Делан Йозанаш 2012
|
| 1 |
| Паччахь волчу Ахьаш-Варуша латтанашна тӀера а, хӀордан гӀайренашна тӀера а ял ялар тӀедожийра шен халкъана. |
| 2 |
| Ахьаш-Варуша дина долу даккхий а, инзаре а гӀуллакхаш парсихойн а, мадайхойн а паччахьийн дӀаяьлла йолчу хенах лаьцна яздинчу тептарш тӀехь дӀаяздина ду. Паччахьо Мардахайн сийдарх а, иза хьалаваккхарх а лаьцна ду цу тептарш тӀехь. |
| 3 |
| Жуьгти волу Мардахай Ахьаш-Варушал тӀаьхьа шолгӀа стаг хилла цу пачхьалкхехь. Жуьгташна юкъахь чӀогӀа сийлахь хилла Мардахай, царна везаш а хилла иза, хӀунда аьлча цо шен къомана дика долу хӀума лохуш а хилла, цуьнан тӀаьхьенан дуьхьа машарх лаьцна вистхуьлуш а хилла. |
| Сохранить Заметки |
https://beblia.bible:81/BibleAudio/chechen/esther/010.mp3
10
10