|
| 1 |
|
| Аюба кхидӀа а элира: [1] «Сан синна сан дахар къахьделла. Сайна чохь сецор бац аса сайн латкъамаш. Ас буьйцур бу сайн даг чохь болу бала. |
|
| 2 |
|
| Аса эр ду Деле: „Ма ехьа суна кхел. Дийцахьа суна, стенна тӀехь со бехкево Ахь? |
|
| 3 |
|
| Хьуна тамехь ду те суна гӀело яр а, Хьайн куьйгаша виначух кхардар а, ткъа Ӏесачийн ойланех Хьо воьлуш хилар а? |
|
| 4 |
|
| Адаман ши бӀаьрг бу те Хьан, я адамна санна са го те Хьуна? |
|
| 5 |
|
| Тхан дахар санна доца ду те Хьан дахар? Адаман санна ду те Хьан шераш? |
|
| 6 |
|
| Цу бахьаница ас къа латийна хилар Хьо лоьхуш ву те? Цундела ас зулам динийла Хьо леррина толлуш ву те? |
|
| 7 |
|
| Со бехк боцуш вуйла Хьайна хуъушехь, Ахь со дӀа ца хоьцу, со Хьан куьйга кӀелхьара ваккха стаг а вац. |
|
| 8 |
|
| Хьан куьйгаша кеп йина а, кхоьллина а ма ву со, кхачаме а, цӀенна а, ткъа хӀинца хӀаллак хӀунда во Ахьа со? |
|
| 9 |
|
| Дагадаийтахьа, Айхьа со поппарх вина, нисвина хилар. ХӀинца юха а сох чан ян воллу те Хьо? |
|
| 10 |
|
| Ахьа со, шура санна, охьавоьттира, ткъа юха, кӀалд санна, вукъвира Ахьа со. |
|
| 11 |
|
| Дилха а, чкъор а диллира Ахьа суна тӀе, даьӀахкашца, пхенашца вовшахтесира Ахьа со. |
|
| 12 |
|
| Ахьа суна дахар делира, хедар боцу безам а белира, гӀайгӀа барца сан са а лардеш. |
|
| 13 |
|
| ХӀара хилла-кх къайлаха Хьан даг чохь дерг, суна хаьа, иза Хьан даг чохь хиллий. |
|
| 14 |
|
| Аса къа латийча, Ахь цуьнан тидам бийр бара, аса латийнарг таӀзар доцуш дуьтур а дацара. |
|
| 15 |
|
| Со бехке велахь — декъаза хуьлийла со! Со бехке вацахь а, со корта хьалаайа а ваьхьар вац. Эхь хетарх вуьзна ву со, балано со вахийна. |
|
| 16 |
|
| Со жимма хьалатаьӀӀашехь, лом санна, тӀаьхьаволу Хьо суна, Хьайн тамашийна ницкъ юха а суна дуьхьалбоккхуш. |
|
| 17 |
|
| Ахьа суна дуьхьал керла тешаш боху, Хьайн оьгӀазалла чӀагӀ а еш. Юх-юха а керла тобанаш суна дуьхьалйовлуш ю. |
|
| 18 |
|
| ХӀунда ваьккхина Ахьа со сайн ненан кийрара схьа? Цхьана а стеган бӀаьрг кхетале со велла велара! |
|
| 19 |
|
| Со цкъа а хилла а ца хиллехьара! Ненан кийрара схьаволлушехь, коша чу виллина со хиллехьара! |
|
| 20 |
|
| Сан дахаран денойх кӀезиг бен дисна дац те? ДӀаверзахьа соьгахьара, жимма со воккхавейта, |
|
| 21 |
|
| юхавоьрзур воцучу меттиге со дӀакхалхале — бода а, Ӏожаллин ӀиндагӀ а долчу махка, |
|
| 22 |
|
| Ӏаьржа бода лаьттачу а, низам ца хуьлучу а махка, серло а боданах тера йолчу махка“». |
|
|
|
|