха». Цара иштта элира, хӀунда аьлча товрат-хьехамашка ладугӀучу хенахь адам доьлхуш дара. |
|
| 10 |
|
| Нахьми-ЯхӀус цаьрга элира: «Дуьйло, хьена яа хӀума а яа, мерзаниг мала а мала. Шаьш юучух дакъа а де яа хӀума кечъяза бисинчарна. Таханлера де Везачу Элана дӀакъастийна долу де ду. ГӀайгӀане а ма хила! Везачу Эло лучу хазахетаро чӀагӀдийр ду шу!» |
|
| 11 |
|
| Левихоша дагна хьаам бора массо а гулбеллачарна. Цара бохура: «ДӀате! Таханлера де Везачу Элана лерина шатайпа де ду. ГӀайгӀане ма хила». |
|
| 12 |
|
| Массо а халкъ шайн цӀеношка дӀадахара хӀума яа а, малар мала а, вовшашна юург-мерг кховдо а, чӀогӀа самукъадаларца даздан а, товрат-хьехамашна юкъара царна аьллачух шаьш кхетта дела. |
|
| 13 |
|
| ШолгӀачу дийнахь доьзалийн дай а, динан дай а, левихой а Ӏелам стаг волу Ӏезар волчу бахара, цуьнца цхьаьна товрат-хьехамаш Ӏаморхьама. |
|
| 14 |
|
| Везачу Эло Муса-пайхамарехула Ша белла болу товрат-хьехамаш толлучу хенахь царна хӀара карийра: шеран ворхӀалгӀачу беттан дезде даздечу хенахь Исраилан халкъ кхалораш чохь Ӏан дезара. |
|
| 15 |
|
| Массо а халкъо, Ярушалаймехула а, шайн гӀаланашкахула а чекх а долуш, баха дезара: «Лаьмнашкахь болчу махка а гӀой, цигара зайт-диттан а, акхачу зайт-диттан а, хурма-диттан а, дукха гӀаш долуш долчу диттийн а, ӀиндагӀ луш долчу диттийн а генаш схьадан деза, царах, товрат-хьехамаш тӀехь ма-аллара, кхалораш ян а еза». |
|
| 16 |
|
| Халкъо, ара а даьлла, шега ма-аллара, генаш а деана, царах шайна кхалораш йира. Цара уьш шайн шерачу тхевнаш тӀехь а, шайн уьйтӀахь а, Делан цӀийнан кертахь а, Хин кевнна хьалхахь йолчу майданахь а, иштта Эпраман кевнна хьалха йолчу майданахь а йира. |
|
| 17 |
|
| Массо а йийсарера юхабирзинарш, шайна кхалораш а йина, цу деношкахь цу кхалораш чохь Ӏийра. Нунин кӀант ЮшаӀ ваьхначу хенахь дуьйна хӀара денош тӀе кхаччалц исраилхоша и дезде иштта даздина дацара. Массо а стаг чӀогӀа сакъераделла вара. |
|
| 18 |
|
| Ӏезара хьалхарчу дийнахь дуьйна тӀаьххьара де тӀекхаччалц, Делан товрат-хьехамаш тӀехь болу тептар доьшура царна. ВорхӀ дийнахь лаьттира и деза денош. БорхӀалгӀачу дийнахь, товрат-хьехамаш тӀехь ма-аллара, уьш вовшахкхийтира леррина дӀахӀоьттинчу гуламе. |
|
|
|
|