|
| 1 |
|
| Теманхо волчу Элипаза жоп делира Аюбана: |
|
| 2 |
|
| «Хьекъал долчо эрначу хабаршца жоп лур дара те? Мохан даьссачух хьо санна волчо шен кийра бузур бара те? |
|
| 3 |
|
| Пайдабоцучу дешнашца цо ша бехказавоккхур вара те? Цхьанна а мехала ца хуьлучу къамелашца иза къийсалур вара те? |
|
| 4 |
|
| Амма ахь ур-атталла нехан суьпалла жим а йо, адамо Деле доӀа дарна ахь дуьхьало а йо. |
|
| 5 |
|
| Хьо къилахь хиларо Ӏамайо хьан бага. Хьайн лаамца хӀилланчийн мотт буьйцу ахь. |
|
| 6 |
|
| Со вац хьуна кхел йийриг, хьан бага ю, хьан матто хьуна дуьхьал тоьшалла до. |
|
| 7 |
|
| Адамашна юкъахь хьо дуьххьара кхоьллина ву моьтту хьуна, я лаьмнел а хьалха хьо вина ву моьтту хьуна? |
|
| 8 |
|
| Стигаларчу гуламехь Делан ойланашка ладуьйгӀирий те ахь? Я дерриг а хьекъалалла хьуна кхаьчна те? |
|
| 9 |
|
| Тхуна ца хуург хӀун ду хьуна хууш? Тхо ца кхеттачух стенах кхетта хьо? |
|
| 10 |
|
| Тхуна юкъахь къежбелла баккхийнаш бу, ткъа уьш хьан дел а баккхий бу. |
|
| 11 |
|
| Ца тоьу те хьуна Делера долу синхьаамаш, хьайца кӀеда деш долчу къамелах тоам ца бо те ахьа? |
|
| 12 |
|
| Стенна даьлла те хьан дог цу тайпана карзах? Стенна бу те хьан бӀаьргаш, ткъес санна, къегаш? |
|
| 13 |
|
| Хьайн са Далла дуьхьал хӀунда доккху те ахьа, хӀунда дуьйлуьйту ахьа хьайн багара и тайпа къамелаш? |
|
| 14 |
|
| Адам хӀун ду, Далла хьалха ша цӀена хилалур ду мотта? Зудчо винарг мила ву, Далла хьалха ша бакъ хилалур ву мотта? |
|
| 15 |
|
| Дела Шен дезачу маликех а ца теша, Цунна хьалха стигалш а цӀена яц. |
|
| 16 |
|
| Ткъа дегаза а, телхина а долу адам мила ду, хи молуш санна, вонаш деш лелаш долу? |
|
| 17 |
|
| Соьга ладогӀа, тӀаккха ас иза туьдур ду. Сайна гинчух лаьцна ас хьоьга дуьйцур ду. |
|
| 18 |
|
| Хьекъалалла долчара дийцинчух а, цара шайн дайшкара хезнарг, хьул а ца деш, дийцинчух лаьцна а хаам бийр бу аса хьоьга. |
|
| 19 |
|
| Вайн дайшна бен дӀаделла ца хилла латта, хийра нах царна юкъахь лелаш а ца хилла, цундела дайшкара дерг цӀена а, нийса а ду. |
|
| 20 |
|
| Ша мел вехачу деношкахь Ӏесаниг баланехь хьийза. Къизачу стагана билгалдаьхна шераш дагардина ду. |
|
| 21 |
|
| Къематечу маьхьарийн аз хуьлу цуьнан лерехь хезаш. Машар лаьттачу хенахь талорхой цунна тӀелета. |
|
| 22 |
|
| Боданах кӀелхьарваларе цо са ца туьйсу, даим а шена хьалха цунна гуш дерг тур ду. |
|
| 23 |
|
| Иза дӀасаоьхуш лела, ломъаьрзуна кхача а хуьлий, цунна хууш ду боданан де тӀекхаьчнийла. |
|
| 24 |
|
| Саготтоно а, синӀаткъамо а иза Ӏадийна латтаво, тӀамца вогӀу паччахь санна, тӀегӀерта уьш цунна. |
|
| 25 |
|
| И шадерг а цо Далла дуьхьал куьг айина хилар бахьана долуш ду, Нуьцкъалчунна дуьхьал иза валар бахьана долуш ду. |
|
| 26 |
|
| Курра дуьхьалволура иза Цунна, ша ларвархьама деза турс а даьккхина, |
|
| 27 |
|
| иза шех тоам бина волу дела а, дозаллина севсина волу дела а. |
|
| 28 |
|
| Иза йохийначу гӀаланашкахь вехаш ву, адамаш чохь даха ца дезачу, охьаэга кийча долчу цӀенош чохь. |
|
| 29 |
|
| Иза дукха ханна хьал долуш хир вац, цуьнан бахам а буьсур бац, лаьтта тӀехь цуьнан долахь дерг алсамдер дац. |
|
| 30 |
|
| Иза боданах кӀелхьарвалалур вац. ЦӀеран алуно патарш дакъош долу дитт санна, хир ву иза, ткъа Делан Ӏаьнаро иза дӀавоккхур ву. |
|
| 31 |
|
| Эрна долчух тешна Ӏаш ма хуьлийла иза, цунах ша Ӏеха ма войла цо, хӀунда аьлча эрналла цуьнан ял хир ю. |
|
| 32 |
|
| Шен дахар чаккхенга дерзале, иза дакъаделла, цкъа а сенделла дӀагӀур доцу га санна, хир ву. |
|
| 33 |
|
| Хилаза йолу кемсаш охьаоьгу кемсийн таьлланг санна, хир ву иза, я шен заза дожош долу зайт-дитт санна, хир ву. |
|
| 34 |
|
| Ӏесачийн тобанарчун тӀаьхье хир яц, ткъа кхаьънех доьгӀна цӀенош цӀаро дагор ду. |
|
| 35 |
|
| Шайн даг чохь вониг а кхуллу, цара зулам дӀа а хӀоттадо. Ӏесачеран кийрано мекарло йоккху». |
|
|
|
|