Делан Йозанаш 2012
|
| 1 |
| Аюба кхидӀа а элира: [1] «Сан дог доьхна лаьтта, чекхдовлуш ду сан денош, со кошан йистехь лаьтташ ву. |
| 2 |
| Сох кхаьрдаш берш суна гонах лаьтта, сан бӀаьргаш церан мостагӀалла ган дезаш бу. |
| 3 |
| Дала дезарг дӀалохьа, Дела, со дӀахецархьама! Кхин мила хир ву сох дош дала лууш верг? |
| 4 |
| Церан дегнаш Ахь кхетамах даьхна, цундела Ахь цаьрга толам боккхуьйтур бац. |
| 5 |
| Са яккхархьама стага шен доттагӀий емалбахь, оцу адаман берийн бӀаьргаш кхулур ду. |
| 6 |
| Сох нахе кицанаш даладойтург вина Цо, юьхь тӀе шеташ етташ волу стаг ву со. |
| 7 |
| Сан бӀаьргаш балано талхийна, сан дегӀ ӀиндагӀ санна ду. |
| 8 |
| Бакъахьа леларш оцунах эргӀадбуьйлу, бехк боцурш Ӏесачунна карзахбуьйлу. |
| 9 |
| Делан лаамехь верг шен новкъа тӀера вер вац, ткъа куьйгаш цӀена дерш чӀагӀлуш дӀахӀуьттур бу. |
| 10 |
| Ткъа шу — кхин а цкъа схьа а дуьйла, дист а хила! Шуна юкъахь хьекъалалла дерг карор вац суна. |
| 11 |
| Сан денош чекхдевлла, ас йина ойланаш йоьхна, сан деган сатуьйсийла дӀаяьлла. |
| 12 |
| Цу наха буьйсанах де ду олу, суна хьалха бода лаьтташехь, серло тӀекхочуш ю олу. |
| 13 |
| Ас сатуьйсуш долу цӀа эхарт бен ца хилча, цигахь болчу боданехь сайна мотт ас биллича, |
| 14 |
| бух боцучу Ӏинах, сан да аьлла, цӀе яьккхича, кошан нӀаьнех сан нана я йиша ас аьлча, |
| 15 |
| тӀаккха мичахь ю сан сатуьйсийла? Сан догдохийла хьанна гур ду тӀаккха? |
| 16 |
| Соьца кхочур юй те иза эхартан кевне, соьца цхьаьна Ӏожаллин чене юьжур юй те?» |
| Сохранить Заметки |
https://beblia.bible:81/BibleAudio/chechen/job/017.mp3
42
17