|
| 1 |
|
| ТӀаккха наӀматхо волу Цупар Аюбе вистхилира: |
|
| 2 |
|
| «Дуккха а дийцинчу дешнашна дуьхьал дала жоп дац те? Дукха къамелаш деш верг бакъ ву ткъа? |
|
| 3 |
|
| Хьан даьссачу къамелаша тхо дист ца хуьлуш сацор ду моьтту хьуна? Кхаьрдаш волу хьо цхьаммо а юьхьӀаьржачу хӀоттор вац моьтту хьуна? |
|
| 4 |
|
| Ахьа Деле боху: „Сайн хьехамехь со бакъ ву, Хьан бӀаьргашна хьалха со цӀена ву“. |
|
| 5 |
|
| Суна луур дара, Аюб, Дела хьоьга вистхила, хьуна дуьхьал Цо Шен бага схьаелла. |
|
| 6 |
|
| Шен хьекъалаллин къайленаш Дала хьуна йовзуьйтур елахьара, бакъйолчу хьекъалаллин цхьа агӀо хилла ца Ӏарна. Суна луур дара хьуна хаийта, Далла хьан къинойх цхьадерш дицдалийтина хилар. |
|
| 7 |
|
| Делан кӀоргачу къайленашка хьо билггал кхачало те? Нуьцкъалчу Делан бухбоцучу бакъдолчух хьан кхета ницкъ кхочий те? |
|
| 8 |
|
| Иза стигалел лекха ду — муьлха адам цига кхачалур ду? Иза эхартал кӀорга ду — муьлхачу стагана иза хаалур ду? |
|
| 9 |
|
| Цуьнан барам лаьттал беха бу, иштта иза хӀордал шуьйра бу. |
|
| 10 |
|
| Цо, схьа а веана, милла а набахти чу а воьллина, иза кхеле озийча, Цунна дуьхьал мила вер ву? |
|
| 11 |
|
| Цунна харцонаш лелориг вевза. Нагахь санна Цунна зулам гахь, Цо иза дагахь латтор дац? |
|
| 12 |
|
| Хьекъал доцург хьекъале верзийча, виркхело йинчу вирах адам хир дара. |
|
| 13 |
|
| Хьан дог чӀогӀа Далла тӀетевжаш хила деза, Цуьнга дӀакховдо деза ахьа хьайн ши куьг а. |
|
| 14 |
|
| Хьайн куьйгашна тӀе вониг латийнехь, хьайгара генна дӀакхосса деза ахьа, ткъа хьайн четар чохь зулам а ма Ӏайта. |
|
| 15 |
|
| ТӀаккха хьанна а нийса бӀаьргаш чу хьажалур ву хьо, цхьаннах а ийза ца луш лелар ву хьо, цхьаннах а кхоьрур а вац хьо. |
|
| 16 |
|
| ТӀаккха хьайн гӀайгӀа билггал бицбийр бу ахьа, дӀадахана хи санна бен, иза дага ца лоцуш. |
|
| 17 |
|
| Хьан дахар делкъенан малхал къегар дара, боданах Ӏуьйренан серло хир яра. |
|
| 18 |
|
| Хьайн сатуьйсийла йолу дела, хьо маьрша хир вара. Дала лар а веш, хьо кхерамбоцуш наб кхеташ хир вара. |
|
| 19 |
|
| Цхьаммо а кхера а ца веш, хьо дӀавуьжур вара, дукхахберш хьуна хьалха хьесталуш а хир бара. |
|
| 20 |
|
| Ӏесачеран бӀаьргашна са кӀезиг гур ду, шаьш кӀелхьарбовла церан йиш хир яц. ТӀаьххьара а, садалар бен, церан сатуьйсийла хир яц». |
|
|
|
|