|
| 1 |
|
| ТӀаккха Аюба, жоп а луш, элира: |
|
| 2 |
|
| «Ма бакъ ду иза! Шу нехан бага ю теша? Шуьца цхьаьна хьекъалалла лийр ма ду! |
|
| 3 |
|
| Ткъа сан а ма ду хьекъал, шун санна. Ткъа со а ма вац шул оьшуш — иза хьанна ца хаьа? |
|
| 4 |
|
| Деле кхойкхуш, Цо жоп луш хилла волчу, сох белам хилла сан доттагӀашна. Нийса а, кхачаме а волчу сох кхардам хилла. |
|
| 5 |
|
| Синтем болчунна моьтту бохамах кхарда веза. Ког тасабелларг чутоттуш ву. |
|
| 6 |
|
| ПаргӀат ду талорхойн хӀусамашкахь, Дела оьгӀазвохуьйтурш а синтеме Ӏаш бу, цара Дела шайн карахь лелош волуш санна. |
|
| 7 |
|
| ТӀаккха хатта акхарошка — цара хьоьхур ду хьуна, стигаларчу олхазарша дуьйцур ду хьуна. |
|
| 8 |
|
| Лаьттаца къамел де — цо хьоьхур ду хьуна, хӀорда чуьрачу чӀерашка а дийцийта хьайга. |
|
| 9 |
|
| Царах массарах а хьанна ца хаьа, Везачу Элан куьйго и дерриг а дина дуйла? |
|
| 10 |
|
| Цуьнан карахь ду хьуна массо а дийначу хӀуманийн синош а, иштта массо а адамийн синош а. |
|
| 11 |
|
| Маттана юучун чам хааре терра, лергана а ца девза ткъа дешнаш |
|
| 12 |
|
| Къеначаьргахь хьекъалалла карор ду хьуна, дукха ваьхнарг кхетам болуш ма хуьлу. |
|
| 13 |
|
| Делехь ду хьекъалалла а, ницкъ а, иштта Цуьнгахь бу хьехам а, кхетам а. |
|
| 14 |
|
| Цо дохийнарг юхаметтахӀотталур дац, Цо чувоьллинарг паргӀатвер вац. |
|
| 15 |
|
| Цо догӀа сацадахь, массо а хӀума якъалур ю, Цо хиш схьахецахь, цара дерриг а латта хӀаллакдо. |
|
| 16 |
|
| Цуьнгахь ницкъ а бу, говзалла а ю, Цуьнан карахь ву Ӏехориг а, Ӏехийнарг а. |
|
| 17 |
|
| Хьехамчаш Цо хьекъалх эшабо, кхелахойх Цо сонтанаш а хуьлуьйту. |
|
| 18 |
|
| Паччахьашна тӀера хаза духарш дӀа а дохий, лейн бедарш царна тӀеюхуьйту Цо. |
|
| 19 |
|
| Динан дай Цо даржах эшабо, чӀагӀбина куьйгалхой херцабо, уьш тоххара дуьйна белахь а. |
|
| 20 |
|
| Тешамечу хьехамчийн къамелаш а сацадо, къеначеран къасторан хьуьнар а эшадо. |
|
| 21 |
|
| Сийлаллехь болчеран сий а дойу Цо, ницкъ болчаьргара ницкъ а дӀабоккху. |
|
| 22 |
|
| Боданехь хьулдинарг а Цо гучудоккху, Цо Ӏожаллин бода а серлонга боккху. |
|
| 23 |
|
| Цо халкъаш доьбуьйту, уьш хӀаллак а до. Къаьмнаш нуьцкъала а до, юха уьш дӀа а дуьгу. |
|
| 24 |
|
| Дуьненан мехкийн куьйгалхошкара хьекъал дӀа а оьций, уьш некъаш доцучу аренгахула буьйлабелла лоьлуьйту Цо. |
|
| 25 |
|
| Куьйган уьшаршца боданехь лела уьш, бехна нах санна, уьш тоьхкуьйту Цо». |
|
|
|
|