|
| 1 |
|
| Иштта жоп делира шуахьахо волчу Билдада: |
|
| 2 |
|
| «Маца совцур ду те шу и къамелаш дечуьра? Ойла ейша, тӀаккха дийр ду вай къамел. |
|
| 3 |
|
| ХӀунда лору тхо бежанаш санна? Шун бӀаьргашна хьалха тхо кхетам боцуш ду хӀунда моьтту? |
|
| 4 |
|
| Хьо оьгӀазвахханчохь хьайн са доу ахьа. Хьо бахьана долуш дуьне дассо деза ткъа, я тарх шен меттера дӀахилийта еза ткъа? |
|
| 5 |
|
| Ӏесачун серло а кхулур ю, цуьнан цӀеран алу а лепар яц. |
|
| 6 |
|
| Цуьнан четар чохь серлонах бода хир бу, цунна тӀехула болу къуьда дӀабовр бу. |
|
| 7 |
|
| Цуьнан чӀогӀа болар а лахлур ду, шен ойланаша иза вужуьйтур ву. |
|
| 8 |
|
| Цуьнан когаша иза бойнна тӀе вуьгуш ву, бойнан машшаш тӀехула иза воьдуш ву. |
|
| 9 |
|
| Цуьнан кӀажа гуро дӀалоцуш бу, кӀелоно иза схьахоьцуш а вац. |
|
| 10 |
|
| Къайлаха речӀанаш цунна лаьттахь йоьгӀна ю, цуьнан некъаш тӀе доьгӀна гураш а ду. |
|
| 11 |
|
| Массо а агӀор цунна тӀегӀерташ кхерамаш бу, иза цхьана меттера вукху метте вуьйлуьйтуш. |
|
| 12 |
|
| Мацалло цуьнан ницкъ дӀакхоллу. Бохам цунна уллохь кийчча лаьтта. |
|
| 13 |
|
| Цамгаро цуьнан чкъор дӀакхоллуш ду, къизачу Ӏожалло дегӀан меженаш юуш ю. |
|
| 14 |
|
| Шен хӀусаман паргӀатонера схьа а ваьккхина, къематийн паччахь волчу вуьгур ву иза. |
|
| 15 |
|
| Цуьнан метта четар чохь кхин стаг Ӏийр ву, цуьнан хӀусамна тӀе тесна саьмгал хир ду. |
|
| 16 |
|
| Лахара цуьнан орамаш а дакъалур ду, лакха тӀера цуьнан гаьннаш а маргӀалдулур ду. |
|
| 17 |
|
| Дуьнен чохь иза дагавойтуш мел долу хӀума йойур ю, урамашкахь цуьнан цӀе кхин яьккхина хир яц. |
|
| 18 |
|
| Серлонгара бодане иза дӀалоллур ву, кху дуьнен чуьра иза дӀавоккхур ву. |
|
| 19 |
|
| Шен халкъана юкъахь бераш я кхин йолу тӀаьхье хир яц цуьнан, иза Ӏийначу меттехь цхьа а дийна вуьсур вац. |
|
| 20 |
|
| Малхбузера берш цуьнан кхолламах инзарбевр бу, малхбалера берш цунна хиллачух Ӏадийна лаьттар бу. |
|
| 21 |
|
| Баккъалла а, иштта хир ю вочун хӀусам, Дела къобал ца винчун цӀа иштта хир ду». |
|
|
|
|