|
| 1 |
|
| Аюба цунна дуьхьал жоп делира: |
|
| 2 |
|
| «И саннарг суна дуккха а хезна, шун догъэцаро вон бен ца дахьа. |
|
| 3 |
|
| Хир юй те пайда боцучу къамелийн чаккхе? Иштта хабар деш хьо иракарахӀоттош дерг хӀун ду? |
|
| 4 |
|
| Аса а дуьйцур дара хӀинца аша санна, шу сан метта хилча, соьга а далур дара хаза къамелаш, кхардарца шуна дуьхьал корта а лестош. |
|
| 5 |
|
| Аса а сайн маттаца шу чӀагӀдийр дара, сан багахула даьллачо шуна синтем а бийр бара. |
|
| 6 |
|
| Со вистхилча а, сан бала дӀа ца болу, вист а ца хуьлуш со Ӏийча а, иза лах ца ло. |
|
| 7 |
|
| Дала сан тӀаьххьара гӀора дӀадаьккхина. Сан берриг а доьзал Цо бохийна-кх. |
|
| 8 |
|
| Цо со схьа-ма-лаьцна, ткъа иза суна дуьхьал тоьшалла ду. Сан гӀора дайна хилар суна дуьхьалдаьлла, сох бехкаш а дохуш. |
|
| 9 |
|
| Делан оьгӀазлоно со цоьсту, Шен цергаш суна хьекха а еш, Цо соьца мостагӀалла леладо. Сан МостагӀчо Шен ира хьажар суна тӀедерзадо. |
|
| 10 |
|
| Адамаша шайн баганаш суна дуьхьал гӀаттийна, дов дарца сан беснеш тӀе етта цара, уьш массо а суна дуьхьалбовлу. |
|
| 11 |
|
| Дала со вочу адамийн кара дӀавелла, Ӏесачеран буьйна со дӀа а кхоьссина. |
|
| 12 |
|
| Со синтеме Ӏаш вара, амма со кагвира Цо. Вортанна тӀера схьа а лаьцна, со войра Цо. Со Шен гӀакх санна вина дӀахӀоттийра Цо. |
|
| 13 |
|
| Цуьнан пхерчий массо а маьӀӀера схьадетталуш ду, Цо сан жаннех къа ца хеташ Ӏуьтту, сан стим а лаьтта тӀе охьаӀанийна. |
|
| 14 |
|
| Со пен болуш санна, юх-юха со вохош ву Иза. ТӀемало санна, суна тӀеуьду Иза. |
|
| 15 |
|
| Аса сайн чкъурана сингаттаман бедарш а тегна, гӀора а дайна, дог доьхна чена юккъе охьа а хиъна. |
|
| 16 |
|
| Велхарна сан юьхь цӀийелла, сан бӀаьргаш тӀехь Ӏожаллин ӀиндагӀ ду. |
|
| 17 |
|
| Иза иштта делахь а, сан куьйгаша цхьанна а ницкъ ца бина, сан доӀа цӀена ду. |
|
| 18 |
|
| Латта! Ма даккхахьа сан цӀий къайла! Ас хьоькху мохь къайлаха дӀахьулбина ма хуьлийла! |
|
| 19 |
|
| Делахь а, стигалахь сан Теш ву, лакхахь ву суна ТӀехӀуттуш верг а! |
|
| 20 |
|
| Сан юкъалеларг суна доттагӀа хилла дӀахӀоьттина, Деле а хьоьжуш, ас бӀаьрхиш Ӏенадечу хенахь. |
|
| 21 |
|
| Стеган дуьхьа цо Деле доьху, адамо шен доттагӀчун дуьхьа ма-деххара. |
|
| 22 |
|
| Сан дахаран шераш чекхдовлуш ду, юха ца воьрзучу новкъа волуш ву со». |
|
|
|
|