|
| 1 |
|
| ТӀаккха Аюба жоп делира: |
|
| 2 |
|
| «Мел хьийзор ву аша со, шайн дешнашца со хьоьшуш? |
|
| 3 |
|
| Хьалха а уьттазза юьхь яьхна аша сан, шаьш са готта хьовзорах оза а ца луш. |
|
| 4 |
|
| Нагахь ас къа латийнехь а, сан гӀалат соьца дуьсур ду. |
|
| 5 |
|
| Нагахь санна со сийсазвина хилар суна тӀех а детташ, суна хьалха шу лакхадовла гӀертахь, |
|
| 6 |
|
| хаалаш: со охьатаӀийнарг Дела ву шуна, Шен гураш суна гонах дӀа а хӀиттийна. |
|
| 7 |
|
| Ас мохь бетта: „Со вуьйш ву!“ — бохуш, амма суна жоп луш цхьа а вац, ас орца доху, амма суна нийсо ца йо. |
|
| 8 |
|
| Суна хьалхара некъ Цо дӀалаьцна, цундела со дӀа ца вахало, сан некъаш тӀе Цо бода хӀоттийна. |
|
| 9 |
|
| Соьга хилла болу ларам Цо дӀабаьккхина, сан коьртара таж а дӀадаьккхина. |
|
| 10 |
|
| Массо а агӀонгара тӀеетта Цо суна, со леш ву! Сан сатуьйсийла дӀаяьккхина, орамашца схьадаьккхина дитт санна. |
|
| 11 |
|
| Иза суна дуьхьал оьгӀазаллех вуьзна ву, Цо со Шен мостагӀа санна лору. |
|
| 12 |
|
| Цуьнан ардангаш суна тӀегӀерта, шайна некъ а боккхуш, цара сан четарна го бина. |
|
| 13 |
|
| Сан гергарнаш суна уллора Цо дӀабаьхна, со вевзарш а сох къехка. |
|
| 14 |
|
| Сан тайпанах берш суна уллора дӀабевлла, со вевзаш хиллачара со вицвина. |
|
| 15 |
|
| Хьешашна а, ялхошна а со хийра хета, царна гергахь со хийра стаг ву. |
|
| 16 |
|
| Сайн ялхочуьнга кхойкху со, амма цо суна жоп ца ло, цуьнга дехарш дан дезаш хуьлу со. |
|
| 17 |
|
| Сан зуда сан Ӏаьнах къехка, сан берашна а со боьха хета. |
|
| 18 |
|
| Божаберашна а со сийсаза хета, со шайна гучуволлушехь, сох кхарда буьйлало. |
|
| 19 |
|
| Сан доттагӀашна а со боьха хета, суна безнарш а суна дуьхьалбевлла. |
|
| 20 |
|
| Сох, чкъор а, даьӀахкаш а бен, хӀумма а ца дисина, валлал бен суна чохь са а дац. |
|
| 21 |
|
| Къинхетам бейша! Къинхетам бейша сох, сан доттагӀий, сох хьакхаделларг Делан куьг ду! |
|
| 22 |
|
| ХӀунда лела шу суна тӀаьхьадевлла, Дела ма-леллара? ХӀунда лела шу суна кхин а мотт бетташ? |
|
| 23 |
|
| Сан дешнаш дӀаяздина делахьара! Уьш тептар тӀехь дӀаяздина делахьара! |
|
| 24 |
|
| Аьчка къоламца дошана тӀехула я массо а ханна тӀулга тӀехь уьш хьаькхна делахьара! |
|
| 25 |
|
| Суна хууш ду со Бехказавоккхург дийна вуйла а, Иза тӀаьххьара а лаьтта тӀехь дӀахӀуттур вуйла а. |
|
| 26 |
|
| Цамгарша сан чкъор дӀакхаьллинехь а, сайн дилхана юкъара суна Дела гур ву. |
|
| 27 |
|
| Суна сайна гур ву Иза. Сан бӀаьргашна гур ву, тӀаккха Иза суна хийра хир вац. Со хьаьгна ву иза хилийта! |
|
| 28 |
|
| Аша иштта аьллехь: „Цунна тӀаьхьа муха довла деза вай, баланийн бахьанаш цунна чохь карош хилча?“, |
|
| 29 |
|
| кхералаш туьрах, хӀунда аьлча дералло туьре бекхам бойту. ТӀаккха хуур ду шуна кхел юйла». |
|
|
|
|