|
| 1 |
|
| Аюба элира: «И дерриг а сан бӀаьргашна гина ду, суна иза хезна ду, со цу хӀуманах кхета. |
|
| 2 |
|
| Шуна хууш дерг суна а хаьа. Со а ма вац шул оьшуш. |
|
| 3 |
|
| Амма Нуьцкъалчуьнга вистхила лаьа суна, Далла хьалха сайн гӀуллакх лардан лаьа! |
|
| 4 |
|
| Ткъа аша сан чевнашна харцонца лоьралла до, шу дерриш а — пайда боцу лоьраш ду. |
|
| 5 |
|
| ЭхӀ, кхин дист а ца хуьлуш, шу дӀасевцича, иза, шун хьекъалалла ду аьлла, туьдур дара. |
|
| 6 |
|
| ЛадогӀийша гӀуллакх лардан ас бохучуьнга, сайн багахула ас туьдучун тидам бейша. |
|
| 7 |
|
| Делан дуьхьа зуламе дерг бохур ду те аша? Цунна гӀоьнна мекарниг дуьйцур ду те аша? |
|
| 8 |
|
| Цуьнга озабезам бан лаьий шуна? Делан гӀуллакх лардан гӀерта шу? |
|
| 9 |
|
| Нагахь Цо шу зийча, дика хир дуй? Я Иза, адам санна, левийр ву аша? |
|
| 10 |
|
| Цо луьра таӀзар дийр ду шуна, аша къайлаха озабезам лелабахь. |
|
| 11 |
|
| Цуьнан возалло шу кхера ца до те? Цунна хьалха шуна тӀе кхерам ца буссу те? |
|
| 12 |
|
| Аш далийна кицанаш, овкъарш санна, эрна ду. Шаьш лардан боху дешнаш поппаран турсаш санна ду. |
|
| 13 |
|
| ДӀа а совций, со вистхилийта, тӀаккха кхунах луъург хилахьара. |
|
| 14 |
|
| Сайн дахар кхерамечу хьоле ас хӀунда хӀоттор дара? Сайн са ас куьйга тӀе хӀунда дуьллур дара? |
|
| 15 |
|
| Цо со билггал вийна дӀавоккхур ву, со сатуьйсийла йоцуш ву. Сайн лелар Цунна хьалха билггал лардийр ду аса. |
|
| 16 |
|
| Цу тӀехь хир ду сан кӀелхьарвалар, хӀунда аьлча Делах тешаш воцург Цунна хьалхахӀотта ваьхьар вац. |
|
| 17 |
|
| Дикка ладогӀийша аса бохучуьнга, сан кхеторан дешнийн тидам бейша. |
|
| 18 |
|
| Аса сайн гӀуллакх кхетачу къепехь кечдина. Суна хаьа, со бакъвина хир вуйла. |
|
| 19 |
|
| Мила ву соьца къовса йиш йолуш верг? Со дӀатуьйр а вара, вала реза а вара. |
|
| 20 |
|
| Ши хӀума ма дахьара Ахьа суна тӀехь, тӀаккха со лелар вацара Хьох къайлавуьйлуш: |
|
| 21 |
|
| суна тӀера Хьайн куьг а дӀадаккхахьара Ахьа, Хьайн къематаца со кхера а ма вахьара Ахьа. |
|
| 22 |
|
| ТӀаккха дӀакхайкха соьга, ас жоп лур ду Хьуна, я ас къамел дийр ду, ткъа Хьо суна жоп луш хир ву. |
|
| 23 |
|
| Мел ду сан къа а, сан зулам а? Сан аьрхалла а, зулам а гайтахьа суна! |
|
| 24 |
|
| ХӀунда лечкъайо Ахь сох Хьайн юьхь, хӀунда лору Ахь со Хьайн мостагӀа? |
|
| 25 |
|
| ДӀасалела гӀа санна волу со кхераво те Ахь? Декъа ча санна волчу суна тӀаьхьалела те Хьо? |
|
| 26 |
|
| Къаьхьа кхел ю Ахьа суна йинарг, жималлехь соьгара даьллачунна суна доькхуш. |
|
| 27 |
|
| Ахьа сан когашна буржалш тоьхна, ас мел боккхучу коге леррина хьоьжу, ас юьту лараш тергалйо Ахьа. |
|
| 28 |
|
| Иштта со, мурйоьлла дечиг санна а, нецаша йоу бедар санна а, телхаш ву». |
|
|
|
|